ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эзарнаш нах бу Нохчийчохь лар йоцуш гергарнаш байна лазамца бехаш


Нохчийчоь -- Нохчийн зударий бу Соьлж-гIалахь шайн байна болу кIентий схьалаха, бохуш, Iедалшка дехарш деш, 30Марс2010
Нохчийчоь -- Нохчийн зударий бу Соьлж-гIалахь шайн байна болу кIентий схьалаха, бохуш, Iедалшка дехарш деш, 30Марс2010

Нохчийчохь лагI ца луш лаьтташ бу ларйоцуш байначу нахаца боьзна болу лазам. Iедалша далочу терахьашца 5 эзар сов стаг ву республикехь гергарчара лоьхуш. Церах дукхах берш байна бу ницкъаллийн структурийн белхахоша дIабигинчул тIаьхьа. Амма шай стаг вайна, аьлла, Iедале латкъам бан ца хIуьттуш дуккха а нах бу Нохчийчохь.


Нохчийчохь байначу эзарнийн гергарчеран сатийсам кхоьллина хIокху деношкахь, юккъаралле уггаре а чIогIа сагатдойтучу гIуллакхан хьокъехь цхьацца гIулчаш йохуш ю, аьлла.

Боккха болх болийна, аьлла, гIардаьккхина байначу нехан цIий эцар доладар а, иза Москох Iахьажор а. Цунах лаьцна хаам бинарг ю «Лар йоцуш байна нах лахар» цIе йолчу цхьанакхетараланн куьйгалхочо Кагирова Тамара.

Кагирова Тамара:I00 стаг чекх а ваьлла, царах лаьцна хаамаш дIабахьийтина Москох. Цигахь бийра болуш бу талламаш. Иза Лебедь инарлан цIарах йолчу машаран миссино деш ду.

Цуьнца уьйраш ю тхан. Цара ишшта ахча лаборатори дIа а делла еш ю иза. Таханлерачу дийнахь кхин а 70 стаг чекхаваьлла. Нана а, да а, уьш дацахь, йишаc а вашас а, бераша а, луш ду и цIий»

Лар йоцуш байначу нехан проблема йийцаре еш йолу дукха хан ю. Амма иза кехаташ тIехь йолчу Iалашонелла а кхин гена долуш дац. Республикера Iедалша дукха хан ю махкахь лаборатори кхолла бохуш, федералан Iедалшка доьхуш долу. Амма вукхара и сацам тIе ца эцарал сов иза маца хира ду, аьлла, сатийсам а ца ло.

Дукхаох болчу тергамхоша иза туьду маьрша нах барна бехке болу оьрсийн эскархой а, милцой а гучубовларх уьш кхерарца.

Нохчийчура адамийн бакъонашкахула йолчу векалаллийн белхахочо Бадилаев Асланбека бахарехь, Нохчийчохь адамаш дIадоьхкина йолу меттигаш билгал а яьхна латтош ю, ахка а ца охкуш, и болх цхьана некъа тIе баларе сатуьйсуш.

Бадилаев Асланбек: И меттигаш юйла хууш ду. Уьш-м кIезг а яц. Цкъачунна Нохчийчохь и лаборатори ца хилар бахьана долуш лаьттах долу и декъий хьаладохийла яц.

Возуш воцу бакъонашларярхо Апаев Асланбек реза вац байначу нехан Iедалша далочу терахьанна.

Апаев Асланбек: Наной а, дай а ца баьхьа арабовла. Ахьа арз дича юха а дIа вигина меттигаш хааелла дукха ма-яй Нохчийчохь. Цигара оццула дакъа даьккхина, кхечанхьа оццула даьккхина, бохуш, къайлахь схаьдуьйцу, амма гIардаккха ца баьхьа нах.

Цхьана 2003 шарахь I8 эзар стаг вара. Вайна хууш дук-х Нохчийчохь дIа мел нах бигина. Цхьана дийнахь бигнарш лаьрча а хуур ма-дуй уьш мел бу.

Лабораторех лаьцна къамелаш дечу хенахь байначеран цхьаболчу гергарчеран сатийсам ца байна уьш дийна хиларх. Масала, Батаев Висит I994 шарахь Дечкен-беттан 3I дийнахь оьрсийн эскархоша Соьлж-гIалин йистехь дIалаьцначулла тIаьхьа вайна ву.

Иза билггала церан каравахана хилла хилар хууш ду гергарчаьрна. Тахана цуьнан йиша ПетIимат ю йист йоцу цуьнан лехарш дIахьуш.

Батаева ПетIамат: Сурташ тIера ксерокопиш а йохуш, уьш дIасахьежийна оха массаьрга а Ростохахь а, Ставрополехь а йолчу набахтешка. Спиcкаш ю олу. Амма тIе ца вуьту цара набахте.

Нохчийчохь дакъаза байначу нехан гIуллакх, гарехь ишшта шерашка дахдар бахьан, ларамаза хуьлуш дац. Нийсо а, бакъо а ма дийцара туолаяхь, дуккха а эскархой а, царна зуламе омраш делла болу лаккхара даржхой а, жоьпе уозо мега, амма, таIзар царна мацца а хирг хиларх тешаш нохчий дукха бац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG