ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иттаннаш миллионаш ахча лачкъийна Борзехь долчу эскаран декъехь


Оьрсийчоь -- Къона оьрсийн салттий хIумакхалла кечлуш бу, 2012
Оьрсийчоь -- Къона оьрсийн салттий хIумакхалла кечлуш бу, 2012

Нохчийчохь ницкъаллийн структураш латто ахча кхоош дац Оьрсийчурча Iедалша. Цхьаболча цу ахчанна тIекхочийла йолчу наха цунах пайда оьцу, коррупци лелош. Иштта кху деношкахь кхеле озийна 3 эскархо ву, 114 миллион сом барамехь ахча лачкъийна, аьлла, бехке а вина.

Шуьйта кIоштарчу Борзе олучу эвлайистехь лаьттачу оьрсийн эскархойн декъера лачкъийнарг ду 114 миллион сом. Цхьацца бозбунчаллаш а лелош, йина йоцу харжаш тIе а яз еш, оцу декъера цу тайпа курхалла дина аьлла, бехктакхаман гIаьнта хаийна ву цигара кассир а, финансийн урхаллан куьйгалохо а, ял яккхаран инспектор а. Нагахь санна кхело, талламо бохуш болу церан бехк тIечIагIбахь, итт-итт шо тоха мега хIоранна. Ишшта царна доккха гIуда а догIу, цу тайпа зулам дарна.

Тахана Нохчийчохь уггаре а лераме, аьлча а, уггаре а пайда хуьлучу балхах цхьаъ бу оьрсийн эскархойн дакъошкахь беш берг. Алап а ше-шен хенахь хуьлу. Нагахь санна хьо цхьажимма лела хууш валахь, оцу кертахь болчарна хьо тешаме а хетахь, таро гIеххьа лакхайолу меттигерачу бахархойх, царна болх бечеран.

ХIинца билгала олийла дац, кхоччуш тоьшаллаш доцун дела, мел барам бу оцу зуламийн, амма, аьтто болучу агIора курхаллаш леладо, шаьш эскархойша а, царна болх бечу нохчаша а. Леча цIе йолу жима стаг гIишлошъярхо ву. Стохка дика болх а карийна, шен накъосташца бригада а кхоьллина, цо къахьегна цхьана эскаран декъехь. Шен цигахь зеделлачуьнах лаьцна иштта дийцира цо Маршо Радиога.

Леча: Шо хьалха, эскархойн декъехь кхузза тIекIала йолу гIишло яра оха ян тIелаьцна ерг. Иттех стаг вара тхо. Бетон юттуш, цу юккъахь йолчу каркасца арматураш дIаехка езаш яра, гIишлонна чIагIо хилийтархьамма.

Цигарчу хьаькамаша бетон юккъе арматураш ца йоьхкача а мегар ду аьлла, оха ишшта дира. Оха мегара дац ишшта боххушехь дира иза. ШозлагIачу дийнахь, еанчу комиссин юкъарчу цхьана декъашхочо арматура, дIай-схьай а саттийна, бетон юккъера схьаяьккхира.

Тхоьга уьш иштта чу йоллийтинарг, кхин эхь а ца хеташ, тхуна тIе бехк билла гIерташ вара. Ишшта Iедалера ахча доккхуш бу-кх кхузахь нах. Кхана-лама, оцу гIишлонна цхьаъ хилахь, тхайна тIе бехк билларна кхоьруш долу тхо цIадаьхкира-кх цигара.

Леча санна, тIехь жоьпалла ца дезарш болу нах, кIезга бац махкахь. Амма ахча делчхьана цул тIаьхьа сийна цIе яларх бен дIа а ца хетарш а бу шортта. ХIинца Соьлж-гIаларчу тIеман кхелехь листа долийначу гIуллакхана тIехь терго еш болчеран цхьа а шеко яц, оццула дукха ахча лачкъош и кхо стаг хилла Iийна ца хиларан. Амма уьш, дийцарехь, дукха лекха бу, нийсонан куьйг тIекхача.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG