ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь арадолуш долчу «Хаамийн геланча» олучу хьехарзошна хьажийначу газето кху деношкахь зорбане даьхна хьехархой алапийн терахьаш. Уьш гина цецбевлла бу шаьш хьехархой.

Нохчийчоьнан дешаран а, Iилманан а министараллехь хьехархойн аьттонна къахьоьгуш, царна гIоленаш яр шен коьрта декхар лоруш схьайогIуш ю профсоюзан цхьаьнакхетаралла.

Цуьнан «Хаамийн геланча» цIе а йолуш газета ду арахоьцуш. Цу тIехь, малх кхетначу дийнахь тоьхначу къоранах санна, массо цец а.акъ а воккхуш, зорбане даьхна ду хьехархойн алапаш.

ХIинцца байначу гезган машин беттан юьххьехь зорбане даьллачу газето чIагIдарца ткъа эзар сом сов алапаш оьцуш бу Нохчийчохь берриг а бохург санна хьехархой. Цу газетехь ма-ярра ялайо ас кIошташ. ТIехьа –мартанан кIоштан хьехархоша, юккъерчу барамехь 20 037.6 сом ахча оьцу.

Веданан кIоштехь болчара кхин а сов - 20 эзар 236 сом. Соьлжа-ГIалин кIоштан хьехархоша 20 342 сом. Дах ца дан аьлчи Гуьмс. Ножай-юрт кIошташ йоцчарна массарна а ткъа эзар сов алапаш кхочу.Ткъа стенна делахь а Новр кIоштеххьамма и гайтам 25 эзарнал а сов бу.

Хууш мА хиллара хьехархочуьнан шех ставка а олуш мел лахара а I8 сахьт хила дезаш ду кIирнах,вуьшта аьлчи 18 урок ялийта еза цуьнга кIирнах, цо ша «хIан-хIа «аьлла дуьхьало ца яхь.Соьца къамел деш болчу хьехархойх цхьаъ 32 сахьт луш ю, важа 29 сахьт луш ву, амма церан алапаш дац Iорадаьхначу терахьашка кхочуш. Цара дуьйцучуьнга ладогIийша.

Хьехархой хIоккхул алапаш ду аьлла шаьш гIардахар цхьа беламе бегаш санна тIеоьцу дукхахболчу хьехархоша. «Хьовсал шайн алапашка, шу-м къа хьаха дацара,леткъамаш бахьара аш хIинцачул тIаьхьа» бохуш, шайлахь забарш а еш.вовшашна марш кIел Iуьтту хьехархоша алапаш тIехь долу профсоюзан газет.

Бакълена цу хиламах цецбевлла бу хьехархой. Стенна аьлчи мел йоккхачу ишколехь а вац ишта алапа оьцуш 1-2 велахь кхин хьехархо. Иштта лакхара ахча эца тарло ишкол шина рожехь болх беш а елахь, хьехархочо 35-36 сахьт а делахь…Ткъа шайн бакъ алапаш мел ду дуьйцуш бу шаьш хьехархой. Шина ишколехь хилла сан хIара къамелаш.

Профсоюзан «Хаамийн геланча» газето чIагIдарца, Нохчийчоьнан Пачхьалкхан цIийнехь бинчу сацам-тIелацамца 2018 –гIа шо тIекхачале хьехархойн алапа кхин оццул сов лакхадер долуш ду. Вуьшта аьлча, оцу хенахь, валанза висинчу хьехархочо 45-50 эзар алапа оьцур ду. Бакъду, тахана оьцуш долчу хьехархойн ахчанан барам вуно морзах болуш бу газетехь зорбане баьккхинчул.

Схьахетарехь цкъа и гайтамаш, хьехархойн ахчанаш дIа а кхачийтина,вовшашна герга бало беза. Бало беза, нагахь саннаофициалан гIардаьккхинарг жима а бех болуш делахь.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG