ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КΙайн дари коч ма йохалахь, ...Ιаьржа чухта ма тиллалахь


Мисар -- Барби-тайнаг ю бусулба духар а доьхна КъахIирерчу цхьана туькан корехь, Манг 2012
Мисар -- Барби-тайнаг ю бусулба духар а доьхна КъахIирерчу цхьана туькан корехь, Манг 2012

Оьрсийчоьнан низамо олалла а деш, цуьнан цхьа дакъа ларалуш далахь а, хьал ца хуучунна инзаре а хеталуш, шатайпа гIиллакх-ламасташ ду Нохчийчохь. Оьрсийчоьнан низамца а, дуьненан бакъонашца а бIоста а нислуш, муфтият хьалханча а йолуш, кхузахь дахаре дерзош лаьттачу керлачу юкъадалорийн хьокъехь хIумма а хууш доцуш санна, къора а, бIаьрзе а хилла юьстаха лаьтташ ду федералан Iедал а.


Шина а куьйга пIелгаш тоьур дац Оьрсийчохь дан а доцуш, кхузахь пайдаоьцуш долу «низамаш» дагардан воьлча. Iедалехь болчара бехкаме лоруш, детта зил-дозанаш бахьанехь кхераме ду кхузахь, кхо-виъ стаг цхьаьна, Iаламан тийналле ладугIуш, садаIа охьахаа а, кийра бассош, самалхадалийтархьаммаа маларх кхета а.

Хьалха а хьехийна ма-хиллара, Орьсийчоьнан низамо мел магош далахь а, иштта маьрша дац кхузахь, шен даго ма-хьоьхху тIеюху бедар лелор а, кIантана зуда ялор а, йоIана маре яхар а. И тайпа, кхечу кIошташкахь буьйцу а ца хезна, бехкамаш кхузахь дукха бу.

Муфтият хьалханча а йолуш, къаьсттина Iедалехь болчеран бала кхочург ду бахархойн бедарш. Гарехь, царна дика хуучух тера ду уьш муха бухабелла, мел къовлабелла хила беза. Цунна тоьшаллаш карош лаьтта, гIаланашкахь хьовха, кIошташкахь а.

Кху Товбеца-беттан 18-чу дийнахь, Iаьрбийн къоман хIотIехь дегI хьулдеш кечелла, ши йоI сацийна низамхоша Теркйист-кIоштарчу ЧIуьрга-юьртахь, дуккха а адамаш теш а долуш. Цхьаъ даьлча санна, дIа а йигина, полицин урхаллехьбарт-хаттам бина цу мехкаршка.

Гергарчара дийцарехь, царна бехке диллинарг цхьаъ хилла - бIаьргаш бен гуш хIума а доцуш, юьхь дIа а къевлина, хьулбелла лелар. Цу кепара тIеIаткъам беш, уггара жигара хьийзинарг, муфтиятан белхахо хилла бохуш, дуьйцу ши йоI мукъаяьккхинчул тIаьхьа гергарчара.

Кхеторхьама аьлча, зударшна а, мехкаршна а магош дац мара а, чIенг а къайла а йоккхуш, хьулбала. И хьенан лаам бу, мичара схьаду и омра дуьйцуш дац. Гергарчара дечу тоьшаллица, сихха шайн «кхетош-кхиоран» болх дIа а берзийна, низамхоша маьрша йитина сацийна ши йоI.

Кхузахь карладаккхархьама ала догIу, бIаьстенан юьххьехь, изза динан урхалла хIайттанча а йолуш, хьехархой а, дешархой а, лоьраш а, кхин болу а Iедалан балхахь болу зударий, дегI хьулдеш бедарш лелор декхарийла беш, Нохчийчохь цхьа мур баьхьна хилар, балхара дIабаха кхерамаш а туьссуш.

Хiнца, схьагарехь, бедаршца хьулбалар а хилла цхьа доза долуш. Вуьшта аьлча, зударийн а, мехкарийн а, бIаьргаш биссалц, яххьаш дIакъовла бакъо яц. Марош а, чIенгаш а гуш хила еза. Иштта кхетабо могIарерчу наха Iедалехь болчеран биллам-тIедахкарш.

Лакхахь ма-аллара, само ян езаш, кхерамца дозаделла ду кхузахь ур-аттал нускал далор а. Хууш ма-хиллара, Нохчийчохь лелаш чIагIдина низам ду. Дахар цхьаьна доза лаам хиллачу кегийчара хьалххехь шайца кхераме лазар цахилар гойтуш, лоьрашкара кехаташ даха деза. Уьш ца хилча, молланаша вовшийн кхачош, царна мах беш бац.

Кху кепара белам а, гIайгIа а цхьаьна ийна меттиг ниселла кху деношкахь цхьана юьртахь. Кхо бутт хьалха дуьйна дIа а хьахийна, цIеранаш реза а болуш, де билгал а даьккхина, зуда ялийна. Нускал схьадалочу дийнахь гучудаьлла, йоьIан цIерачара лоьрашкара и кехат даьккхина цахилар.

Тойнаш а хIиттийна, луьстуш хьеший а болуш, молла дуьхьала ваьлла ловзар тIаьхьататта деза, мах бан шен бакъо яц аьлла. «Хьайн бакъо яцахь ахь мах ма бе, иза кхана-лама бан а мегар ду, ткъайн нускал оха дIадерзор ду аьлла, замой чIагIбелча, молла кхин а карзахваьлла, ша кху сохьта муфтияте зIе а тоьхна,таIзар дойтур ду шуна аьлла.

Цара и дов дIа муха листина хаац, амма юьртахоша дуьйцу, холча хIиттина, масех сохьтехь, дIасаидар доцург, кхин эшам ца хуьлуш дIайирзира зуда ялийна меттиг бохуш. Дерзош аьлча, Нохчийчохь кIезиг бахьанаш дац, бахархошна кхерам тIебазбала. Цуьнан дозанаш а ду шуьйра - воьду-вогIу маьрша стаг лаьцна дIавигина чуволларна тIера, зудаялорна тIекхаччалц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG