ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийн исторехь бицлур боцу ГIуран-бутт


Нохчийчоь - Нохчийн тIемало, 1994

Нохчийчоь - Нохчийн тIемало, 1994

Истори ду баккъалла а догдала мегар долу дешаран тептар. Цигахь лелаш берш, я хьарам нах бу, я баккъалла а догцIена Iовдалш бу аьлла,19-чу бIешарахь ваьхначу вевзачу Францерчу яздархочо Гонкур Эдмона. ХIинца а кхоччуш теллина а, язйина а йоцучу вайнехан исторехь дуккха а хилла цу хьекъалчо бийцина нах. Нохчийн исторехь бицлур боцучу ГIуран-баттахь хилла цхьаболу хиламаш карлабохур бу вай.

Цу стагаца боьзна баккхийн сатийсамаш хилла нохчийн. Цуьнан Iедал дIахIоттахь, паргIато йер ю къоманна аьлла, сатесна а хилла уьш. Цул совнаха шайга ма-эццало суверинитет схьаэца аьлла, кхайкхам бина хилла цу стага Оьрсийчохь дехачу жимчу къаьмнашка.

Амма оцу стага дIаболийна тIом 18 шо даьлча а кхоччуш бирзина бац Нохчийчохь. 18 шо хьлха ГIуран-беттан 11-чу дийнахь Ельцин Бориса омра до, Нохчийн Республикехь низам а, къепе а, юкъараллин кхерамазалла а дIахIотта е олий.

Оццу дийнахь, Нохчийчоьнан доза а хададой, чу дуьйлало Оьрсийчоьнан эскарш. Нохчийчохь дIаболало хьалхара тIом. И денош дагалуьйцуш, цхьа а стаг вацара Нохчийчохь тIом баккъалла а хир бу моьтташ бохуш, дуьйцу Коммерсант-газетан корреспонденто Мурадов Мусас.

Мурадов Муса: «ТIом хир бу бохучух дог ца тешара, къамелаш дахь а. Цул совнаха кеманаш бомбанаш а етташ, дохош цIенош корехула гуш доллушехь, хIетте а бакъ ца хетара хуьлуш дерг. Цхьана хенахь хиллачу тIаме хоьжуш хьо волуш санна хетара. Цунах ца тешарна, кхера а ца кхерара, вада а ца вадара, шолгIа тIом баьллачхенахь санна. Оццула инзаре хетара иза.

Мухха къийсамаш хиллехь а, Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а Iедалшна юкъахь, гIалахь бехаш нохчий боцурш а, дуккха а оьрсий а, эрмалой а, жуьгтий а болун дела, цара оццула, кеманаш чу а хаьхкина, цхьана мостагIийн пачхьалкхана санна тIееттар ю аьлча, бакъдерг дийцича, ца тешара. Гуш льтташ, етташ йоллушехь, бакъ ца хетара иза. Оццула инзаре дара иза, хьан бIаьргашна а гуш,гIаланаш отуш».

18 шо хьалха Соьлж-ГIалахь тIемаш доьлхуш оьрсийн эскарех тийсалучу нехан гимн а хилла дIахIоьттинера «маршо, я Iожалла» цIе йолу Хаджимурадов Хас-Мохьмада олуш долу хIара илли.

Цхьана нохчийн тIемалойн тобанан хьалханчо, шен машен тIе кедаш а хIиттийна, лоькхийтара иза гIалийн тIамо отучу урамашкахь.

Нохчийчохь хьалхара тIом болабалале 2004 шо хьалха Имама Мансура кехат яздо Османан Халифатан Султане ГIебартойн махка а, Дагетане а салттий а яккхийн тоьпаш а, хIоъ-молха а кхин болу а оьрсийн эскаршца тIом бан оьшуш болу тIеман гIирс баийтахьара олий.

Оццу шарахь ГIуран-баттахь инарла поручик Бибиков коьртехь волу 7 эзар 609 стагах лаьтташ долу эскар догIа Къилбаседа Кавказехь тIом беш волчу Мансурана дуьхьал тIом бан. Амма и эскар эша до Мансуран тIемалоша.

1839-чу шарахь ГIуран-баттахь инарла Пулло коьртехь волу эскар догIу Нохчийчу, цигахь оьрсийн урхалла дIахIотто. 1843-чу шарахь ГIуран-беттан 15-чу дийнахь Дагестанехь Йоккха Казанище олучу меттехь хиллачу тIеман тасадаларехь эшадо Имам Шемилан эскар.

1849-чу шарахь ГIуран-беттан 12-чу дийнахь паччахьан эскаран полковникан Слепцовн таллархойн тоба тIелета Цоцин-эвлана.

Кхин а ши шо даьлча ГIуран-беттан 10-чу дийнахь Рошни чу эвлана гена доццуш ярташ ягош вогIуш волу инара Слепцов воь нохчийн тIемалоша. Цуьнан цIарах оьрсийн Iедалша ГIалгIачурча Сунжан станица олучу эвлана Слепцов-гIала олий цIе туьлла.

1857-чу шарахь ГIуран-беттан I6-чу дийнахь инарло Евдокимовс рапорт дохуьйту Оьрсийн Империн тIеман министре, 16 шарахь кIийсам латийначул тIаьхьа берриг а Йоккхачу а, Аренаца а йолчу Нохчийчура бахархой караберзийна шаьш олий. Цу меттехь дитана дац шаьш цхьа а дийна цIе аьлла, яздина хуьлу цу рапорта тIехь.

1905-чу шарахь ГIуран-беттан 27-чу дийнахь Терк-кIоштIан инарла губренаторо Елюбакина, мах а боцуш, 10 эзар берданка олу топ а, миллион хиллал патарма а ло гIалгIазакхашна.

1906-чу шарахь ГIуран-беттан 17-18-чу а деношкахь паччахьан Iедалшна дуьхьал гIаттам айина олий, яккхийн тоьпаш етта эскарша Ведан кIоштарчу ярташна тIе.

ГIуран-баттахь 1917-чу шарахь Алдахь бехачу нохчашна а, Соьлж-гIалахь бехачу гIалгIазакхашна а юкъахь девнаш дерзо гIалгIазакхийн куьйгалхой дIатарбеллачу Кахановская олучу станице воьдуш воь шейх Арсанов Дени а, цуьнца хилла волу 35 стаг а. Бекхам беш, нохчаша, схьа а йоккхий, ягайо гIалгIазакхий бехаш йолу и эвла.

1944-чу шарахь ГIуран-беттан 29-чу дийнахь ломахь Бушни-Ошной олучу эвлахь чекисташа кечйинчу операцехь воь Нохчийчурча гIаттаман куьйгалхо Исраилов Хьасан. Тешнабехк а бой, цунна герз дета иза ламазанна хIоьттина а волуш.

1961-чу шарахь ГIуран-баттахь чекхдолу нохчий даймахка цIаберзар. Церан терахь хуьлу 356 эзар стаг. Нохчий цIаберзар муха хилира дашадоуьйтуш ву историк Абумуслимов Сайд-Хьасан.

Абумуслимов Сайд-Хьасан: «XX-гIа (коммунистийн) гулам хилале юртара юьрта даха йиш йоцуш хилла-кх вай. И низам дохийнарг, йоккха хан а тухий, чувуллуш хилла. 1955-чу шарахь и низам дIадаьккхина.

Амма цIа баха нехан бакъо ца хилла. ШолгIа делахь, вай «на вечное поселение» аьлла, цIера даьхна ма-хиллий. Цкъа дуьххьара, иза хаа деза вайна, Хрущев волу Iедал вай цIа дахийта Iалашо йолуш ца хилла. Иза хилла, Казахстанехь цхьа автономи а елла вайна, цигахь даиман а даха дита дагахь.

Цунах гIуллакх ца хиларан бахьана хIун ду? Шен лаамехь цIа эха доладелла адам. Дуьххьара цIа ца дахкийта а гIиртина (Iедалш). Делахь а, Сталина дина зуламаш дIакхайкхийначул тIаьхьа, хьалха санна ницкъаца, тоьпаш а етташ, совцо ницкъ ца хилла. Кхечу ницкъаца вай совцалуш а ца хилла.

Иштта, оцу вайн къомо, лахар дуьйна, ша яьккхина бакъо ю иза, ала мегар ду. Нагахь санна вай, гIазакхийн Iедало бохург а деш, цара вайх лаьцна цхьа сацам баллалц бохуш, Iийнехь, вай хIинца а Казахстанехь Iаш хир дара».

Махках баьхна нохчий шайн ярташка балор ондда хилам хилира казахашна а, гIиргIазошна а кхин долчу къамнашна. Цу хьокъехь таллам бина Аюбов Аслана.

Аюбов Аслан: «Ах миллион гергга адам цхьана меттера кхечу метта даккха, боьдуш тIом а болуш, атта болх бац мел йоккха а, ницкъ болчу а пачхьалкхана. Советан Iедало и операци чекхъяьккхира 3 кIирнахь. Амма дицдан оьшуш дац Советан Iедалан дуккха зеделарг хиллийла къаьмнаш цIийнах дахарехь.

Шайна тешаме хеташ доцу халкъаш болшевекаш дохо долийнера, цхьа эзар исс бIе ткъе-итталгIа шераш дIадолалуш. Уггар хьалха бохийра Белорусехь а, Украинехь а, Оьрсийн Федерацин Европан декъехь баьхна болу полякаш. 32-чу а, 36-чу шерашна юккъехь уьш дIахьовсийра Сибрех а, Юккъерчу Азе а. Юха рагI тIекхечира Генарчу Малхбалехь Iийначу корейцийн.

ШолгIа дуьненан тIом болалучу хенахь шайн цIийнах бохо болийра украинхой а, румынаш а. ТIом чекхбаьлча а, дIаэхийтира уьш дуккха а Казахстане.

Нацистийн Германица берта а вахана, Сталинс Балтин пачхьалкхаш схьаяьхча, эзарнашкахь Сибрех бахийта болийра латвийцаш, литовцш, эстонхой а. Эххар маьрша евллачу Латвехь а, Летувехь а, Эстонехь а хIинца а биц ца бо шайна болшевекийн Iедало бина болу ницкъ.

I94I шарахь, Гитлерс Советан пачхьалкхаца тIом болийча, къаьсттина марс елира халкъашна еш йолу депортацеш. Ийдал-хи йистехь Iийна болу немцой, ша берриш бохург санна, дIабахийтира Казахстане уггар хьалха. Юха лаххьийна цIийнах-цIарах дехийра Кавказехь а, ГIирмехь а Iийна долу Славянех доцу къаьмнаш: ГIезалой, ГIалмакхой, Кхарачой, Балкхарой, Месхетера Туркой, ГIалгIай, Нохчий а. Iаьржа ХIордан йистерчу кIошташкара - цул совнах - бохийра эрмалой а, болгараш а, грекаш а.

Шаьш керла схьаяьхна йолчу пачхьалкхашкара а арабахара Советан куьйгалло нах. Масала, цIен эскар Малхбалерчу Полше дIакхаьчча, бухахь баьхна хиллачу нахах лаххара диъ бIе эзар стаг а, зуда а, бер а даьккхира цIийнах. Иштта бахархойх дIацIанъйира Коьнигсберг а, цунна Калининград, аьлла, цIе а тиллина. ДIабахийтинчу нехан метта чубало болийра Орсийн юккъерчу кIошташкара нах.

ЦIера даьхна долу къамнаш дукхачу декъана охьаховшдора Сибрех а, Юкъерчу Азехь а. Советан Союзехь ламаст ма-хиллара, казахех а, гIиргIизойх а, узбекех а дагаволуш цхьа а вацара, тIебалош берш халкъан мостагIий бу алар доцург. Цундела цецвала ца оьшу, цхьайолчу меттигашкахь бухарниш тIебаьхкинчаьрца гома хилла хиларх. Амма, шаьш мел халадохкуш хиллехь а, гIо дан гIерташ берш а нислора царна юккъехь. Мамбеталиев Мунур ГIиргIизойн Мехкан Талас кIоштахь Iаш ву. КIоштан пенсионерийн кхеташон гIантда ву и. Цо дагалоьцу Нохчийн шаьш долче балор.

Мамбеталиев: «Со юккъерчу ишколан дешархо вара I944-чу шарахь. Шортта ло а долуш, вуно шийла Iа деанера оцу шарахь. ЦIера баьхна нохчий балийнера Ленин колхозе. Уьш схьабалабале, цигахь даьсса лаьтташ хила долу цIенош жимма цIандийра, чу кира а тухуш. ТIебалийнарш наггахь дIатарбора шаьш Iаш хилла болчу нехан хIусамашкахь. Иштта Iедало билгадаьккхинера. Царна гIайба-йийбарца гIо а дора».

Шаьш долчу тIебоссийна болу Нохчий чIогIа ледарчу хьолехь бара, бохуш, дуьйцу кхин дIа Мамбеталиев Мунурс.

Мамбеталиев: «Уьш чIогIа вочу хьелашкахь бара. Царгахь я юргIанаш дацара, я кад-Iайг бацара. Кхуза схьакхаьчча а, цамгарш хьийзош, царна юккъехь шортта баларш дар, къаьсттина берашна юккъехь. Кхузарчу наха, шайн ма-хуьллу, гIо дора царна. Цхьаболчара оза етт лора, вукхара газа лора, кхечара яахIума хьора царна. Иштта бIаьстенга бевллира уьш. Ткъа 5-6 шо даьлча, уьш дикка баха хевшира, шаьш чIогIа къахьега хууш къам хиларе терра».

Шайна мел яккхий халонаш дуьхьал Iиттаелча а, Нохчий а, ГIалгIай а тарбала гIертара шаьш дIакхаьчначохь, амма цхьайолчу меттигашкахь, тайп-тайпанчу бахьанашца, бухарчу нахаца дар-дацар а хилара наггахь. Иштта иккхинчу цхьана девнех лаьцна дуьйцу Казахстанерчу Iилманчас Абдаржуманов Хьайдара.

Абдаржуманов: «Ярташкахь тIебалийнаршший, бухахь Iаш болу наххий вовшашца дикка тарлуш Iара, амма гIаланашкахь проблемаш нислора. Чоьхьарчу ГIуллакхийн Министраллин рапорташ дешча, гучудолу, царна юккъехь цхьаболчара яахIума лачкъош хиллийла а, вукхара нехан хIусамаш чура хIума ядош хилла хилар а. Ткъа Малхбалерчу Казахстанехь йолчу Зыряновск-гIалахь I946-чу шарахь боккха буй-тIара хиллера, цхьана агIора нохчий-гIалгIай а болуш, ткъа вукха агIора царна дуьхьал бевлла меттигера белхалой а болуш».

Вайнах Юккъерчу Азехь шайн дахарш цхьана хорше дерзо гIерташ лаьтташехь, Советан Iедало церан цIахь йисинчу хIусамаш чу ховшош бара леррина чубалийна болу нах. Цхьаберш шайн лаамехь дIакхалхара Кавказе. Iедало царна цу тIехь гIо а дора. Амма ца лууш дIахьийсинарш а бара. Гаджиалиев Мохьмад хьехархо ву ДегIастанахь йолчу ИчIичIали-юртахь. Жима волуш, и Iийна хилла ерриг юрт дIакхалхийра Нохчийчу.

Гаджиалиев: «Тхан юртара кIоштан куьйгаллехь цхьа а вацара. Нохчийчу дIайохуьйту юрт къасто, кхаж теснера хьакамаша. Тхайна кхаж баьлча, тхан ерриг юрт дуьхьал яьллера цунна. ТIаккха НКВД-ра а, прокуратурера а нах баьхкинера, нахана кхерамаш тийса. Тхан цхьа юртхо къаьсттина чIогIа дуьхьал тийсалора, цига ваха ца лууш. ТIаккха НКВД-н хьакамо, тIе а вахана, нийсса бесни чу ирбина къолам Iоьттинера цунна. Иштта дIахьовсийра тхо Нохчийчу».

Сталинан Iедало депортаци йинчу къаьмнех цхьаьнна а, кхоччуш барамехь, метта ца хIоттийна хилла зе. Ур-аттала хIинца а шайн цIа дерза бакъо йоцуш къаьмнаш ду, Месхетера Туркой санна. Ткъа Нохчий, шайн цIахь Iе бакъо йолуш белахь а, кхин бала Iуьйшуш Iаш бу таханлерчу дийнахь.

Дуьненан цхьайолчу институташа билгалдоккху, Нохчашна Советан пачхьалкхо динарг доккха зулам хилла хилар. 2004-чу шарахь Европан парламенто, масала, I944 шарахь хилларг геноцид яра, аьлла, документ тIеэцнера, амма иза тIаьхье йоцуш дисира. Тахана я Нохчийн Iедал а дац, я Iедалх йоцу цхьа а вовшахтохаралла а яц Оьрсийн пачхьалкхе хиллачух жоп доьхуш».

Дешнаш: Бисултанов Апти.
Мукъам: Ампукаев Рамзан.

«ТIапа куйнаш дайрий шуна
го беш салтий байрий шуна
Эхартахь бен хир дац баьхна
Къематаде дайрий шуна?

Шийла цхьамза гIортор йолуш
цIийза дIаьндарг гIиллакх долуш
некъан баккхал суьлхьа долуш
къаной гулбеш байрий шуна?

Когадахар лайлахь долуш
меттан даар неIалт долуш
тоьпан биргIа зизам долуш
бераш гулдеш дайрий шуна?

Доруш тоьгуш марчо доцуш
доккхуш доькъуш сагIа доцуш
охкуш кечдеш лахьта доцуш
синош догуш дайрий шуна

Къа лерина маршо езар
пхьа лерина Дела везар
шира Нашха- нохчийн безам
цIергахь ягош яйрий шуна»?

1999-чу шарахь ГIуран-баттахь шолгIа тIом боьдуш штурм йо оьрсийн эскарша Соьлж-гIалана. ТIом болалуш Нохчийчохь хилла сурт иштта го журналистана Чабаев Лемина.

Чабаев Лема: «ТIом болор кечдеш геннара балистикан ракеташ туьйхира Сольж-ГIала. ТIеетта йолийра федералан ницкъаша республикан йистошкахь бехачу нахана а, дозанашца лаьттачу Ичкери-пачхьалкхан тIеман дакъошна а. ТIаккха чухахкаделира кеманаш а, танканаш а, яккхийн тоьпаш а.

"Хьалхарчу тIаме вахара со, амма, иза дIабирзича, суна хIумма а ца делла. ХIинца со Iехор вац президенто Масхадовс",-- бохуш идара махкара цIарна цIе яханарш. Царна тIаьха махках бевлира нах идийнарш а, курхаллаш лелош, махкана а бале а бевлла, хьийзинарш а.

ТIе еттачу бомбанех а, яккхийчу тоьпан хIоьанех а лан а леш, ГIалгIайчу а, Дагестане а, Гуьржийчу а дIахьедира, дерриг а аьлча санна, къам. Массо а махкара вада воьлча, Москох Iедална некъ белира, шек а доцуш, Соьлж-ГIала а, кIошташ а дIашаръян. Иштта белира Кремлна Нохчийчохь бац маьрша нах, беккъа цхьа тIемалой бен, баха некъ».

2002-чу шарахь ГIуран-беттан 27-чу дийнахь бекхам бан арабевллачу наха оьккхуьйту Соьлж-ГIалара республикан администрацин цIа. Воь 100 гергга стаг. Чевнаш йина хуьлу 200 сов стаг.

2004-чу шарахь ГIуран-беттан 29-чу дийнахь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира Оьрсийчоьнан Федерацин турпалхочуьнан цIе кхуллу Нохчийн Республикан хьалхарчу вице-премьерана Кадыров Рамзанна.

Иштта бара Нохчийн исторехь ГIуран-баттахь хилла болу цхьаболу бIаьрла хиламаш.
XS
SM
MD
LG