ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемалошна ГIо Дина Ши Зуда ДIалаьцна Нохчийчохь


Нохчийчоь -- Бусулба духар доьхна долу нохчийн зудабераш ду Соьлж-гIалин юккъехь лаьтташ, 16Гезг2010
Нохчийчоь -- Бусулба духар доьхна долу нохчийн зудабераш ду Соьлж-гIалин юккъехь лаьтташ, 16Гезг2010

Официала кепара Iорабохучу хаамийн хьесап даро гойтуш ду кху Чиллан-баттахь Нохчийчохь тIемалойн агIончаш бу бохуш, зударий лецар алсамдалар.


Мел дакъа ду вайнехан зударий герз карахь гIаттамхоша ечу дуьхьалонан? Мел бу царалахь, дог а лозуш, тIемалойн аьтто бийраш? Мича барамехь бозабелла бу нохчийн зударий тIамах?

Цу а, кхечу а хеттаршна жоьпаш каро санна, кху карабеанчу Чиллан-баттахь хаа а луш алсам даьлла Нохчийчохь, ишта я вуьшта герзаца дуьхьало ечеран аьтто бина бохуш, зударий лецар.

Цунна тоьшалла до официалан кепехь Iорабохучу хаамаша. Полицин урхалло гIардаккхарца, кху деношкахь Веданан кIоштехь лаьцначу кхаанна юкъахь шиъ зуда ю. Цхьаъ МахкатIера ю, важа Соьлж-гIалара яхархо ю. Цхьаъ 27 шо долуш ю, вукхуьнан ду 33 шо.

Цаьрна бехке диллинарг ду 2006--2008 шерашкахь, юург-мерг а латтош, гIаттамхойн аьтто бар. ЦIаьрца буьйцуш боцучу зударийн хьокъехь кхин совдаьккхина хIумма а дац къадош.

Масала хIун бахьана долуш гIо деш хилла цара тIемалошна? МогIарера дог лазархой хилла уьш, я цхьа гергарло долуш лелаш хилла? Цаьрца цхьана лаьцна ву 31 шо долу Веданан кIоштан Элистанжера вахархо а.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министро Алханов Руслана Iорадаккхарца, кху деношкахь Соьлж-гIалахь сацийна, леррина Москохара дуьйна, масех эзар чакхарма некъ а бадийна, гIаттамхошна тIекхача а, цаьрца уьйр таса а дагахь еана Дарья цIе йолу 20 шо долу оьрсийн йоI а.

Министаро чIагIдарехь, цуьнан Iалашо хилла тIеман говзалла кара а ерзийна, Москох ша а леш, эккхийтар дан. Цунна хьехамаш бинарг а, Iехийна-тилийна иза харц, зуламечу новкъа яьккхинарг а шайна мила ю хиина бах чоьхьарчу гIуллакхийн министро. Цо дийцарехь, гальяьлла Нохчийчу кхаьчна оьрсийн йоI Москох низамхошка дIаелла.

Цхьаболчу бозуш боцчу тергамхоша билгалдаккхарца, меттигерчу Iедална хIетал-метал хиллачех цхьаъ ду, мел дакъа лоцу вайнехан зударша итт шарал сов бах а белла, махкахь сийсаш лаьттачу кху шолгIачу тIамехь, боху хаттар. Цаьрна хетарехь, нохчийн зударша тIемалойн агIончийн кхераме дукъ тIелацаран коьрта бахьана хила тарлуш ду гергарлонаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG