ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн берех хилларг ца хууш беха бIаьннаш Нохчийчура наной


Нохчийчоь -- Шайн бала оьций, лар а йоцуш байначеран гергарнаш гулло сих-сиха Соьлж-ГIалахь, 2012
Нохчийчоь -- Шайн бала оьций, лар а йоцуш байначеран гергарнаш гулло сих-сиха Соьлж-ГIалахь, 2012

Нохчийчохь тIемаш доьлхуш лар а йоцуш байначу нехан гергарчара рогIера пикет дIаяьхьна Соьлж-гIалахь. 100 гергга стаг гулвеллера Iедалийн тидам шайн балана тIебахийта гIерташ.

Даиманна шаьш дIахуьттучу меттехь, Соьлжа-гIала юккъахь, къаьмнийн доттагIаллийн майдана йистехь, журналистийн скверехь, дIаяхьара цара шай пикет. Массо а хенахь, шайгахь хуьлуш долу кехаташ тIера кхайкхамаш а бара: Тхан бераш мичахь ду? Тхан кIентий юхаберзабе! Бераша хоьтту тхан дай мичахь бу?

Цхьа бIе ца кхоччуш декъашхо вара цигахь гулвелларг. Журналисташ а баьхкира, цаьрга хеттарш а дира. Маршо радиога, цара дийцира, шай коьрта Iалашонех а, кесст-кесста ишшта арадовлар бахьнех лаьцна.

Акцийн декъашхо: «Тхайн вежарий,ненан кIентий байна болу. И бахьан дут хо арадовлар.Оха массаьрга а дехар дуора-кх, тхан байнарш мичахь бу хьажахьар аьлла. Тахана дукха наной арабоьвла бу кхузахь. Итт шо ду сан ваш вайна. Цхьа а хIума ца хаа суна цуьнах лаьцна. Сан вешийн цIе Шамаев Ризван ю.2002 шарахь, стигалкъекъа беттан 27 дийнахь дIавигшина ву иза.

ДIавигинчуьнна нана: "Сайниг вигина итт шо ду. Чуьра дIавигина ву иза, 7 БТРца бахка а баьхкина. Сан цIийндай, ши кIантий, тхан лулара цхьа кIантий дIавигнера.ШозлогIачу дийнахь, цIийндай, цхьа кIантий новкъахь вахькхоьссинера, ткъа, цхьа кIантий, лулахой, хIинца а каронза бу».

Наношца байначу кегийчу нехан цхьаболу дай а бара. Царах цхьаммо, догдоьхна ишшта къамел дира.

ДIавигинчу кIентан да: «Кхузахь гуллуш ду аьлла даькхина дут хо,амма, цкъачуьнна кхин гучдолуш хIума дац. Байначарах къаьсташ дац. Сой, сан ши кIантий вар дIавигнарг.Жимахчуьнца со схьаваийтира, амма важа хIинца а карош вац. ОЬрсийч бара тхо дIабигнарш. Байнарчарна тIаьхь болх бан безар, лаха безар».

Масех бутт хьалха, оцу наха ишшта пикет дIахьош ю аьлла шена хезча, дукха сихонца, махкахь мел йолчу ницкъаллийн структурийн куьйгалхой а гулбина, оцу наношна доьххьал уьш вахь а ховшийна, кхеташо дIаяхьар Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Цхьанге а и кхеташо дIа ца язъейтира. Мехка куьйгалхочо цигахь, дуйнаш а дууш дIахаийтира, ша, байначу нехан санна сагаттадеш цхьа а хаттар дац аьлла. Амма, ша мел дIагIертарх, шена мел лаарх, и хIума чекха ца даккхало, аьлла хаам бира цо, ишшта а гIийла болчу оцу наношка.

ХIинца а, Iедалшка гIоне хьоьжуш цаьрга кехаташ чу луш лела дуккха а наной а, йижарий а. ХIара зуда санна.

Вайначу кIентан йиша: «2011 шарахь, сайн ваша вайна аьлла юха а кехат чу деллера ас Старопееомыслан кIоштерачу полици. Хьан цхьа а бух бац, ахь дуьйцучуьнна, аьлла дIа ца ийцириа соьгара уьш. ХIун дан деза оха?Хьаьнга хIун ала деза»?

И акци вовшахтоьхнарг яра «Ненан орц» цIе йолу цхьанатуохаралла. Цуьнан куьйгалхочо Межидов Зайнапа ишшта дийцира Маршо радиога.

Межидова Зайнап: «Гул-м деллера тхо, Делера цхьа къинхетам хира бац теша бохуш. Бераш дайна наной тергал беш кIезга нах бу вай Нохчийчохь. Цхьа Рамзан массангхьа кхиа а ца во, амма, улле боьвлчарна, бала а ца хуьлу».

Байначу нехан гергарчара дIаяхьанчу пикетан, хIинцалца санна терго ца йира. Цхьа шина сахьтехь латта а лаьттина, дIасабахара цхьана буохамо вовшахтоьхна болу и зударий. Амма, наной хиларе терра, сатийсам бовра бац шай, цундела, и акци тIаьххьара яц боху цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG