ТIекхочийла долу линкаш

Тептарийн цензура, молланийн Iедал...


Нохчийчоь -- Iедалан дай зикрехь, Соьлж-ГIала, 25ГIу2010

Нохчийчоь -- Iедалан дай зикрехь, Соьлж-ГIала, 25ГIу2010

Нохчийчуьра хьакамаш реза бац, Москох кеч а йина, ерриг пачхьалкхарчу школашка бераш Ιамо дΙахьежочу тептаршна. Реза бац иштта децΙахь нохчийн Ιилманчаша арахоьцучарна а. Оцу резадацарх цхьадерг ду бух а болуш - оьрсашна шайн кхетам билла лаьа 100 сов долчу къоман берийн хьекъале. Амма цхьа а бух боцуш, беламе хΙуманаш а нисло нохчийн мехкан куьйгалхойн школашкара тептарш луьттуш хьийзарехь .


Цхьа бутт хан яц нохчийн школашка керла араяьхна тайп-тайпанчу динийн баххаш а, истори а Iамош йолу киншкаш кхачийна, Масала, кхушара Москохахь 23 эзар сов тираж а йолуш, зорбане яьккхина ю «Динийн истори» цIе йолу киншка. Цуьнан авторш бу махкахь дика бевза говзанчаш, Iилманан дай - Бетильмирзаева Марет, Денильханова Радима, Жабраилов Руслан, Алиев Iиса.

Даккхий даржашкахь болу Iилманчаш-профессорш боцуш, и керла жарга араяккха магош, къобалйинарш, рецензенташ, бу Пачхьалкхан цIийнан а, мехкан куьйгалхочун а администрацехь динан урхаллашца а, юкъараллица а зIе латточу Департаментан хьаькам Тевсиев а, Нохчийчоьнан муфти Мирзаев а. Уьш билгалбахар бахьана ду, школашка дIасакхачийна бутт хан а ялале, цу «Динийн истори» киншки тIехь хийцамаш бан болийна хилар, цхьацца сурташ а, йозанаш а дIа а дойъуш.

Нохчийчоь -- ТIехь "гIалаташ" а карийна, тIера сурташ а, йозанаш а шекъанашца къайладаьхна киншка ю бераша ишколашкахь Iамош,10ГIа2012

Нохчийчоь -- ТIехь "гIалаташ" а карийна, тIера сурташ а, йозанаш а шекъанашца къайладаьхна киншка ю бераша ишколашкахь Iамош,10ГIа2012

Цу хьокъехь, шайна кхерамаш а туьссуш, динчу луьрчу тIедахкарех дуьйцуш ю шен цIе йоккхийла ца лиина цхьана школера хьехархо.

Цо дийцарехь, жарги тIера сихонца къайлаяккха аьлла, лакхара охьа омра а дина, билгаляьккхинарг кхо меттиг ю. 14-гIа агIонна тIера Пайхамаран васт а, «Каабина хьалха ламаз деш Пайхамар» аьлла долу дешнаш а. 15 –чу агIонна тIера Iаьржачу шекъанца къайладаккхийтина говрберин сурт а. Ткъа 27-чу агIонна тIера шекъанца хьулдайтина Жабраил-малико къематде кхайкхоран сурт а, цу хьокъехь долу йоза а.

Дешаран а, Iилманан а министаралло а, динан урхалло а, чIогIа хьашто йолуш, мехала хIума а лерина, школашкахь Iамаяйта сихонца зорбане яьккхинчу цу киншки тIехь сел кIоршаме нийсадацарш стенна нисдалийтина боху хаттар диллина дуьсуш ду.

И гIалаташ ца довлийта хьуьнар ца кхаьчнехь а, муфтиято ишколан хьаькамашна тIедожийна динийн баххаш а, истори а Iамо школе хьовсийначу «динан дайшна» лаххаре а 15 эзар алапаш кхачийтар. Ала догIу, оццул алапаш оьцуш школашкахь дукха хьехархой бац. Цу тIе, муфтиято ша школашка хьовсош болу белхахой педагогаш цахилар хьесапе оьцуш а дац.

Хьахаделларш санна долу книжкаш тIера "гIалаташ" школашна лерина арахецначу киншкаш тIехь Нохчийчохь кхушара дуьххьара "Iорадовлуш" а дац. Пхи шо хьалха кхузахь зорбане яьккхина яра «Нохчийчоьнан истори, 19-гIа бIешо" аьлла 8-чу классан дешархошна лерина жарга. Цу юкъара а яьккхийтира тIаьхьа дагабевллачу маьхькамхоша дийнна цхьа агIо дIа, цуьнан метта, зорба а тоьхна, керла агIо-кехат ишколашка а кхачош. ХIетахь ялийтина ледарло йоьзна хилла Кунта-Хьаьжин дахарх а, кхоллараллин некъах а дуьйцуш, урхаллехь берш резабоцу "гIалаташ" довлийтарца.

Герггарчу барамехь, пхи-ялх шо хьалха, школашка баьржинчу Iедалан векалша 5-чу классан нохчийн меттан киншки тIера а яхийтира дийнна агIонаш дIа. Бахьана - цу тIехь цхьана исбаьхьаллин ирта тIера ялийначу упражненин текста тIехь Рамзан цIе йолу турпалхо вон вийцар. Бакъду, каде хьаьвзинчу маьхькамхоша сиха нисдира "маггане а мегар доцу" и "кIоршаме гIалат".
XS
SM
MD
LG