ТIекхочийла долу линкаш

Бепиг ма даа боху бистинчу мехо


Оьрсийчоь -- Бесташ лаьттачу мехашна резабоцучийн протест, Москох,10Гез2012

Оьрсийчоь -- Бесташ лаьттачу мехашна резабоцучийн протест, Москох,10Гез2012

Луларчу мехкел хьалха яьлла Нохчийчоь кхачанан мехаш бесторца. 12 сом дехначу бепигах хΙинца ши туьма доьху. Хьоло уггаре хьалха дакъаза доккху иштта а токхе хилла доцу махкарчу къехочун текх.


Дукхахболчу бахархойн карарчу хенахь вуно чIогIа сагатдеш хIума ду, бала а кхаьчна, юкъагIоьрташ Iедал а доцуш, дазлуш лаьтта бепиг а, дама а. Гурахь 12-13 соьмах хилла бепиг тахана 20 туьмане хьаладахна, ткъа 500 сом доьхуш хиллачу 50 кийла йоьдучу тIоьрмиган тахана 850-900 сом мах бу. Оцо бахархойн йишйохийна. Иштачех ю Соьлж-ГIалин яхархо Дакаева Зараъ а.

Дакаева: «Валлай хаац суна-м, тIедетталуш лаьтташ-м ду мехаш. ХIара муха даа деза? Гурахь 12 сом бен бацара хIинца ши туьмане хьалабаьхьина. Iедалан бала кхача ца безара цу гIуллакхан? Шайна ма -товв мехаш тIе а детташ Iийр бу те уьш?»

КIез-кIезиг детталуш мехаш-м тIедетталуш лаьтта, боху Невран кIоштарчу вахархочо Хизарс. Делахь а, цо дийцарехь, кху тIаьхьарчу хенахь долахоша бепигца а, даманца а лелориг гIийла бохкучу нехан лаг лоцуш харцонаш ю.

Хизар: «Суна хууш, мехаш чIогIа тIетоьхна бепиган а, деман а. Нах реза-м бац. Теркаца йолчу кIошташкахь цкъачунна тIетохаза ду, хьалха эцна дама дIа ма даьллинехь, тIекхетар бу, боху кхузахь. Ялта ду-кх дазлуш. Со-суо гIалахь хилла-кх. Бахархой чIогIа реза бац. Церан собар кхачо гIерта моьтту суна. Суна ган а гуш, кхаллар а эцна, дIаяхара масех зуда, вуно чIогIа яппарш а еш».

Лакхадуьйлуш лаьттачу мехийн хьокъехь къамел динчу Хизарна хетарехь, катоьххна, Iедал юкъа а доьлла, цхьа хIума ца дахь, адамийн резадацар хIора денна а алсам долуш ду. Кхидерг доцуш, мокха деман мах а бу тахана, цо чIагIдарца, кIайчу даме гIоьртташ хьалабаьккхина.

Хизар: «Цул совнаха, Советан Iедал долуш дуьйна мокха дама хаъал дораха дара, ткъа тахана иза а, кIайн дама санна, даздина. Цуьнан бала болуш стагга-м вац.»

Нохчийчохь бепиган а, деман а мах ирхбахар шатайпа туьду Теркйистерчу вахархочо Мадиев Илеса. Уггар хьалха цо иза дузу, хьокхуш лаьтташехь, ялта кхаш тIехь машенаш тIе а дуттуш, лула-куларчу мехкашна спирт даккха а, йий дан а бIеннаш тоннашкахь дIадухкуш хиларца.

Мадиев: «Бепиг кху Нохчийчохь даздаларан бахьана хIун дуй? И дера ду, хьокхуш лаьтташехь, кхаш тIера ялташ дIадухкуш хилар. Схьаоьцуш лаьтташехь, дIадухкуш ду-кх. Цу холдингаша шайна луъург леладо. Ялта хьерашка кхачош а дац. Царна шен барамехь ялта хьерашка охьадиллар тIедожо дезара. Халкъан бала болуш стаг вац. Нахана пайденна мискъалан зарратал цу холдингаша беш пайда бац. Царна латтанаш дIадоьхкинчара царна тIедилла дезара ялташ чохь дитар».

Ялташ, тIаьхьенан ойла а ца еш, дIадохкар гIеххьа саяьлча тоаме цахетарца дузу Сайпудди цIе йолчу кхечу юьртахочо. Сан ишта къамел нисделла цуьнца, урх узуш да воцуш, ирхъоьхучу мехех.

Сайпудди: "Нохчий соьмах Iебаш бац. Соьма тIе сом даьлча а тоаме ца хета. Кхо сом тIе ца кхетча реза ца хуьлу. Телхина дерг и ду. Нохчийчохь доккхуш долу, кхиош долу кIа, масала, дама даккха пайденна дац. Дама чудохьуш ду. Долахошка мехаш тIе ца деттийта, пачхьалкх юкъайола еза, Iедал бах-кх ас. Царна тIеIаткъам беш, уьш низаме боьхуш, цхьа зеразакъ санна, Iедал хила деза юкъалелаш. Эшахь гIо дан а деза Iедало".

Схьагучу суьртехь, цкъачунна, доладеш Iедалан цхьа хьукхмат-урхалла а йоцуш, шашаха санна тIедетталуш ду Нохчийчохь Iар-дахарехь ца хилча амал доцчу сурсатийн мехаш. Амма массара а кхетош ду цхьаъ - зил тухуш да а воцуш, мехаш лакхадуьйлийла доцийла.

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG