ТIекхочийла долу линкаш

Теркан бердаш вовшахбузу бурамо


Нохчийчоь --Терк, Бурамхо, 13Заз2014

Нохчийчоь --Терк, Бурамхо, 13Заз2014

«Бурам сихонца схьа а даьстина, хIара шиъ хьалавелира. –Муш схьалацалахь Айдамар ,- аьлла, топ схьаэца буьне хьаьдира Ларка. Цу заманчохь хьун чуьра нийсса бурамна тIедогIура говрийн бергийн сихделла тата. Когаш кIел гIаж керчича санна хетаделла, охьакхевдинчу цо, Ларкас сихвеллачу меттехь охьакхоьссина топ схьаийцира.

Айдамара мохь а тоьхна сиха схьахьаьдира Ларка. Цо бурамна тIе ког буьллушехь, берзалойн арданг санна хьуьнах ара а лилхина, тIекхаьчча ткъех дошло тIехьаьдира. Хьалха вогIучун бIаьрг кхийтира шина стага иттаммо санна, чIогIа муш а оьзна, берда йистера дIахерлуш доллучу бурамах.

- Ямартло…Тоха!-аьлла, бурам доьхкийле хьаьдира иза … Къора санна тоьпаш туьйхира цара бурам тIе. Бердана ткъех гIулч гена, хотто лаьцча санна, сецира бурам, муш озо цхьа вацара…»

Ас ешнарг Мамакаев Iаьрбис язйинчу «Винчу юьрта» ирти тIера жима кийсик ю. Цу тIехь, бурам а хьехош, яздархочо буьйцурш бIе шо хьалхалера хиламаш бу. Циггахь ву со, Мамакаев Iаьрбис хьехийна бурам долччохь, Теркан аьтто бердаца Iуьллучу, говза байтанча-къонах Iаьрби виначу, ваьхначу Лаха-Неврехь.

Мацахлерачу хенахь санна Терк хедош, дехьа-сехьа галдетташ хьийзаш ду тахана а кхузахь бурам, адамаш герга кхачош, хих бина шатайпа урам. Цо цхьаьна юзу Новр кIоштера Новр-гIала а, Теркйист кIоштера Лаха-Невре а. Со цигахь а волуш хIинцца цу бурам тIехь Новр гIалара сехьаваьлла соьца къамел деш волу лахановрахо.

Цул тIаьхьа бурамхочуьнца Эльмурзаев Висханаца хеттаршка а вуьйлуш со цуьнан хIурдкеманна тIехь, кхечаьрций Теркал дехьа ваьлла, Новр кIоште а кхечира, «хьошалгIахь» вах ца луш, юха сехьа а велира.

Кхеторхьама аьлчи, бурамхочо кхин дIоггара шен дегIана ницкъ а беш, хьоьгуш къа дац. Хино ша «тоттуш» ду бурам. Баьхьа бел санна шуьйра, гIалакхах тера, охьаоьхучу хина, жима лач а нисьеш, дуьхьала лоцуш леррина йина цхьа коьчал ю. И дIатоттуш санна охьаэхар нисло Теркан. Бурамхочо дийриг цхьаъ ду- дехьа берде кхаьчча, и «пиллаг-гIалакхь» юха а хин дуьхьал дерзош дIатосу. ХIаъ, ахча а оьцу схьа –цхьана агIор дехьа воккхург кхо туьма.

Теркаца хьоькхучу мохе новкъарло ца яйта бурамхочуьнца Эльмурзаев Висханаца сан къамел нисделира цуьнан белха хIусам-шалон чохь. И ву соьга шен белхан къайленаш йовзуьйтуш.

Таханлерачу. сихачу, кхиъначу заманна жоп луш, бIаьрла, хаза и бурам –дехьаволийла яцахь а, шеко а йоцуш цхьаъ дара бакъ – нах чIога реза а болуш, цу кема-галанчо,иттаннаш, бIеннаш бахархойн аьтто беш хилар.
XS
SM
MD
LG