ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Платонна" дуьхьал протестехь дакъалоцуш бу нохчий а


Яккхийчу машенийн протест Дагестанехь
Яккхийчу машенийн протест Дагестанехь

Ерриге Оьрсийчохь санна Къилбаседа Кавказера «дальнобойщикаш» олу яккхийчу машенийн долахой юьстах ца бисна,»Платон» цIе йолчу,токхамаш бойтучу раж-дIахIоттамна дуьхьало еш дIахьучу гулам-акцешна. “Тхо дуьхьал ду ца богIу токхамаш байтарна, совнаха ял яккхарна» бохуш акцеш дIаехьна ДегIастанахь а,ГIебартойн-Балкхаройхь а, Кхарачийн-Черкасахь а,ХIирийн махкахь а,кхечу кIошт-гIаланашкахь а. Махкарчу Iедалхоша бечу тIеIаткъамца доьзна цу боламехь жигаралла гайта йиш йоцуш, мелла а юьстаха бисна нохчийн яккхийчу машенийн долахой. Бакъдерг аьлча царалахь цхьаболчара каде дакъалаьцна лула-куларчу мехкашкахь дIахьучу дуьхьалонан акцешкахь,амма махкахь ду бохучу Iедало машенаш дIаяхар биста кхаччалц кхерам тесча,церан цIабахка дезна, кхечу къаьмнийн векалш,шайн белхан накъостий къинтIера а баьхна. Цу кепара Прохладни гIалара цIаван дезначех цхьаъ ву Новр кIоштера «Ман» олучу машенан урхалча Ахьмад. Цуо дийцарехь вайнехан шоферашна шатайпа некъ карийна шайн резадацар дIадовзийта –цара шайн цIахь дIахIиттийна латтош ю машенаш. Ахьмад дийцарехь гена некъ бадийна баханчу нохчашлахь дукха бу кхечаьрца яхь лоцуш,тайп-тайпанчу кIошташкахь, машенаш дIахIиттийна лаьтташ. Ахьмад ву дуьйцуш. Яккхий машенаш тIехь берш резабоцург хIун ду аьлча цуо дийцира.

Ахьмад: “Резабоцург ду Советан Iедало дехкинчу некъаш тIехь токхамаш байтар, «Глонас», монас бохуш цхьацца бахьанаш а хIиттош. Цара тергамна хIиттийначу аппараташа а пуьташ бутту. Хьо цара бохучу некъа тIе ца ваьлча а ял такхар тIедожош меттигаш а ю.Схьадоккхуш ду ахча.Цундела резабоцчара дIа а хIиттийна латто машенаш дукха ю. Оццу тхуна юххехь ю ХIирийн мехкан Мазалк кIошт. Цигахь а дукха машенаш лаьтташ. Цигахь дакъалоцуш нохчий а бара. Цхьаберш кхерамаш а тиссина цIабаьхкина. Шайн кху цIахь Iа а,даха а безам белахь сихха схьадуьйла аьлла, цIабалийна яккхий машенаш тIехь болу долахой.”

Маршо радио: ХIинца кхечу кIошташкахь санна шуьга дуьхьалонан гуламаш ца бойту. Аш хIун до,аш муха гойту шаьш резацахилар?

Ахьмад: “Кху Нохчийчохь шайн-шайн цIахь Iаш бу нах. Соьга ,масала,Шелара а,Гуьмсера а зIе йиттина соьга Ставропол мехкан вогIий,Пятигорске вогIий бохуш. Ца воьду. Со а ца воьду,кхин а ца воьду. Шелахь машен йоцуш ма дац. Нах ца боьду. Дуьхьала а бевлла бехк баьккхича ала хIума ма дац. Вахча хьо кIезиг хета царна. Хьо мацалла вала воллу бохуш пIелгаш Iуьтту. Тахана яхь а лаьцна цхьа а цхьанхьа а воьдуш вац. Баханчеран машенаш йохийна масалш а ду.”

Маршо радио: ХIинца кхечу мехкашкарчу шоферашна хьалха шу юьхьIаьржахIуьттий ца хаьа те Iедалхошна?

Ахьмад: « Дукха дика хаьа. ЧIогIа дика хаьа. Шайн меттиг ларьяр коьрта а лоруш Iаш бу. Цундела тхо а ца довлу-кх ара. Хьаькамийн йоцург цу некъа тIехь тахана машен яц-кх. Оцу некъа тIе ваьлча а иза гуш ду. Тхан аьллар хилахь дуккха а хIуманийн мах охьабер бу. Цара и «Платон» раж-дIахIоттам юкъабаккхар бахьнехь лаккхадевлла а ма ду мехаш».

Советан Iедало динчу некъаш тIехь тIех сов ял яккхарна дуьхьала дIахьучу акцех дийцина Новр кIоштера Ахьмад тешна ву, яккхийчу машенийн долахой, Iедало беш болу тIеIаткъам юьхьар а ца лоьцуш, цхьа барт а хилла чекхбовлахь, уьш кхиаме кховчур бу аьлла. Иза тешна ву тIаккха кхачанан сурсаташ а,кхийолу Iар-дахарехь мел оьшург а механа яйлур ю аьлла.

XS
SM
MD
LG