ТIекхочийла долу линкаш

ХIинца а яц Нохчийчохь блок-постийн якъо


Нохчийчоь - Минутка майданахь блок-постехь байракх дIатухуш бу оьрсийн салттий, 09Чил2000

Нохчийчоь - Минутка майданахь блок-постехь байракх дIатухуш бу оьрсийн салттий, 09Чил2000

4 шо хьалха Нохчийчохь контртерроран раж дIаяьккхина аьлла дIахьедар дира Оьрсийчоьнан Iедалша. Вуьшта аьлча иза дара, цигара тIом бIабирзина бохург. Амма тахана а ерриг а Оьрсийчурча регионашкара эскарш а, полицин белхахо й а бу Нохчийчу хьежош. Иштта кху деношкахь цига хьажийна Кузбассера гулбинчу полицин тоба.

ОМОН а, могIарера полисхой а, кхиболу низамхой а, хьалха санна жигара оьхуш бу Нохчийчу. Махкахь шайна билгаляьккхинчу меттехь 3-4 бутт а боккхий, шаьш схьа ма бахкара цIа юхбоьрзу уьш. Даймахкан а, доьзална а генахь хилча, хуьлуш йолу гIело, яй йо, Iедалша даккхийчу ахчанашца.

Нохчийчу болх бан, баьхкинчу кхечу регионашкара полисхошна, 3-4 уза лекха алап луш ду хIинца а. Цундела тамаш бац, полисхой хаза а хеташ хан болх бан Къилбаседа Кавказе богIуш хилар. Синтем боцучу нохчех беркат даланза къам хира дац, йоккхачу Оьрсийчохь, луларачарна тIера, хучIий чIарехь йолчу Ханты-мансийн кIоште кхаччалца.

ХIокху деношкахь, Нохчийчуьра, ишшта болх а бина цIа бирзина Башкирерачу Уфа гIалара полисхой. 140 стагах хIоьттина йолчу оцу низамхой тобано ах шо даьккхина кхузахь. Шина декъе екъна яра иза. Цхьа дакъа, Хьалха-Мартан кIоштехь, важа- хазаллийца, цIенчу хаваIца билгаляьллачу Ножай-юртахь.

ЦIа баьхкинчеран, суьрташ гIарадьахна интернетехь, вокзалехь даьхна долу. Бала хьагначух тера дац, церан йохь-сибате хьаьжча. Царна доьхьала баьхкина гойтуш бу, Башкирера полицийн куьйгалла а, гергар нах а.

Ткъа, Нохчийчохь, тIаьххьарчу шерашкахь, атта бIаьрг ца кхета оьрсийн низамхойх. Шаьш болчу меттехь удкхачу хьолехь ара а ца къедаш Iа уьш. Ша мел болу болх беш берш, меттигера низамхой бу. Цундела, хан бахкочу царах цхьанна а тайпа пайда бац аьлла хета тергамхошна.Ишшта хетарачарах ву бакхъонашларъярхо Бадалов Руслан а.

Бадалов Руслан: « Суна царап айда кIезга беш гина. Нахана тIехь таIзарш дар а, некъаца лаьтташ балахь, ахча даккхарна бен кхин бала болуш бац уьш. Командировке баьхкина болу уьш, ахча даккхий, шай садаIий бен богIуш бац. Суна апйда гуш бац царах.Ян дог лохуш а бац уьш».

Тахана Соьлжа-гIала чу воьгIучохь, массийта блок-пост ю лаьтташ. Цигахь гарехь болх беш тIебаьхкина болу полисхой а, эскархой а бу. Хьалха санна луьра бац уьш. Ара а бовлий машенаш сецо гIоьртича, уьш наггахь саца а ца йо, нохчаша. Вукхара, хьалха санна тIехь герз а ца туху, ян машенаш тIехь а ца хохку. Царах болуш боцучу пайде хаьжча, даккхий ахчанаш а дойуш, хIунда латтабо ца кхета ша бохуш, кхин дIа а дийцира Бадалов Руслана.

Бадалов Руслан: « Со уьш хIунда латтабо, царан ахчанаш хIунда дойу а, ца кхета. Командировке бахкарна царан алапаш айдина хуьлу, юха чолхечу хьолехь болх беш бу олий, тIеман а, кхечу бахьанашца а , ахча тIекхета царна. И эрна дойуш ду. нахана дезаш а дац иза. ХIуьттаренна-гамонна лелош хила мега иза. Терроран доьхьала операци дIаяьлла а ма яра кхузахь».

Наггахь нисло, даккхий ахчанаш лура ду а олий, Нохчийчу низамхой чу а бахкабой, и бина барт кхочуш ца беш а. ТIаккха, нохчий бакъонашларъярхошна тIедужуш нисло, и нийсо меттахIотто. Дуьйцу, Нохчийчуьрчу бахархой бакъонашкахула векалаллера белхахочо Джабраилов Шамада.

Джабраилов Шамад: « Нохчийн омбудсмена Нухажиев Нурдига салтийша яздиина арз ду даийтина, шай бакъонаш талхош ю аьлла. Салтий эскаре боьлхучу хенахь контракт хIоттайо, царна доккха алап 60-70 эзар сом лура ду олий. И хьелаш дара шайна хIоттина, амма, шаьш болх беш дикка хан ялахь а, избина болу барт кхочуш ца бо, аьлла цу тIехь накъосталла дахьара аьлла, даийтина арз ду тхоьга».

Нохчийчу бахкочу оьрсийн полисхой тобанашна юккъахь тайпа-тайпана говзанчаш хуьлу. Омонхой а автоинспекторш а, жIалешца болу кинологаш а, ишшта кхиберш а. Эха шаран уьш, цIера а боьвла, кхечу махкахь цара болх бича, церан цIахь криминала хьал хийцалуш ца хилча, хаттар кхоллало, оьшуш буй теша и низамхой цигахь?
XS
SM
MD
LG