ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчура талламан комитетан куьйгалхо Девятов Сергей хIоттийна президента Путин Владимира


Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан таламман комитетан Нохчийчохь йолчу урхаллан куьйгалхо Девятов Сергей.

Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан таламман комитетан Нохчийчохь йолчу урхаллан куьйгалхо Девятов Сергей.

Оьрсийчоьнан таламман комитетан Нохчийчохь йолчу урхаллан керла куьйгалхо хIоттийна Оьрсийчсоьнан президенто Путин Владимира. Иза ву юстицин инарла-майор Девятов Сергей.

Оьрсийчоьнан таламман комитетан Нохчийчохь йолчу урхаллан керла куьйгалхо хIоттийна юстицин инарла-майор Девятов Сергей. Цул хьалха хилла волу Бобров Сергей дIаваьккхира цу даржера 8 бутт а балале.

Кутаев Руслан, политикан говзанча.

Кутаев Руслан, политикан говзанча.

Девятов хIинццалц болх беш вара Свердлов-мехкан талламан комиеттан кьуйгалхочуьнан хьалхара когаметта. Девятов Сергей цхьана хенахь Нохчийчохь болх бина ву. Иза тIеман прокурор вара Нохчийн Республикехь дIатардинчу 29011 олучу эскаран декъан. Иза дикачу агIор туьду политикан говзанчо Кутаев Руслана.

Кутаев Руслане хаьттира оха, хIун хийцамаш хиларе сатийса мегар ду Нохчийчохь массара дуьйцуш долу луьра зуламаш талларехь президенто Путин Владиимра керла куьйгалхо хIоттийначул тIаьхьа аьлла.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG