ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЦIахь ца лозу дог лозу нохчех Европехь


Германи -- немцойн киноактриса Боймер Марие
Германи -- немцойн киноактриса Боймер Марие

Немцойн Мюнхен-гIалахь дIаяьхьира Нохчийчоьнна лерина суьйре. Нохчийн мотт, литература, истори йийцаре йира цигахь. Германин ПЕН-центр декъахь а йолуш, Гёте цIарахчу институто вовшахтоьхначу суьйренехь дакъалоцуш бара бевзаш болу немцойн журналисташ а, юкъараллин жигархой а.


„Мотт. Даймохк. Махкахвалар“. Иштта яра немцойн ПЕН-центро, цхьамогIа цIеяхханчу меттигерачу юкъараллин цхьанакхетараллаша декъа а йолуш, дийна цхьана баттахь дIакхехьначу суьйренийн рогIан цIе. И мехала хилам вовшахтохарехь декъахь яра иштта Мюнхен-гIалин урхаллин культурах, маттах, литературах жоьпалле долу дакъа а.

Ткъа цу суьйренийн Iалашо, церан цIаро гойтуш ма-хиллара, даймахках а бевлла, шайн мотт буьйцучу юкъараллах а къаьстина, хийрачу махкахь, хийрачу маттахь яздар тIедоьжначу, карарчу хенахь Германехь бехаш а, болх беш а болчу яздархойх лаьцна дийцар а, церан дахаран башхаллаш ешархошна йовзийтар а, ткъа иштта царна дуьхьалхIуьттуш йолу халонаш серлаяхар а яра.

„Мотт. Даймохк. Махкахвалар“ суьйренийн рагI вовшахтоьхначу немцойн ПЕН-центран белхахошна дика евза и халонаш. ПЕН бохург а „поэзи, эссе, новелла“ бохучу кхаа дешан хьалхарчу элпех кхолладелла дош ду. Доллучу дуьнентIерачу пачхаьлкхашкахь шен цхьацца дакъа долчу цу юкъараллин коьрта тушпхьа Лондонехь ю, ткъа цу юкъабогIуш, яздархойл сов, журналисташ а, гочдархой а бу.

ХIора пачхьалкхара ПЕН-клуб шашаха, йозуш а йоцуш елахь а, цхьанакхетараллин юкъара Iалашо а, Iадат а ду - дуьнентIехь гIелонашца а, харцонашца а къуьйсуш болчу яздархошна белшаш гIортор а, дешан маршо ларъяр а. Цул совнаха, „Яздархой набахтехь“, „Яздархой мухIажираллехь“ цIе йолу мехала ши программа а ю ПЕН-центро Iуналла деш.

Иштта, масала, немцойн ПЕН-клубо тIаьххьарчу пхийтта шарахь дIахьош йолчу „Яздархой мухIажаралехь“ цIе йолчу программица, тайп-тайпанчу пачхьалкхашкахь тIемаш, я диктатурийн режимаш, я цензура бахьана долу кхерамечу хьолехь болу журналисташ а, яздархой а цу махкара арабаха а, Германе схьабахкон а гIо деш ю.

И программа кхоьллича дуьйна схьа дуьненан массо а декъера яздархой а, журналисташ а чекхбевлла немцойн ПЕН-клубан гIоьнах. Кубера а, ГIажарийчуьра а, Китайра а, Шри-Ланкара а бара уьш. Иштта шиъ Нохчийчура хьаша а хилла ПЕН-клубан программехь дакъалоцуш.

Мюнхенехь дIадаьхьначу махках бевллачу яздархойн кхолламех долчу цхьанакхетарийн рогIера Нохчийчоьнна лерина йолу суьйре Толстойн цIарахчу библиотекехь дIаяхьира. Цигахь дакъалоцуш бара бевзаш болу немцойн журналисташ а, яздархой а, юкъараллин жигархой а.

Суьйре дIахьош цIеяххана йолу немцойн актриса Боймер Марие яра. Кхузарчу киноезархошна шуьйра евзаш йолу, дуккхаъчу дуьненюкъарчу киносовгIаташца билгаляьккхина йолу и актриса тIаьххьарчу хенахь гIараелира Германехь талораш лелочу оьрсийн мафех лаьцна яьккхинчу цхьана меттигерачу сериалехь коьртачех рол ловзорца. Ткъа Нохчийчоьнна леринчу суьйренахь дакъалаца ша резахилар цо шена махкахвалар а, мухIажиралла а, хийра хилар а бохуш йолу теманаш евзаш а, гергара хиларца а доьзна ду элира.

Маситта мотт буьйцучу доьзалехь хьалакхиина йолчу шена, даима а инзаре хетта, цхьана юкъараллехь бийца мот ца хууш я дуьйцучух кхета а ца кхеташ ваха везар, элира цо суьйре ша дIайолош. Ткъа тIехула тIе, мотт шен коьрта гIирс болчу наха, яздархоша я журналисташа - цара ма хала ла деза и хийра хилар, аьлла.

Марие Боймер: „Кху суьйренна айса кечам бечу хенахь кхин а алсам кхета йолаелира со, шен даймахках ваьлла ца Iаш, стаг шен маттах а валавезаш хилар хIун ду бохучух. Ма-дарра дийцича, дегIан меженах валар санна хIума ду иза. Суна сайна а мехала ду хIара санна йолчу темашца гергахьакхаялар, хIунда аьлча, сан балха тIехь, масала, оха даима а лоьхург – иза дахаран ца евзаш йолу агIонаш, цуьнан экстремалалла ма ю, цуьнан кIорге а.

Цул совнаха, хIокху суьйренах лаьцна аьлча, суна чIогIа тIеIаткъам бинера нохчийн яздархоша язйинчу, айса тховса ешначу тексташа а. И санна йолу тексташ йовзийта а, нахана хазийта а аьтто баккха лаьара суна“.

Боймер Мариес цу суьйранна Нохчийчуьрчу яздархоша яз айина, немцойн матте гочйиначарех масех текст йийшира. Цу тексташна юккъехь эссеш а, дийцарш а, кинофильмийн сценарин дакъош а дара. Нохчийчоьнах шена, ша и йозанаш дешшалц, массарна а девзаш долу тIеман васташ бен, хууш дукха хIума дацара, бохуш дуьйцу цо.

Боймер Марие: „Уггаре а хьалха тIемаца а, цуьнца доьзна долчуьнца а йолу ассациацеш яра уьш, ма -дарра аьлча, кхин цхьа а, хIара ду аьлла, билггал хаарш а доцуш. Ткъа кху суьйренна кечам беш а, тховса юха кхин цкъа а кхетта суна, мел сиха харцахьчу боьрзу стеган цхьана хиламех болу кхетам, нагахь санна иза кIирвелла, хьажа а ца хьожуш, тIехула дIа бIаьрг а тоьхна, тIехволуш ца хилча.

Дукха хан йоцуш Инде яхнера со, Тибетан хьал талла. Тховса кху цхьанакхетараллехь, хIетахь Индехь санна, боккха тIеIаткъам хилла суна, ма -дарра аьлча, цхьа кIорга эмоциалан йишйохар а, дан амал доцуш со хетар а. Ткъа, вукху агIор, со кхетайолаелла хIинца, нохчийн инзаре ширачу маршоне кхийдарх“.

Толстойн цIарахчу библиотекехь Нохчийчоьнна леринчу суьйренан декъашхо вара иштта немцойн вевзаш волу журналист Загер Дирк а. Дуккхаъчу шерашкахь Германин коьртачу телеканалех долчу ЦДФан Москохарчу редакцин куьйгалла деш хилла ву иза. Загер Дирк, журналист санна, дукхазза хилла Нохчийчохь а.

Дудаев ДжовхIарца а, Масхадов Асланца а цхьанакхетарш хилла цуьнан, иштта, шинна тIамах лаьцна дукхаза немцойн телефизионехула а гайтина Загер Дирка яьхна сюжеташ. Ша дуьххьара Нохчийчу вахарх лаьцна дуьйцучохь цо, мелла а забарца, хьахийра, ша цига вахале оьрсийн хаамийн гIирсашкара дукха инзаре хIуманаш хезна вара нохчех лаьцна, церан къизаллах а, аьрхаллах а, бохуш.

Цундела ша цхьаъ ваха ца ваьхьира цига. Дуьххьара шаьш дахнарг Шуьйта яра, бохура Загера. Шаьш юьртахь дистхила тIедахначу цхьана воккхачу стага, шайна тIе а хилла, куьг схьадаийтира, бохура. Иза хIун дагахь ву ца хууш волу ша кхеравелира, бохура, там бара хIара шайх лата, аьлла. Ткъа иза шега салам дала гIерташ хиллера, боху, шаьш ша волчу хьошалгIа чу кхайкха а.

Загер Дирка иштта дийцира, оьрсийн-нохчийн юкъаметтигийн башхаллех а, уьш тIемийн къизалло тIеIаткъам бина хиларх а лаьцна . Оьрсийчоьно Нохчийчохь дIакоьхьу тIемаш Европехь карарчу хенахь масал доцу колониалан тIемаш бу, метрополина шен колони дIа хеца ца лаар бен, кхин цхьа а маьIна а доцуш, элира цо. Ткъа и санна йолу политика дIакхехьар ткъе хьалхарчу бIешарца догIуш доцу хIума ду, аьлла.

Немцойн ПЕН-клубо Мюнхен-гIалин урхаллин культуран декъаца цхьана дIаяьхьна „Мотт. Даймохк. Махкахвалар“ цIе йолу суьйренийн рагI адамийн бакъонаш ларяърна леринчу даздаршца дIайирзира.

XS
SM
MD
LG