ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мелла а ладоьгIаш Iан лаам кхуллу дешан говзанча ву суртдиллархо Пашаев Абу


Сурдиллархо Пашаев Абу.
Сурдиллархо Пашаев Абу.

Кегийрхой, кхиазхой кхетош-кхиорехь, кхайкхича мичхьа дIа а воьдуш, жигара дIакъалоцу суртдиллархочо Пашаев Абус.

Махкахь дика вевзаш суртдиллархо, хьехархо, дешан говзанча ву Пашаев Абу. Чечанахь вина а,кхиъна а волчу Абу кхолларалла евзаш ю дозанал арахьа а. Цуьнан цхьадолу суьрташ, «Цивилизин гериг» масала, дакъалаьцна ду Парижехь дIабехьначу гайтамехь. Дуьненна а вевзачу суртдиллархочо Шемякин Михаила Майкопехь дIаехьначу конкурсехь дакъалаьцначу 400 суьртах Пашаевн ши сурт «Бала», «Зов» финале кхаьчна.

Цуьнан шен суьртийн гайтам хилла мосуьйттаза а Соьлжа-гIалахь. Пашаев Абу авангардизм, сюрреализм, экспрессионизм олучу хатI –жанрехь болх беш ву. Хьолах ца кхуьург, ойланехь кIаргвала ца гIоьртича, атта дуьхе а кхуьур воцуш, цуьнан суьрташ цкъадолчунна кхета хала ду, стенна аьлчи кхоллархочуьнан васташ , кIорге а йолуш, вуно маьIне ду. Цара, мах а хадош, хьажархо ойлане а воккхуш, гойту зама а, цу замана шатайпаналла а.

Пашаев Абу мел вевзачара даре а деш, цуьнан дуккха а дикачу агIонех цхьаъ ю иза даима а «куьг кхочех» хилар, каро атта хилар, кхайкхинчу метте, шен суьрташ «пхьарс кIел а духкий», ваз а ца луш, леррина машен яхийта а ца оьшуш, дIакхочуш хилар. Иза кураллин хьаса боцуш, кхето атта могIарера стаг а, дог дика адам а ду.

Нохчийн а, дуьненан а исбаьхьаллин литература дика евзаш, ненан мотт тIех дика хууш кхоллархо а ву Абу. ТIамо Iовжийна, цуьнан кIуьрлахь «вахчавелла» хиларе терра, (Абун шен чуьра вийна эскархоша воккхах волу ваша а, вешин кIант а), цуьнан суьрташлахь кIезиг васташ дац тIеман лазам гойтуш.

ХIинцца аьлла ма хиллара, «Абу хьо оьшура, ван йиш елахь, кхача хьажахьара хьо» аьлчи, кIадо йоцуш дIакхочуш ву иза, мичча а, гена хиларх, бIо ца къажош. Цу декъехь, кегийрхой а, кхиазхой а кхетош кхиорехь, нохчийн мотт царна хазбарехь, дукха кхоллархой хир бац махкахь Пашаев санна шовкъе къахьоьгуш.

Мукъа хан елахь а и вогIу аьлчи дуккха а дешархой-кхиазхой а, хьехархой а дIа а гулбелла цхьаьнакхетар дIадехьна Теркйист кIоштан Iелин юьртан 2-чу ишколехь. Шен суьртех дуьйцуш, ша кхоьллина васташ довзуьйтуш, авторо йийсаре бинера ладогIархойн тидам, амма къаьсттина лерса хьоьстуш, цуьнан шорталла а гойтуш, бекабора цо ненан мотт. Пашаев Абу ву шен кхолларалла а йовзуьйтуш, дахарх а, заманах а, вайнаха лайначух а дуьйцуш.

Пашаев Абу: « ХIоккхеххьа вайн дайн бахар а, вай лайнарг а гайта гIоьртина-кх со. Ас хIара цхьаъ билгалдоккху ас. Куьйра ду ас гайтинарг. ХIара чурт ду, хIара кIудал ю. ХIара оцу куьйранан ког бу. Кху меттехь вай хIинцца аьллачунна тIедогIуш ду. Куьйра санна чохь дахар долуш волу стагга цуьнан чаккхе чIогIа дакъазьялла…Шен чохь машар лаха беза…Кхокха. КIудал. Хи. Нана. Йиша…ХIара шаьлта, лаьттах тоьхна… И хьалатоьхна хи санна.. Мехкадаьтта.

ХIара-м мехкадаьта дара бохуш вай кхехкира… Кху агIор хIун дара-м ца хаьа. Цигахь цкъа сендаллалц кхехкира, юха Iарждаллалц, юха кIелдиссалц. Цундела грипп санна, кхо элп долу лазар дара даьржина. Лаьмнийн раьгIнаш йохийна, яржийна. Iалам а цецдаьлла…ХIаваъ кIуьрехь шадерг. Ша кIур боьллуш гайтий хьуна бах соьга цхьана суртдиллархочо. КIур суна дукха гина,-элира ас,ас санна дика кIур ахь буьллур бац. Стенна аьлчи сан дахар дерриге а кIур бара.

ХIара диттан юьхк ю. Хьулла дехьа цхьа шиъ а ду хелха дуьйлуш. Кху меттехь сингаттам а бу хьийзаш. Аре а ю. Аьрзой бала бу… Зезаг а ду «ас сайн лазам сайна чохь хьулбира» аьлла. Заза, зезаг. Хелха мел вийлахь а, мел самукъане делахь а. Цхьанхьа боху-кх. «Вочунна кечло хьо, диканиг деъча хаалур дац хьуна». И бохург дац шуна даима а гIайгIане хила…

ТIам цхьаъ бен стенна бац, куьг а цхьаъ?.. Ницкъ цакхачар ду-кх. Ишта нисбелла-кх билламаш… Суна гина сурт ду-кх, тIама юкъахь со висча. Лазийна кхокха а, ишта вочу хьолехь узарш деш цициг а. ТIаккха а цу кхокханах къахеташ санна, цу цициго доладора цуьнан, ларбора кхокха. Акхарошкахь гора-кх къинхетам… Къинхетам боцуш хьалакхуьуш волчу стеган дахар ирсе хуьлийла а дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG