ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нью-Йоркера ши аэропорт юха а болх бан йолаелла


Сэнди цIе йолу механ дарц даьллачул тIаьхьа юха а болх бан йолаелла Нью-Йоркера ши аэропорт. Царах цхьаъ ю Кенеди цIарах йолу дуьненаюкъара аэропорт. ШолгIаниг ю «Ньюарк Либерти». КхолагIа - «Ла-Гуардиа» - цкъачунна дIакъоьвлина ю.

Цу инзаре онда дарцо 18 эзар рейс юкъахяьккхира Iамеркехь а, Канадехь а, кхин йолчу пачхьалкхашкахь а. Хьалха санна аэропортийн болх юхаметтахIотто дезар ду кхин а масийтта де.
XS
SM
MD
LG