ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан Къилба гонерчу тIеман дакъошка хьовсо кечбеш бу нохчийн кегийрхой. Хьалхалерраниг ю квота – 500 стаг.

Республикехь 86 эзар стаг ву 18 шо а кхаьчна, эскаре хьажо торуш, хаамбо махкарчу тIеман комендатуро прессехь.

«Тахана дуьйна, ерриг пачхьалкхехь а санна, бIаьстенан мур болабелла эскаре хьовсораш вовшахтухуш. ДIахьовсочийн терахь кхушара совдер дац стохкачул. 18-27 шо долучех 500 стаг ву кечвина»,- аьлла комендатурерчу хьостано «Кавказан Узеле».

Эскаре бига кечбинарш берраш а санна бу лаккхарчу а, юккъерчу а дешарх чекхбевлла, спортсменаш, машенаш лело хуурш.

XS
SM
MD
LG