ТIекхочийла долу линкаш

Министр Алханов Руслан шена Iаткъам бан гIоьртина боху суьдхочо Абубакаров ВахIида


Абубакаров ВахIид

Абубакаров ВахIид

Лахьан-бутт болалуш 28-шо долчу Эдигов Сулейманан дов луьстуш волчу Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхелан суьдхочо Абубакаров ВахIида сацам бина цу девнна юкъаравала. Абубакаровс дийцарехь, цунна телефонехула Эдигов бакъван мегар дац аьлла, кхерам тесна Нохчийчоьнан чохьарчу г1уллакхийн министр ву ша аьллачу стага. И бахьана долуш, ша муьлхха а сацам т1еэцча а, иза нийса бац аьлла, шеко кхоллалур яра бохуш, дуьйцу ша динарг бакъдеш суьдхочо Абубакаровс.

Эдигов дов къасторна юьстах валар хьокъехь яздинчу кехат тIехь Нохчийн Республикан Лаккхарчу суьдан суьдхочо Абубакаров ВахIида иштта дуьйца ша динчуьнан бахьана. «Нохчийн Республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министро инарлан лейтенант Алханов Руслан Шахаевич ву ша аьлла стага, номер билгал ца яьллачу телефонехула дIахьедар дира соьга - суьдхочуьнга, шена билггала хууш ду Эдигов С. С. бехке хилар цо дина боху зулам дарна. Цо варе вира со, и стаг бакъвеш сацам тIеэцарх».

Абубакаровс дийцарехь, кхелам процессехь таллам дIахьош гучудаьлларг дара, Эдиговс ма дийццара, нохчийн полицин белхахоша Марсхьокху-беттан 3-чу дийнахь иза лачкъийна хилар а, Гезгмашин-беттан 12-чу дийне кхаччалц иза лаьцна латтийна хилар а.

Оцу хеначохь Эдигов Сулейманан кьуйга пIелгашна, наштар сераца дIа а дихикина, ток етташ хьийзийна хиллп боцу бехк тIелаца бохуш. Цундела, суьдхочунна Абубакаровна хетарехь, цуьнга телефон тохар доьзна ду, ша толлуш долу бехк-такхаман гIуллакх бухе дилла мегаш хиларна полисхошна дуьхьал бехк-такхаман гIуллакх схьаделла.

Нагахь цул тIаьхьа ша муьлхха а сацам бича шена ша кхеравелла, я къелтаIа ца лиина бина хетар дара бохуш, яздо Абубакаровс ша и гIуллакх охаьадилларан хьокъехь хIоттийначу кехат тIехь. И кехат зорбане даьккхина «Къизаллаш лелорна дуьхьал комитет» олучу адамийн бакъонашларъйон органищзацино.

Цу организацин зорбанан сервисо бинчу хаамца, Абубакаровс дуьйцург таллар а, цуьнан кхерамазалла ларъяр доьхуш а цара кехаташ хьажийна Оьрсийчоьнан инарлан прокуроре Чайка Юрийга а, Оьрсийчоьнан Талламан комитетан гIантдега Бастрыкин Александре а, Оьрчийчоьнан Чоьхьарчу гIуллакхийн министре Колокольцев Владимире а.

«Къизаллаш лелорна дуьхьал комитет» организацин куьйгалхочо Каляпин Игора дIахьедар дина, бакъонашларъярхошна хууш ду Нохчийчохь болчу суьдхошна кхерамаш тийсар дуьххьара хуьлуш ца хиларх лаьцна аьлла. Амма Каляпина дийцарехь, дуьххьара гуш ду цу кепара суьдхо дуьхьал валар цигахь.

Кху тIаьхьарчу шерашкахь дуккха а Нохчийчохь болх бина волчу Каляпин Иргора дийцарехь, ницкъаллин структурийн белхахоша лелочу харцонаша а, уьш шайна луург лело ницкъ болуш хиларо а могIарера нах хилла ца Iаш эргIад оьхуьйту цигара суьдхойн юкъаралла а.

Абубакаров ВахIида яздарехь, шина кIиранах лаьдоьгIуш Iийра иза, шен куьйгалла юкъа а гIоьртина, и проблема дIайоккхур ю бохуш. Цо дийцарехь, ГIадужу-беттан 31-чу дийнахь Соьлж-ГIалахь кхеташо хилира, республикан лаккхарчу даржашкахь болчу наха а, ницкъаллийн структурийн белхахоша а дакъа а лоцуш.

Цигахь дуьйцуш дерг дара Iедало суьдхошна тIехь Iуналла дар шен караэца деха бохуш. Суьдхой бист а ца хуьлуш Iийра. Цул тIаьхьа Абубакаровс сацам бира Эдигов гIуллакх къасторна юкъаравала. Ницкъаллийн структурашкара наха юьхьдуххьала хоьттуш хилла Абубакаровга, и стаг дIахеца дагахь-м вац хьо, бохуш.

Абубакаров ВахIид республикехь вевзаш стаг ву. 40 шо сов хан ю иза Оьрсийчоьнан низамаш лардон системехь болх беш волу. Нохчийчоьнан прокупрпа хилла иза цхьана хенахь. Ша Абубакаровс дозаллица дуьйцу шен майраллах лаьцна.

Иштта BBC-на интервью луш, цо журналисте боху, диц ма де ша Дудаевга а аьлла хилар, цо деш дерг Iедал дIалацар ду, ткъа иза даймахкана ямарт хилар а ду, низамашца къоршаме таIазар дан догIуш хIума а ду аьлла. Цундела ше зеделларг ду шена Iаткъам бан гIерташ болчу нахана дуьхьало ян, иза дойтур дац ша боху Абубакаровс.

Иза эргIад вуьйлу муха мегар ду, бехк боцучу стагана харц кхел ян бохуш. Абубакаровс даре до ша буьрса суьдхо хилар а, ша прокурораша йоьхаш хиддачул а алсам хенаш йиттина хилар а. Цуьнан бахьана дара боху цо, гIуллакх толлуш шена гуш долу зуламан сурт.

Абубакаров ВахIид шена бечу Iаткъамна дуьхьал ваьлла аьлла хезна, Сибрех Iуьллучу цхьана колонера телефон туьйхира Маршо Радионе Iимран цIе йолчу тутмакха. Цу стага шена тIехь лайна Абубакаровн майралла а, нийсо а.

Iимран.


Iимран: Сан цIе Iимран ю, 2004-чу шарахь лаца а лаьцна чувоьллина ву. ГIалахь Лаккхарчу Кхелехь хан а тоьхна. Цара суна хан муха туьйхира? Соьгара даьккхина герз дацара, зулам динчу меттехь лаьцна а вацара со, я аса дина бохучу зуламна тешаш бац...
Веккъа цхьа кхиазхо вара - 8 шо хьалха кхиазхо вара иза, 16 бен дацара цуьнан - гIаларчу РУБОПехь волуш, цо суна дуьхьала тоьшаллаш динера боху, ша соьца цхьаъ оьккхуьйтуш вара, аьлла. И кIант лаьцна чувоьллина цара, 7 шо хан а тоьхна. Суна тIехь кхел ечу хенахь аса схьавалаве аьллера иза. "ХIан-хIа, бакъ дац иза, шена дукха йиттича, ша верна а кхеравелла, дийцинера ша иза" боху цу кIанта. Цо и тоьшалла керста дира. Суна ма хаьий, ша верна а кхеравелла цо иза дийциний.


Айса и зулам динехь-м, суна хала ма даций къера хила. Айса тIом ца бина ца боху аса. Аса динчунна со къера хир ву. Аса бохург хIун ду, зулам динехь, низамаш ма-аллара, цунна тоьшаллаш даладе, боху аса. Низамаш ду бохуш, нийсо лелайо ша бохуш пачхьалкх ма юй хIара. Сайца харцо ма лелайе боху аса. Iедална болх беш волчу стагана тIекховдар... дукха хIума дара.

Цара хIун бохура, "сой, суна духьала тоьшалла дина бохуш волу и кIанттий цхьанхьа ваха а вахана, цхьаъ эккхийтина", боху. Цигахь гIазакхи а велла боху цара. ТIаккха аса боху: "дукха цхьана ца догIу хIуманаш ду (кхийдочу бехкехь), хилла хIума ма дац иза." ХIан-хIа", боху. "Шаьш и кIант хан а тоьхна, дIавахийтина. Тхан иза дIахеца везар ву. Тхайн гIалаташна къера хила дезара ду тхан. Тхуна ца лаьа тхайгара гIалаташ девлла хиларна къера хила." Къайлаха бохуш ду иза. Вела а воьлуш. (Абубакаров) бохуш кхелахо вара иза. Деллахь, дуьйцуш хаза дацахь а, иштта бу-кх вайн цхьаболу "нийсо лелош болу нах".


Нохчийчохь йолчу ницкъаллин структурашкахь болх беш болу нах муьлуш бу бохург гойтуш дуккха а тоьшаллаш ду интернетехь. Бахархошна уггаре а халоне даьлларг ду цигахь лелаш цхьана а кепара, ур аттала Оьрсийчоьнан низамаш а ца хилар. Кху деношкахь Маршо Радионо хIоттийначу хаттарна жоп луш и хаьл дика дийцира Соьлж-ГIалара ВахIид цIе йолчу стага.

ВахIид: "Тахана хьо, суна хIара цатам бо, хьийзаво аьлола хьо тIевахча, хьуна дIадийца а, нийсо яйта а меттиг яц. Хьо тIелаца а, хьоьга ладугIур долуш а стаг вац кхузахь".

Цу хеннахь Нохчийчоьнан чохьарчу гIуллакхийн министраллехь харц до суьдхочо Абубакаров ВахIида дуьйцург.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG