ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Харцонца ши паспорт лелочу нахана гIуда тухур ду Австрехь


Шинан пачхьалкхан махкахо хилар дихкина ду Австрехь. Амма къайлаха Оьрсийчоьнан паспорташ дохурш бу цигахь политикан тховкIело елла нах, коьртачу декъана нохчий.

Австрехь, цу махкарчу паспортаца цхьаьна кхечу пачхьалкхан паспорт лелош гучубевллачарна гIуданаш алсамдаха Iалашо ю меттигерчу Iедалан. Нагахь и дахь, къайлаха шишша паспорташ лелочу бIеннаш нохчех хьакхалур ду и гIуда.

Венерчу кхозлагIчу кIоштахь сирачу басахь йолу немцойн маттахь шех Югендстиль олучу модернан стилехь йинчу гIишлонан кевберте. УьйтIахь, неIаран бертехь лаьтта масех нохчо, ши-кхо зуда, божарий, гIудалкхи чохь бер. Горгаличухула декачу оьрсийн маттарчу озо мас-масех вохуьйту, гIишлонна чу бовлуьйту нах.

Чоьхьа бевлла хьалхарчу мIаьргонашкахь хетало хьо Соьлжа-гIаларчу цхьаьна кIоштан паспорташ лучу хьукмате кхаьчча санна – чоь юьззина нохчийн къомах нах бу, карахь цхьацца кехаташ а долуш, гIенташ тIехь хевшина а, пенаца дIагIоьртина лаьтташ а, хьукматхо схьалуьйчу корана хьалха гулбелла а.

Маршо радио цигахь нисйеллачу дийнахь боккъал а нохчийн къомах доцург а цхьа а адам дацара оьрсийн векалтехь, ур-аттала цхьа оьрси а.

Райзнерштрассе 45 Iуьллучу оьрсийн векалтин консулатан гIишло дика евза Австрехь бехачу нохчашна. Оьрсийчуьра а, оьрсийн Iедалийн харцонех а бевдда болу и нах Австрерчу оьрсийн Iедалийн туьше бахкийна долу бахьанаш тайп-тайпана хуьлу.

Амма царех доккхах долу дакъа цигахь, цу адресца, шайна оьрсийн дозанал арахь лелош долу а, Оьрсийчохь лелош долу а паспорташ даха, ткъа шайн берашна – шайх метрика олуш долу бер даран тоьшаллаш дахийта баьхкина бу.

И документаш доккхачу декъехь Австрин Iедалийн бIаьргашца дийцича иллегале дохуш ду, хIунда аьлча меттигерчу низамашца цхьаъ бен паспорт хила йиш яц Австрин вахархочун - цигарчу конституцино доьхку шин пачхьалкхан олалла цхьатерра цхаьна хенахь лелор.

Цундела Австрехь хан яьккхина, цу пачхьалкхан низаман бехкамаш кхочуш а дина, цхьанна австрихочун паспорт деллехь, цо оцу сохьта охьадилла деза шегара кхечу пачхьалкхан паспорт а, цуьнца цхьаьна кхечу пачхьалкхан олалла а.

Бакъду, цхьа могIа башхаллаш ю цу низаман. Аьр вай, шина пачхьалкхан паспорташ дита йиш ю цIарна цIеяханчу исбаьхьалхойн а, спортхойн а, Австри пачхьалкхан уьш шен бахархой хиларх дозалла хеташ болчу.

Масала, опералакхархо Нетребко Анна ю иштачарех цхьаъ, оьрсийн, австрихойн олаллехь йолу. Шварценеггер Арнолд а ву, Цхьаьнатоьхначу Штатийн, Австрин паспорташ долу.

Иштта цхьа могIа кхин а. Нохчий, мухIажарш а бевлла Австре схьабаьхкина болу, цу могIаршлахь бац. Бакъду. Нохчашлахь шуьйра даьржина ду бIостанехьачунах тешар - мухIажаршна мегаш ду ши паспорт лелон бохуш.

Маршо радиоца къамел динчу Венин яхархочо Сугаипова Заргана дийцарехь, цо шена а, шен доьзалхошна а австрихойн паспорташ схьаоьцучу хенахь меттигерчу хьукматхочо иза кхетийра, оьрсийн олалла мухIажарша охьа ца диллича а хIуммаъ дац, тIеман бахьанца а боцуш, хазахета я болх лохуш Австре баьхкинчу мигрантех бен хьакхалуш дац иза охьадилла дезар, аьлла.

Сугаипова Зарган: „Ас сайн кехаташ чулучу хенахь хаьттира кхузарчу белхалчуьнга, сан Оьрсийчоьнан олалла ду, иза хIуммаъ дуй, аьлла. Цо со мухIажар хиларна иза проблема яц элира, ши паспорт лелон ца магар мигрантех бен хьакхалуш дац, аьлла. Со цIайоьдучу хенахь ас кхузара арайолуш кхеран паспорт гойту, Оьрсийчу дIакхаьчча оьрсийнарг гойту, хIинцалца схьа цкъа а цхьаммо а хIуммаъ аьлла-м дац соьга“.

Сугаипова Заргана ма-аллара, мухIажаршна ши паспорт лелон магийна ду бохучух тешаш дуккхаъ нохчи бу Австрехь. Бакъду, меттигерчу пачхьалкхан олаллех долчу низамехь и тайпа магор хьахийна дац.

И бохург дац, Iедалхошна мухIажарша а, мигранташа а къайлах-къулах шишша паспорташ лелор ца хаа бохург а, низам йистах а дуьтуш, иллегале манипуляцеш лелон таронаш нахана карош хилар Iедална къайле ю бохург а.

Кху деношкахь туркойн орамаш долчу иттанаша эзарнаш наха, шайгахь а иштта легале а доцуш шишша паспорташ хиларна Эрдоганехьа кхаьжнаш тиссина хиларна Австрин лакхарчу хьукматхоша а дийцаре даьккхина паспорташца а, пачхьалкхин олаллица а бахархоша лелош долу бозбуанчаллаш.

Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Соботка Волфганга дIахьедар дира кхаари сарахь, шен министралло талламаш болор бу, нохчаша а, туркоша а, кхечу къаьмнаша а шишша паспорташ муха леладо бохучунна аьлла.

Легале а доцуш шина пачхьалкхан паспорташ лелош гучубевллачарна 5000 евро гIуда тохар а, цаьрга оцу сохьта Австрин паспорт дIадаккхар а юккъедаккха дагахь ю шен хьукмат, элира министро.

XS
SM
MD
LG