ТIекхочийла долу линкаш

Бахархошна кхерамаш туьйсуш ву Нохчийчура полисхойн хьаькам


Оьрсийчоь -- Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министран когаметта Алаудинов Апти.

Оьрсийчоь -- Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министран когаметта Алаудинов Апти.

Нохчийчура бахархошна кхерамаш туьйсуш ву чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьалхара когаметта. YouTube-хь гучуяьллачу ши минот ах минот йолчу видеоклип тIехь Алаудинов Аптис дIахьедарш до, шена елла бакъо ю жимма а "вахIабхочух" тера волу стаг дIалаца а, ве а, бохуш. Цул сов, цо кхерамаш туьйсу бахархошна, Iедална критика йинчу стагана таIзар дан. Цу хьокъехь материал кечйина Маршо Радион корреспонденто Сыновец Рона.

Еарин дийнахь YouTube-хь гучуяьллачу видеоклип тIехь къамел деш верг ву Нохчийн чоьхьарчу гIуллакхийн министран когаметта Алаудинов Апти.

Хьалха-МартантIехь Iедалан белхахошна хьалха къамел деш ву иза.




Адамаш дайъа бохуш кхайкхамаш бар а, царна кхерамаш тийсар а мегар доцуш хиларал сов бехк-такхаман кодексаца зулам лоруш ду. Иза дийцина стаг Iедалша жоьпе озо веза аьлла, комментари йира Алаудиновс дуьйцучунна Кавказерчу къаьмнийн Ассамблеян президенто Кутаев Руслана.

Кутаев Руслан: "Жоп дала дезаш хIума ду иза. Нохчийчохь иза дуьйцуш и стаг хиллехь а, Оьрсийчохь иза ловр ду аьлла ца хета суна. ГIарадаьллачу хIуманна жоп ца делча дер дац аьлла а хета суна. Уггаре а коьртаниг. ХIора а стаг маьрша ву. Бехке воцучу стаганна бехк буьллуш волу стаг адам ду ала меттиг бац. Адамо ша санна долчу адаманна цу кепара ямартлонаш лелор яц",

Хьалха-Марта "вахIабхойн" тобанаш дIатарйелла меттиг яра 1990-гIачу шерашкахь. 1999-чу шарахь Оьрсийчоьнан тIеман кеманаш Соьлж-ГIалана бомбанаш етташ лаххара а 2000 исламан тIемало дIатарвеллера Хьалха-МартантIехь

Цундела цигарчу Iедалан белхахой бехке бира Алаудиновс салафитех дог лозуш болу шайн гергара нах тергал а ца беш битарна.

Локшина Татьяна ХIюман Райтс Вотч вовшахтохараллан белхахо ю. Алаудиновс дуьйцучо гойтург Нохчийчура Iедалхоша Оьрсийчоьнан низамаш тергал деш ца хилар ду бохуш, дуьйцу цо.

Локшина Татьяна: «Иза, шеко а йоцуш, барам бу Нохчийохь хуьлучуьнан. Иза дуккха а шерашкахь хуьлуш ду цигахь. Кадыров баккъалла а болх беш ву Нохчийчоь Оьрсийчоьнна юкъахь йолу йозуш йоцу пачхьалкх йолуш санна, ткъа Оьрсийчоьнан низамаш лелаш дац Нохчийчохь».

Халахеташ делахь а, Алаудиновс дуьцург цигахь шуьйра даьржина ду, цигарчу полисхойн менталитет гойтуш хIума ду иза бохуш яра Локшина.

Даханчу Еарин дийнахь Кремлехь Федералан Гуламе шеран коьрта дIахьедар деш Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира, гулбелларш Конституцин Денца декъал а беш, элира цу документан адамийн бакъонаш а, маьршонаш а юйцуш йолу агIонаш хийца мегар ца хилар. Иза ду хIора стеган ваха бакъо хилар а, нийсо лелор а пачхьалкхо шена тIелаьцна бохург.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG