ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Итт нохчийн берах цхьанна бен ца хаьа вайнах 1944 шарахь цIерабаьхна хиллий


Нохчийчоь - 1944-чу шарахь нохчий цIерабахарх лаьцна дехкинчу суьртийн гайтам, Соьлж-гIала, 10Сти2013.
Нохчийчоь - 1944-чу шарахь нохчий цIерабахарх лаьцна дехкинчу суьртийн гайтам, Соьлж-гIала, 10Сти2013.

ШолгIа Дуьненан тIом боьдучу хенахь Нохчий цIерабахар а, ах сов къам хIаллакьхилла хилар а шуьйра дийцар къобалдеш дац Нохчийчохь, Оьрсийчохь-м иза цкъа ахьахош дац. Къомана тIеIоттаелла оццул йоккха киртиг хьахош яц школашкара историн жайнаш тIехь а. Берашна юкъахь хаьттича иттаннах цхьанна а ца хаьа, вайнах цIерабаьхна хилла хиларх лаьцна. ХIунда яц нохчийн бакъо, шайна дина зулам хьахон а, хилла зе меттахIоттадайта а?

ТIекхуьучу чкъуран нохчийн къам дохадарх ледара хаарш хилар а,къоначарна Хьайбах юьртахь хилларг цадовзар а леррина дIахьучу политикаца дузу цхьаболчара.

Сталин коьртехь волчу Советан Iедало Нохчийн къоме 1944-чу шарахь боссийна бала исбаьхьаллин дешан кIорге йостуш балхийначех цхьаъ ву байтанча Бисултанов Апти.

Малхбале,малхбале…
Малх балехь,малх балехь..
Техкаш ю,техкаш ю вагонийн чкъургаш,
Ткъа нохчийн бераша ловзадо гIулгаш.
Уьш кхета ца туьгу къемата дийнах,
Мах боцуш хохкуш ду уьш хIокху дийнахь.
Докъанна некъ еллахь,дIа охьалелха,
ХIора а социйлехь ган лаьа пелхьо…

Малхбале,Малхбале.Малхбале…
«Ма бале дехки тхо,мА бале»…
Кхин дIадерг соьга мА дийцийта латта –
И хьуна гина ду,и хьоьга хатта.

Ишта яздина Аптис 25 шо хьалха зорбане яьллачу шен «Цхьа илли» цIе йолчу жарги тIехь.Цу могIанаша мелла а хенарчу вайнахана лазаме карладоху Iожалло шовкъе бохь боьгIуш къомо Сибреха гездина некъаш,цигахь лайна къа-бала,миллий-мацаллий эзарнашкахь белларш…Халкъан эсехь дисна цигахь мел лайнарг,Оьрсийчоьнан Iедало и дицдалийта санна дIахьуш политика елахь а.

БIаьрзечунна а гуш ду къам дохадарх дийца официалан дихкина дацахь а,и нохчашна луьра,гIайгIане еъна зама шуьйра йийцаре яр,цу хьокъехь цхьаьнакхетарш,гуламшша-м дIабахьарр-м хьала а,охьа а къобалдеш цахилар.Кхузара тамаше дац хаамийн гIирсаша а цунах къовзийна кIезиг дийцар.

Цу кепара дIахьучу политика шатайпа жамI-стом лара богIу гарехь кегийрхошна къам дохадарх,я ах бIе сов ламанхо вагийначу Хьайбахах юьртах хаарш вуно декъаза хилар.Цхьаболчара иза туьду Iедална шегара дийлинчу гIалаташна даре а дина дохийна къаьмнаш къинтIера даха цалаарца.Ишта хьажам болчех ву кегийрхошна корматалла Iамочу цхьана училище олучу доьшийлехь хьехархо болх беш волу соьлжагIалахо а.Тхойшиннан къамелехь цо элира цу хьокъехь.

Дохадарх дийцар къобалдеш хIума цахилар дика кхетош волчу соьца къамел дина хьехархо дегайовха ву маца а цкъа нохчийн къам Iедало къинтIера доккхуш,вайнахана цо гIоленаш еш зама йогIур ю аьлла.
XS
SM
MD
LG