ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тамашена нехан тамашена чIагIо


Нохчийн полисхойн чIагIо.
Нохчийн полисхойн чIагIо.

Дуккха а нах эргIад бахийтина бу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана 20 эзар гергга герзхо цхьана стадионехь гулвина цаьрга Путинна чIагIо яйтаро. Стенна лелош ду цо иза? ХIун ала гIерта иза? ТIом бан дагахь ву-те иза? Мел догIуш ду иза бакъонца? Хаттарш дукха ду - жоп луш стаг вац.

Амма уггаре а нехан сагатдойтург ду герзах воьттина волчу 20 эзар стага шаьш Путина делла муьлхха а омра кхочуш дийр ду аьлла кехатана кIелла куьйгаш таIор. Муьлхха а бохург хIун ду хууш куьйгаш таIийний-те цара?

Ткъа хIорш тIаме баха кечбеллачу наха яздинчу кехатийн сурташ ду. Уьш а даийтина Маршо Радион ладогIархоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG