ТIекхочийла долу линкаш

Хьал талхорна ...даржехь лакхаваьккхина Музаев Анзор


Нохчийчоь --Школе веъна Кадыров Рамзан, Соьлж-ГIала, 15Сти2012

Нохчийчоь --Школе веъна Кадыров Рамзан, Соьлж-ГIала, 15Сти2012

Дешаран керла шо шеца дуккха а шира гΙайгΙанаш а буьтуш деъна нохчийн дешархошна а, хьехархошна а. Амма лакхарчу тΙегΙанахь, цхьа даккхий хьуьнарш девлла бохуш, даржаш доькъу дешаран министраллерчу куьйгалхошна.




4-5 шарахь дешаран а, Iилманан а министраллин коьртехь лаьттинчу Музаев Анзоран метта ханна декхарш кхочуш дан хIоттийна цуьнан гIовс лаьттина Исмаилов Муслим. Ткъа ша Музаев, даржехь лакхавоккхуш, Оьрсийчоьнан дешаран а, Iилманан а министран гIоьнча дIавуьгуш ву. Белхан керлачу меттехь иза ларалург хиларан тешна ву ша боху мехкан дас Кадыров Рамзана а.

Амма хьехархоша тоьшалла до шайна тΙехь министр лаьттинарг далатоьхна педагог вацарх а, иза шел тΙаьхьа диканиг дитина воьдуш цахиларх а.

Музаев Анзоран белха меттиг хийцаро дагадоуьйту хьалхо лакхарчу тIегIанахь Нохчийчохь берийн бешашкара, школашкара , институташкара кхетош-кхиоран болх зен Iалашо йолуш , талламаш бан говзанчийн тоба кхоьллина хилар.

Оцу талламан коьртехь вара оццу урхаллехь министр лаьттина Дадаев Лоьма. Ишта хууш ду, Музаев Анзор министр волуш, махкахь цхьа бIе сов школан директор аттестаци-зерех чекхваьлла цахилар а.

Хьалха а Маршо Радионо дийца эшна а доцуш, Нохчийчохь дешаран министраллера, хьал галдаьллехь бен, тоделла дац.

Шайн тароне хьаьжжина дай-наноша токхамаш а беш, хьехархой а лоьцуш, берашка экзаменаш а йолуьйтуш, дIахIиттабо шайн доьзалхой деша. Хьехархоша даре а деш, Музаев Анзор министр волуш, йоза-дешар Iамор а, дешархойн хаарш а тергамза а дуьтуш, хаъал совбаьлла школашкахь кехат-язораш дебош, хIара кехат дуй, важа кехат дуй, бохуш, бен гайтаман-моттаргIанийн болх.

Iилма Iаморца, берийн хаарш шордарца доьзна доцуш, хIуманаш тIедахкар, хIокхунна, оцунна, бохуш, вуьшта а декъазчу алапаш тIера ахчанаш сецор, белхан хьелаш шо-шаре даларца тодаран меттана халонга дохуш ду махкахь.

Даржехь лакхаваьккхинчу Музаевс бIаьстенан юьххьехь, дезатоха санна, динчу цхьа дIахьедар. Керлачу дешаран шарахь, чIагIам боллуш дIахьедира цо, массо школашкахь керла жайнеш хуьлуьйтур ду ша, аьлла. Бакъду, карарчу хенахь гуш ма хиллара, школашкахь уьш тоъане а тоьуш яц.

Вуьшта аьлча, лаххаре а хIора кхозлагIа дешархо ву деша жайнеш доцуш. Цхьаболучара уьш зорба тухуш ду, хьалхара ши бутт дIаболуш хирду боху, кхечара дийцарехь, уьш маца хир ду, я хуьлу-ца хуьлу билггал хууш дац.
XS
SM
MD
LG