ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кху къирнах Къилбаседа Кавказехь хилла цхьаболу бIаьрла хиламаш


Нохчийчоь -- Контртерроран операцин раж дIаяккхарх лаьцна Хоси-юртахь журналисташна дуьйцуш ву Кадыров Рамзан, 16Охан2009
Нохчийчоь -- Контртерроран операцин раж дIаяккхарх лаьцна Хоси-юртахь журналисташна дуьйцуш ву Кадыров Рамзан, 16Охан2009

Кхо шо кхочуш ду Нохчийчохь шолгIа тIом дIаберзийна, аьлла, дIакхайкхийна. Путин Владимир вен дагахь хилла, аьлла, Осмаев Адам дIалаца бакъо елла Москох Лефортово кхело. Ставропол-кIоштIахь байина кегийра нах тIе богIучу (Стигалкъекъа, Май) баттахь Оьрсийчохь хир долчу даздаршкахь терроран тIелетарш кечдеш хилла, аьлла, дIахьедар дина ФСБ-н белхахоша. Шайн республикехь адамаш лечкъор а, дайар а алсам даьлла, аьлла, латкъам бина ГIалгIайчурча Мехк-кхел ц1е йолчу вовшахтохаралло.


Кху беттан 16-чу дийнахь кхо шо кхочуш ду 1999-чу шарахь дIайолийна хилла йолу контртерроран, аьлла, цIе тоьхна йолу Нохчийчура тIеман операци официалан кепара дIаерзийна. ХIинца и гIуллакх лоруш ду исламан гIаттамхошкара кхерам дIабалар санна. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцарехь, тахана иттаннаш бен тIемалой ца бисина цигахь Iедалшна дуьхьала лаьтташ.

Контртерроран операци дIаерзийначулла тIаьхьа Нохчийчурча Iедалшна Москохо бакъо елира Соьлж-гIаларчу кеманпортера кхечу пачхьалкхашка кеманаш дIасалелийта.

Контртерроран раж дIа а яьккхина, тIом дIа а бирзина, аьлла, дIахьедар динчулла тIаьхьа алсам делира Нохчийчохь адамаш дайар а, тIеман операцин дIаяхьар а, бохуш дуьйцу Къилбаседа Кавказера хьал шен тидамехь даттош йолчу аналисто Фуллер Элизабета.

Фуллер Элизабет: Баккъалла а, шина агIонна – тIемалошна а, ницкъаллин структурийн белхахошна а- юкъахь дараш алсам девлира контртерроран раж дIаяьккхинчулла тIаьхьа.

Кавказский Узел бакъонашларярхойн интернет-агенталло далочу терахьашца контртерроран операци дIаерзийначулла тIаьхьа даьллачу 300 дийнахь 85 ницкъаллин структурийн белхахо вийра Нохчийчохь. Дуьстина аьлча, и операци сацаяле 300 де хьалха цигахь вийнарг вара 45 эскархо а, полицин а, кхерамазаллин сервисийн а белхахо а.

Контртерроран операци дIаерзийнехь а, официала долчу терахьашца Нохчийчохь вуьсуш ву 30 000 сов оьрсийн салтти а, эпсар а.

Кхин цхаьа хIума а ду Къилбаседа Кавказера хьал чолхе лаьтташ хилар гойтуш. Оццу Кавказский Узел олучу интернет-агенталло далош долу сингаттаме терахьаш ду уьш. Мел-лаххара а 258 стаг вийна а, лазийна а ву Къилбаседа Кавказехь Дечкен-беттан 1-чу дийнера, Зазадоккху-беттан 31-чу дийне кхаччалц лаьрча.

Царах 163 стаг вийна. 95 лазийна ву. И терахьаш дала до Кавказский Узело, шайн белхахоша гулбинчу хаамашна тIе а тоьвжуш. Вийна волчу 163 стагана юкъахь ву 24 маьрша вахархо а, 57 ницкъаллин структурийн белхахо а. Ткъа важа 82 стаг ву, Iедалша дийцарехь, тIемалой а, царна гIо деш хилла болу нах а. Лазийначарна юкъахь ву11 маьрша стаг а, 81 ницкъаллин структурин белхахо а.

Кхеташ ду, хIара статистика юьззина ца хилар. Массо а цу тайпа хилам ца кхочу хаамашна юкъа. ТIехула тIе, цхьа а аьтто бац ницкъаллин структурийн векалша деш долу дIахьедарш бакъ ду-дац къасто а.

Кху къирнах Москох Лефортово суьдо схьалаца санкци елла Одессехь дIалаьцна латтош волу Соьж-гIалан вахархо Осмаев Адам а, Казахстанера Пьянзин Илья а. И шиъ Оьрсийчурча Iедалша бехке веш ву премьер-министарна Путин Владимирна тIелатар кечдеш хиларна.



Украина-- Путин Владимирна тIелатар кечдеш хилла, аьлла, бехке веш ву Одессехь даьлацна волу Осмаев Адам.
Украина-- Путин Владимирна тIелатар кечдеш хилла, аьлла, бехке веш ву Одессехь даьлацна волу Осмаев Адам.


Оха хьалха дийцина ма-хиллара, Чиллан-беттан 4-чу дийнахь Одесса-гIалахь Украинан кхерамазаллин сервисо леррина операци дIаяьхьира, Осмаев Адам дIалоцуш. И стаг дуьненаюкъарчу лехаме велла вара Оьрсийчоьнан федералан кхерамазаллин сервисо.

27-чу дийнахь хаамаш баьржира Къилбаседа Кавказера тIемалой Путин Владимир ве кечлуш хилла, аьлла.

Украинехь дIалаьцна волчу Осмаевна а, Пьянзинна а бехке диллира ФСБ-но Iедалан белхахочунна тIелатар кечдар а, оьккхуьйтург кечяр а, бакъо а йоцуш, оьккхуьйту молха леладар а.

ХIинца и шиъ дIалаца, аьлла, омра делла Москохарчу Лефортово кхело. Осмаевн а, Пьянзинан а адвокаташ реза бац цу сацамна. Цара цу хьокъехь латкъам бина Москох-гIалин суьде.



Оьрсийчоь -- Ставрополера Ермоловн цIарах йолчу кадетийн ишколан дешархо тIом бан Iемаш ву, 29Заз2
Оьрсийчоь -- Ставрополера Ермоловн цIарах йолчу кадетийн ишколан дешархо тIом бан Iемаш ву, 29Заз2

Кху къирнах Оьрсийчоьнан ницкъаллин структурийн белхахоша, герзаш а диттина, 4 стаг вийра Ставропол-кIоштахь. Некъа йогIуш йолу машен сацо гIоьртина хиллера некъаца лаьтташ болу полицин белхахой. Амма, Iедалан векалша дийцарехь, машен саца а йина, кехаташ гойтучу меттана цу машен чура герзаш тоьхна цу чохь болчара.

Цера топ нийса ца кхетна, ткъа полицино тоьхначу герзо цу машен чохь хилла волу 4 стаг вийна. Иза хилла Нефтекмск-кIоштахь, Ачикулак олучу эвлахь. Иштта хIума хилча хуьлуш ма-хиллара, 4 стаг чохь хилла машен яьгна.

ШолгIачу дийнахь ФСБ-н векалша дIахьедар дира Ачикулакехь байина болу нах терроран тIелатарш ккечдеш хиллера тIебогIучу баттахь хир долу даздарш дIадоьлхуш, аьлла. Ставропол-кIоштан талламан комитетан векло Данилова Екатеринас дийцарехь, байинарш бу Нефтекумск кIоштан бахархой Бейбулов Мурат-Iела а, Нурлумбаев Муратхан а, Аджимусаев Заирхан а, Абдулкаримов Руслан а. 28-29 шераш долу кегийрахой бу уьш.

Кху къирнах ГIалгIайчурча Мехк-кхел цIе йолчу юкъараллин вовшахтохаралло леррина кехат яздира шайн республикан цIарах Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думехь депутат волчу Хамчиев Билане а, Федерацин Кхеташонан декъашхошка Паланкоев Ахьмаде а, Иванов Никите а.

Цу тIехь дуьйцуш ду ГIалгIайчохь адамаш дайар а, лечкъор а алсам даьлла хиларх лаьцна. Къаьсттина Мехк-кхелана Iаьткъинарг ду кху беттан 3-чу дийнахь Несарахь, шайна юкъахь йоккха стаг а йолуш, маьрша бахархой байар.


ГIалгIайчоь, карта, 2012
ГIалгIайчоь, карта, 2012
Мехк-кхелан дехар тидаме а эцана, Оьрсийчоьнан чоьхьарачу гIуллакхийн министре Нургалиев Решеде латкъам бинера депутаташа. ПIераскана дийнахь министро жоп делла, кху тIаьхьарчу шина шарахь ГалгIайчохь 88 стаг лачкъийна, аьлла, болу хаам талла беза, аьлла. Нургалиевс дийцарехь, цуьнгахь болчу хаамашца ГIалгIайчохь лачкъийна 13 стаг бен вац.

Нургалиевс дIахьедар дина, ОМОН-ан форма а йоьхна, Къилбаседа Кавказехь лелаш берш билггала муьлуш бу бохург хIинца къасто дезаш долу хIума ду, аьлла.

Иштта бара кху кIирнах Къилбаседа Кавказехь хилла болу цхьаболу бIаьрла хиламаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG