ТIекхочийла долу линкаш

ТIеман хиламийн къоьлла йоцуш болабелла махкахь кху аьхкенан тIаьххьара бутт. Чоьхьарчу гIуллакхийн министаралло Iорадаккхарца шен долахь машенахь герз эцна воьдуш полисхоша 27 шо долу жима стаг лаьцна ТIехьа-Маратанан кIоштехь.

Ларамаза зераш дан сацийначу 6-гIа модель Жигули чохь гучудаьлла кхераме герз:граната а,патармаш а,маса тоьпан ши яхк а.Цо и герз мича,хьанна хьуш хилла,цуьнан Iалашо хIун хилла хаа зераш долийна талламхоша.

Полисхойн урхаллин хьостано даре а деш масех де ду ШуьйтIан кIоштан лаьмнашкахь гIаттамхой лохуш тIеман операци дIахьуш йолу.Цу юкъаозийна бу масех ницкъаллин структурийн декъашхой.Лаьмнашкахь и талламаш болийна кху марс хьокхучу беттан 3-чу дийнахь Хьорсана эвлана 5-6 чакхарма гергахь тIемало вийначул тIаьхьа.

Официалан билгалдаккхарца вийнарг дийна схьалаца гIоьртина а хилла Iедалан герзахой.амма цо маса топ етташ дера дуьхьало ян йолийча,низамхошлахь дараш ца хилийта иза дIаваккха дезна боху полисхой урхаллехь.И дIахьедар мел бух болуш ду хууш дац.Бакъду ницкъаллин структурийн буьйрагчаша шеконе дуьллу и тIемало ша цхьаъ хилла бохург.

Цундела дIахьуш лору цара лаьмнашкахь кхиберш лохуш зераш.Дуьхьало еш воьжначун хьокъехь хаме даьлларг цхьаъ ду-иза цIеран Курчалойн кIоштера хилар. Кхин цунах цIе хиъна а хууш хIумма а дац.

И хиламаш боцуш кху беттан хьалхарчу деношкахь тIеман агIонча сацийна Соьлжа-гIалин Старопромысал кIоштехь а.Низамхойн хьостано чIагIдарца 23 шо долчу жимачу стаган машенахь дехьа-сехьа воккхуш гIо дина бах,кхушеран бIаьстенан тIаьххьарчу баттахь полисхоша герзаца дуьхьало ян воллура аьлла, цигга Соьлжа-гIалахь вийначу Генердукаев ИбрахIим цIе йолчу тIемалочунна.

Цу хенахь а хьехийна ма-хиллара, лоьрийн институтехь тIех дика доьшуш хилла и жима стаг гIаттамхойн агIонча а волуш вийна бохург шеконца тIеоьцуш дара бахархоша. Мухха делахь а 3 бутт хьалха цуьнан аьтто бинера аьлла бехк а кховдийна лаьцна ву цIарца вуьйцуш воцу жим а стаг.

ТIемалойн а,церан агIончаш а лецарх къамел дерзош хьахо догIу гарехь генарчу Якутехь а мацах цкъа тIемалойн могIаршкахь лелла вайнехан векалш ,дохко а буьйлуш Iедална караоьхуш хилар.

Шовзткъе берхIитта шо долу ишта цхьа ваьлла Якутск гIалахь а. Цо мукIарло дина бах 18-19 шо хьалха, Нохчийчохь кхайкхийна олалла деш Ичкери йолуш пачхьалкхан кхерамазалла ларьечу департаментехь гIуллакх деш вара ша аьлла. Ала дашна и саннарш лоьцуш бу ур-аттал дозанал арахьа Европан пачхьалкхашкахь
XS
SM
MD
LG