ТIекхочийла долу линкаш

Вай гIо дан догIий Малхбалерчу вежаршна?


Даймохк а буьтуш, дIаоьху кавказхой. Вевзаш воцу суртдиллархо. 19-гIа бIешо.

Даймохк а буьтуш, дIаоьху кавказхой. Вевзаш воцу суртдиллархо. 19-гIа бIешо.

19-чу а, 20-чу а бIешерашкахь, мухIажирш бевлла, даймахках а къаьстина, Иракъехь, ГIажарийчохь, Шемахь севццачу вайнехан тIаьхьенех дукхахболучарна ца хаьа ненан мотт. Ледара ду меттан хьал Малхбалерчу кхечу мехкашкахь бехачу нохчийн а. Амма цара даймахкара гIо хиларе сатуьйсу шайна мотт Iаморехь а, къоман ламасташ шардаларехь а. Шуна муха хета, хIун дан догIу нохчийн Iедало махкахошна мотт Iаморехь а, и шарбарехь а накъосталла деш? Шуна гергара хетий цигарчу вайнехан и тайпа гIайгIанаш? ХIун далур дара вайга Малхбалера вайн вежарий нохчаллехь совбаха?

Иштта хир ду Маршо Радионо ладогΙархошца кху кΙиранах дийцареден хаттар.
Хетарг довзийта кху телефонашкахула. Праге зΙе тухуш: код +420, лоьмар 724019832.

СМС яийта а тарло тхан Москохарчу телефон тΙе – 8 926 23 60 4 65. Иштта имейл хьажо а мега Маршо Радионе: nc@rferl.org

Йовзийта шайн ойланаш. Дийцаре дича бен листалуш ма даций дахаран хьашташ!

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG