ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вайна хилла Миназаев Ризван полицехь "карийна"


Бевзаш боцчу герзахоша вигина, гергарчара лохуш вара, Маршо Радионо хаийтина ма-хиллара, Соьлж-ГIалин Старопромыслан кIоштара Миназаев Ризван. ХIинца билгалдаьлла иза полицин карахь вуйла, хаамбина Нохчийчуьрчу юкъархоша.

Кху беттан 24-чу дийнахь шен цIера герзахоша вадийра Миназаев. Новр-ГIалахь Росгвардин декъанна тIелеттачаьрца уьйрахь хилар бехкедора цунна – информаци яржийнарг яра полицера хьоста.

Шаьш бовзийта ца луучу бакъоларъярхоша бинчу хаамца, Соьлж-ГIаларчу полицин цхьана декъехь ву Миназаев Ризван. Иза шайгахь а ву, кестта дIа а хоьцур ву, аьлла полицино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG