ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iедалан белхахо вийна Теркйистехь


Нохчийчоь - Топ а тоьхна, Iедалан белхахо вийна Теркйистехь.
Нохчийчоь - Топ а тоьхна, Iедалан белхахо вийна Теркйистехь.

ТIаьхьарчу хенахь Нохчийчурчу Iедалша жигара даьккхина бахархойшкара цхьацца кепара ял схьалохьон болх. Ток а, газ а юстуш йолу лолургаш бахьана долуш сих-сиха хуьлу бахаройн а, Iедалан белхахойн а цакхетамаш. Иштта рогIера дош-дашера далар вер-ваккхарца дирзина Теркйист кIоштан ЧIулг-юьртахь.

ХIара карахь долу шо доладелчахьана а бохург санна, Iедалан белхахой ара а баьхна, ток юстуш йолу счетчикаш ю Нохчийчохь хуьйцуш. Уьш бахьнехь дош-дашера а даьлла, вер-ваккхар нисделла Теркйист кIоштан ЧIулг-юьртахь, кху Гезгамашин-беттан 6-чу дийнахь. Хуучара дийцарехь, вийнарг ву оццу кIоштара Iелин-юьртара вахархо 30 шо долу Висангериев Лоьма.

Счетчик дIахIотто веанчу цуьнан хIусамдеца Дадаев Вахица дов стенна даьлла хууш дац. Цо, чу а вахна, шалго топ йохьуш ара а ваьлла, юххера топ тоьхна охьавиллина энерго-урхаллин белхахо.

Гинчара даре до, куьгбехкениг къайлавала а ца гIоьртина, мелхо а полицин урхалле а вахана, ша стаг вийна аьлла, Iедалан каравахана бохуш. И зулам динарг, гергарчара бахарехь, сурт даккха а, дилла а говзалла а йолуш, берийн бераш а долуш, кхузткъара ваьлла стаг ву.

Ма-дарра аьлча, цуьнгара и саннарг даларх цецбевлла бу бахархой. Ткъа низамхошка цо аьлларг герггарчу барамехь ишта ду: «Цо дог а датIийна, корта хьевзинера сан. Со топ схьаэца чувахча, суна-м и ведда хир ву моттара. И дIаваханехь хIумма а хир ма дацара. Цуьнан гIуллакх ма дацара со араваллалц цигахь латта».

Гергарчара дийцарехь, цо йийриг забар ю моьттуш Iийна хеназа велларг, топ карахь иза ара а ваьлча, а шек ца волуш. Герз даьллачул тIаьхьа дарбанан цIийне кхачийнехь а, лоьрашка Iожаллах хьалха ца ваккхавелла Висангериев Лоьма.

Цхьаболчара дийцарехь, баккъалла а коьртана дика воцуш ву и зулам дина Дадаев Ваха. Иза иштта хилча, боху цхьаболчу бахархоша а, веллачун гергарчара а, иза тергамза Iад а муха витина, цуьнан куьг кхочехь, цо дола а деш, топ стенна юьтуш ю? Доцца аьлча, дукха хаттарш кхоьллина Теркйист кIоштахь цIеххьана нисделлачу вер-ваккхаро.

Цхьаболчу говзанчаша-лоьраша билгалдаккхарца, карарчу хенахь Нохчийчохь кIезиг бац, тIехьаьжча лортIехь а хеталуш, тIемаш бахьанехь кхетамца галбевлла нах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG