ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийн-нохчийн хьалхара тIом дагалецира Литварчу Сеймехь


Литва -- Вилнюс, Нохчийн-оьрсийн хьалхара тIом дагалоцуш хилла "Горга стол". ГIур.2014

Литва -- Вилнюс, Нохчийн-оьрсийн хьалхара тIом дагалоцуш хилла "Горга стол". ГIур.2014

ТIаьхьарчу масех кIирнахь Европерчу тайп-тайпанчу пачхьалкхашкахь дагалоцуш ду хьалхара оьрсийн-нохчийн тIом балар. 20 шо хьалха болабелалла хилла и къоман бохам бийцаре бира кху деношкахь Литварчу сеймехь а. Цигахь „горгарчу шуьне“ гулбеллера Европера а, Украинера а, Нохчийчуьра а политикаш.

Хьалхара а, шозлагIа а тIемаш боьлхучу хенахь оьрсийн хаамийн гIирсаша Нохчийчоьнна гIодечу коьртачу меттигашлахь цIе йоккхура Балтика хIурдана уллохь Iоьхкучу пачхьалкхийн. Къаьстина цу хьокъехь, олуш ма-хиллара, легашкахь йоллура Оьрсийчоьнан Iедалшна а, царна муьтIахьчу тергамхошна а Литва, цу пачхьалкхан парламентан декъашхой а, урхаллин векалш а, ткъа иштта шуьйра юкъаралла а Кремло Нохчийчохь лелош йолу таIзарийн политика емалйеш хиларна.

Европехь дика вевзаш волу Литван Сейман депутат Эндрюкайтис Альгирдас а, цуо куьйгалла деш йолчу Нохчийчоьнах йолу Дуьненаюкъара парламентхойн тобан декъашхой а, ДегIаста ша йозуш йоцуш а кхайкхича дуьйна а, тIемаш жигара долчу муьрехь а хийлаза цигахь хилла а, Малхбузерчу пхьоьханашкахь иза дийцаре дина а бу хийлаза.

ХIинца, хьалхара тIом болабелла 20 кхачар дагалоцуш, Литван Сейман кхерчахь „горгачу шуьне“ кхайкхинера Сейман парламентхойн зIенийн тобано масийта пачхьалкхара политикаш а, аналисташ а. Царна юккъехь Эстонин а, Латвин а, Украинин а, Нохчийн республика Ичкерин а, ткъа иштта шен, Литван, векалш бара.

I994-чу шарахь болабелла тIом а, цуьнан таханаллца схьайогIуш йолу тIаьхьлонаш а, дийначу чкъурашна лазаме тIеIаткъамаш бина йолу, йийцаре ечу политикаша тайп-тайпана рапорташ дехкира губеллачийн тидаме. Иштта официала дакъа дIадирзинчул тIаьхьа цу хиламе гулбеллачеран хьешашца дискусси хилира.

Дозанал арахьарчу Ичкерин цIарах горгачу шуьнехь дакъалоцуш хиллачу Исханов Хьусейна дийцира Маршо радионе, Вильнюсехь гулбеллачеран цхьана хIуманна тIехь юкъара ойла хилла хиларх – хьалхара тIом ша баьккхича дуьйна схьа а, иза шена цхьа а тIаьхьло а йоцуш бисарна, Кремл шен агрессорийн хьежамашкахь чIагIлуш дIаяхара.

Ткъа Гуьржичоьнан а, хIинца Украинин дакъошна цуо йеш йолу аннекси – иза цу хьалхарчу тIамехь цуо Нохчийчохь хIоттийнчух дуьненан юкъаралло цуьнгара жоп ца дехарца а доьзна ду.

Исханов Хьусейн: „И цхьаьнакхетар тIом болабелла 20 кхачарна лерина дара. ТIеман бахьанаш а, тIаьхьалонаш а яра цигахь йийцаре еш. И хIетахьлера тIом бахьана долуш эвхьаза бевлира оьрсий. Дуьненчохь шаьш сацон стаг вац боху ойла хIетахь чIагIйелира церан. Цундела бахара уьш Гуьржийчу а, хIинца Украине а. Иштта хIетахь хIаллакйан йолийна нохсийн култура а, мотт а, вайн исбаьхьалла а – и дерриге а таханаллца схьадогIуш хилар а дийцаре дира оха.

Горгарчу стоьлан декъашхоша дийцаре дира иштта Малхбузехь хьалакхуьучу нохчийн керлачу чкъуран хьал а, цунна хьалха лаьттачу яккхийчу Iалашонех а, халонех а лаьцна. Ткъа иштта Оьрсийчоьнан агресси шаьшна тIехь лайна а, ловш долчу а къаьмнаша вовшашлахь уьйраш чIагIйан езаш хилар а.

Исханов Хьусейн: „Массо а хIуманна а шен вуон а, дика а аIгонаш хулу. Вай кху аренца доьхна лелаш делахь а, кху вайн европехь хиларан дика агIонаш а ю. Царех цхьаъ- кхузахь кхууьш долу вайн бераш, итт-пхийтта шо даьлчул тIаьхьа хаза тоьллачу европерчу университеташказхь деша а дешна, говзанчаш хир бу, уш шайн къомана тIаккха вуно пайдехьа хир бу. Иза а дара цигахь дийцаре динчух цхьа дакъа. Иштта тхан барт хилира Украинерчу хьешашца цигарчу парламентехь кесталгIа юкъара цхьаьнакхетар дIадахьа а, вайн шина къоман юккъера уьйранаш чIагIйан а“.

Цхьаьнакхетаран чакхенгахь Горгачу шуьне гулбеллачара лерина резолюци тIеийцира.

XS
SM
MD
LG