ТIекхочийла долу линкаш

«Газпромо» ша Нохчийчу дIахьажош йолу газ ах мича йоьду ца хаа шена аьлла дIахьедар динера хIокху деношкахь. Цунна дуьхьал Нохчийчура Iедалша аьллера, оцу компанино республикехь йолчу биргIанашна дола деш дац аьлла. И бахаьана долуш, дийцарехь, дукхха а меттигаш ю газ дIаихна.

Нохчийчоьно шайна ахча оцу газах луш дац бохург дукхачу тергамхоша туьду оцу ягоригах пайда оьцучара цуьнах ахча луш доцуш санна. Газах а, тоьках а, хинах а наха ахча дIалуш хилар гуш ду, махкахь кассашна хьалха хIиттина рагI лаьцна лаьтташ адам хилар тидаме эцча.

Масала, Зайнап цIе йолчу зудчо билгалдаьккхира газах а, кхечу хьаштех а шаьш шен хеннахь ахча дIалуш хилар. Газах ахча дукха долун дела, цуьнан барам къасто газ лоруш болу гIирс хIоттина шаьш элира цо.

Зайнап: «Кху шарахь оха лорург хIоттийна. Оцу гIирсо чIогIа кхоош хилла ахча. 2400 сом а, оццула луш дара оха ахча хIинцалца. Ша дерг лерича, хIинцалца 3500 сом хуьлура тхан баттахь, ткъа, хIинца 2500 хуьлу».

Нохчийчохь коммунала хьаштех долу ахча гулдар 97 процентан бараме хьаладаккха Iалашо хIоттина Iедалан хьукматашна хьалха. ХIора бутт мел болу, и гIуллакх оцу терахьан тIедоьдуш а ду. Амма, ша верг вац боху Зайнапа цIе йолчу зудчо и ахча дIалуш. Шай урамехь а массийта ву шена хаавелла, аьлла кхин дIа а дицира цо.

Зайнап: «ВаллахI, бу-кх оцу тхан урамехь кхин хIумма а ца хилча а».

Соьлжа-гIалана уллерчу цхьана эвлахь вехачу Iисас а билгалдоккху, уггаре а дукха ахча шен газах долуш хилар. Цуьнах ша а, шен лулахоша а, гергарчара а ахча шен хеннахь дIалуш ду, аьлла тидам бира цо.

Iиса: «3500 сом ду-кх аса еккъа газах луш дерг. Тоьках а 500, хинах а 500 сом ду-кх. Ах газ йовр ю дера, цуьнах ахча цхьаболчара дIалуш ца хилча. Ахча дIа ца луш могIарерчу нахах кIезиг бу. Аса дIалуш ду иза. ТIаккха а декхарийлахь а вуьсу со. Суна мичара ю-м ца хаа иза. Ас болх бечу меттехь, биргIа ю газана дIайоьдуш.

Цигахь дIаоьхуш ю иза. Хьалхара тIом чекхбаьлча дуьйна ю иза дIаоьхуш. Ахчанаш схьалуш дац бохуш, тIе ахчанаш яздо нахана. Ткъа шай биргIанашна дола а ца до. Ах ахча дIаделча, ах тIера дIадоккху. Муьлхачу а контролерца барт бан йиш ю. Ахь ах ахча делчаь, цо ах дIадоккхур ду-кх».

Коммуналан хьаштех лучу ахчанан барам хIора шарахь лакхаболуш бу. Пенсина 10 туьма тIетохахь, нахера дIаоьцучуьнан барам 10 а 20 процент лакхаболу. Шина-кхаа шарахь, и барам кхиъ сов берг хиларна шеко яц тергамхойн.

Оцу хьолехь Нохчийчура Iедалша сацам бина беллачу а, а байинчу а нохчийн полисхойн а, эскархойн а доьзалш коммуналан хьаштех паргIат баха. ТIедогIучу шарахь дуьйна юкъадера долуш ду иза.
XS
SM
MD
LG