ТIекхочийла долу линкаш

Теркйист кIоштан Чуьлг-Юьртана а, Невр кIоштарчу Ищери эвлана а юкъахь ду Теркан тIехула диллина шира, доккха, 300 метр хиллал деха тIай. Нохчийчохь цу хина тIехула шолгIа тIай дац 80 лахахь Девкар эвлана гергахь бен. Кхузара и тIай дIакъовла бохучу хаамо, бегашна а доцуш, сагатдо бахархойн.

Стенна аьлчи ЧIулг юьртара Ищера кхача ХIирийн мехкан Мазалк гIалахула го таса беза, вуьшта аьлчи 70-75 чакхарма некъ бу цхьана агIор. Лаха-Неврерчу а, Макнерчу а кхечу яртийн бахархошна, кхин а йоккха чIуг тухуш халонга бер бу и некъ.

Къаноша дага а догIуш Терка тIехула тIай бохийна махках баьхна нохчий Сибрехара цIехьа боьрзуш дина даьккхина ду. Цхьа йоманаш летош санна куьйгаш Iиттар доцург Ищерера тIай кху тIаьхьарчу шерашкахь тодина а дац бохуш даре до бахархоша.

Официалан Iорадаккхарца гурггарчу зхенахь Нохчийчу кховча безаш бу Волгоградера говзанчаш. Цара зераш а дина, тIайн кхоллам къастош сацам тIеоьцур бу. Говзанчаш стенна тIехь совцахь а герггарчу кхаа шарахь и тIай кхачо йоллуш тодан а, кхин тIай дан-м хьала а, охьа а бюджетехь къастийна ахча дац боху официалан хьостано.

Тахана бахархой кхоьрург ду чаккхе маца хир ю а ца хууш, тIай къевлина латтарна. Волгоградера говзанчаш тIай дIакъовла аьлла сацам бахь могIарерчу нахана гергахь цигахь дан догIург цхьаъ ду яккхий машенашна дехьа-сехьа йийлар дехка а дихкина, 2-3 тонна бен йозалла йоцчу кегийчу машенашна тIай маьрша дитар. Теркйист- Невр кIошташна юкъарчу Теркан тIайнах дуьйцуш ву орцаллин министараллин белхо Махмудов ИсмаIал.

«ЛортIехь белахь цара и тIай дIакъовла декхарра-м дац. Яккхий машенаш совцаяр ша ду. Со Невр кIоштехь балхахь ву и дIакъовлахь 100 чакхарма гергга совнаха некъ бан деза-кх сан.Мазалкехула гобаьккхина ваха веза. Уггар диканиг оццул кхерам белахь, яккхий,кира кхоьхьу машенашна дехка деза цу тIай тIехула лелар, ткъа кегийнарш йита еза.

Цу тIайнах пайдаоьцуш Невр,Теркйист кIошташкара бахархой хилла ма ца Iа. ЦIера Соьлжа гIалин кIоштера а, Соьлжа а, ТIехьа-Мартанан а кIошташкара а масала Серноводскера, Ассиновскера, Бумтара дукха нах ма бу Невр кIоштехь бехаш. Царна а чIогIа халонга дер ду и тIай дIакъовлар»

Соьца Теркан тIехула диллинчу ширачу тIех дийцина Махмудов ИсмаIал тешна ву 60 шо сов хьалха тиллина тIай хье а ца деш, и гIуллакх нахана бале а ца доккхуш, керла тIай дан дезара аьлла, хIинца долчунна юххехула. Цул сов, цхьаболчу бахархошна хетарехь, керла тIай дилла тIедожо дезар уггар хьалха Оьрсийчоьнан тIеман министараллина.

Меттигерчу наха чIагIдарехь уггар даккхий зенаш цу тIайна
эскархоша ца соццош ницкъала техника хоьхкуш, хьалхарчу а, хIинцалерачу а тIемашкахь дина. Кхузара и юхадарехь дукхах йолу харж яр цу урхаллина тIедожо деза бахархошна гергахь.
XS
SM
MD
LG