ТIекхочийла долу линкаш

Ринжанах дагалецамаш бен ца бисина нохчашлахь


Лулалхошна юкъарчу кертах нохчаша доккхуш хилла ринжа

Лулалхошна юкъарчу кертах нохчаша доккхуш хилла ринжа

Тахана, дуккха а нохчаша тоьшалла а деш, аллсам оьзда гIиллакхаш юкъарадевлла вайнахалахь. Хаза гIиллакх дара, масала, лулахочо шена лулахочунна тIекхача аьтто беш, кертаца жима ков дитар, ринжа. Иза хIинца ца доккху наха, цуьнца цхьана довш ду вайнехана амалан дуккха а кхин хазнаш а.


Къаноша даре а деш, лулахошца ринжа олу жима ков а доцуш, керт чуерзош а ца хилла вайнаха хьалха. Ишта сурт хилла, масала, махках даьккхина къам Сибреха хьаждале а, цигахь кхойтта шо а текхна, Даймахке юхадирзича а.

Ткъа тахана дукхахболучарна "ринжа" дош ша а дицделла догIу, кегийрхошний, кхиазхошний-м хIета а, вета а. Берашна и дош цадовзар а ду бух-бахьана долуш бакъдерг. Стенна аьлча, тахана дукхахболчу лулахошна юкъахь ринжанаш дан а дац. Масала, туьха дан, я хох беха хьажийна бер, ураме а даьлла, кхача деза лулахошка.

Адамийн вовшашна тIекхачар, вовшех дагадовлар лагIдалар цу ринжинийн къоьллех а ю ду аьлла хетий хьуна? Цу хаттарна тIера доладелира сан а, Теркйистерчу ЧIуьлга-Юьртахь вехачу яздархочун Хажмурадов Iайндин а къамел.



Оцу ойланехь цхьалха вац Iаьйнди. Бахархойн юкъаметтигаш, цхьамма варзапца зайлеш а детташ, леррина херйохуш санна хьажам болчех цхьаъ ю Соьлжа-гIалара хьехархо Иразиева Раиса а. Цо тидарехь адамийн вовшашка йолу шовкъ-марзо, уьш тIекаре, чукаре хиларан тIегIа лахдаларан гайтам бу ринжанаш дIадовлар.



Соьца къамел диначара дуьйцург, кхеташ ма-хиллара, деккъа цхьа ков-ринжа хилла ца Iа. Цара далхориг ду нохчашна дицделла догIу баххаш, вайнаха даима а парз а лоруш, ворхIе а дегара дуьйна схьа лардина гIиллакх-Iадаташ.

Къаноша дийцарехь. дика го, лулахошна юкъахь хилла ринжа, вайнахалахь дехьа-сехьа волу меттиг хилла ца Iийна, иза буьйса мел Iаьржа хиларх, бIакъажор доцуш, войшашкара хьал-де хаа а,т Iекхача а бер хьажо а йиш йолуш некъ хилла. Вуьшта аьлча вовшийн дегнаш довза, дагара хаа угаре а боца некъ хилла ринжа.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG