ТIекхочийла долу линкаш

Махках бевллачу а, бисинчу а нохчашна юкъахь дов хила бахьанаш ду, аьлла, хетий шуна?


Иттаннаш эзарнаш Нохчийчура бахархой бу тIемаш бахьана долуш махках бевлла бехаш. Царах дукхах берш цIаберза дагахь а бу. Делахь а уьш Нохчийчура дIабахаре цхьатерра хьоьжуш бац цIахь биснарш.

ХIора стаг шен дахарехь шена луург дан марша ву олий, цхьаболчара уьш бакъ бахь а, вукхара емал бо и нах, цхьацца бух болу а, боцу а бехкаш а дохкуш.

Махках бевллачу а, бисинчу а нохчашна юкъахь дов хила а, цара вовшашна бехкаш дахка а бахьанаш ду аьлла хетий шуна?

Иштта хир ду Маршо Радионо кху кΙиранна ладогΙархошца дийцаре ден хаттар.

Хетачух лаций телефон тоха тхоьга. Горгали а баийтина, охаьйилла а мегар ду телефон, тхо тхаьш девр ду шуьца зΙене. ПрахIе зΙе тухуш: код +420, лоьмар 724019832.

СМС яийта а тарло тхан Москохарчу телефон тΙе – 8 926 23 60 4 65.

Шун тергонца бен кхочийла дац вай ваьш хьоьгучу дикане - зIе латтае Маршо Радиоца.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG