ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIай - керла, моттаргIанаш - шира


Нохчийчоь - Гуьмсан а, Шелковски а кIошташ цхьаьнаюзу керал тIай, 06Dec12
Нохчийчоь - Гуьмсан а, Шелковски а кIошташ цхьаьнаюзу керал тIай, 06Dec12

Нохчийчохь керла тΙай тиллина Теркал дехьа-сехьа лаьтта ши кΙошт вовшахъюзуш. Иза баккъал а дика совгΙат ду. Амма и тайпа гΙишлошна гонаха а еза-йоккха политика озар нисло мехкан Ιедалан. Ткъа цунах кхаьрда бахархой.



Шелковски-Гуьмс - ши кIошт цхьаьнайоьзна Терка тIехула керла тIай схьаделларо. Эзарнашкахь бахархой теш а болуш, и хилам нисбина кху гIуран беттан 6-чу дийнахь. Дийриг мехала гIуллакх а лерина, меттигера Iедалдай боцуш, цига веъна ур-аттала Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа Кавказехь векал волу Хлопонин Александр а.

Барамехь хиллачара тоьшалла а деш, цхьа доккха хашле-даздар санна дIадаьхьна керла тIай схьаделлар: и тIай мадду дохала, 264 метр беха адамийн могIанаш хилла дIахIиттина лаьтташ шина агIор, каралецна Путина а, Кадыров - Воккхачун а, Жимачун а сарташ а долуш, лестош Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а байракхаш а йолуш.

Кадыров Ахьмад–Хьаьжин цIарх и тIай хиларе терра, циггахь муфтиятан коьртехь волчу Мирзаев Султана доIа деш, схьабиллина Кадыров-Воккхачуьнан сий-ларамна хIоттийна хIоллам а.

"ХIара де историн дезде санна дагахь дуьсур долуш ду. Стенна аьлча, вайн хьалхара президент вара хIара тIай дагалаьцна. Цундела бахархойн дехарца кхунна цуьнан цIе а тиллина». Ишта къамел дина и тIай схьадоьллуш машенийн некъийн министр волчу Тумхаджиев Олхазара.

Керла йинчу гIишлонан а, махкахь хуьлчу кхечу дикачу хийцамийн а лакхара мах хадош, вистхилла цигахь Хлопонин Александр а. "ХIара тIай догIар - шатайпа, инзаре хIума лара кхин цхьа бахьана а ду, - аьлла шен дашехь, Хлопонина, стенна аьлча, « 1800 метр дохаллехь, гола етташ доьду Терк нисдина кхузахь,бердаш чIагI а деш».

Герггарчу барамехь цу кепара, меттигерчу Iедалдайшна юьхькIаме, царна хастамаш беш, цхьамогIа совгIаташ доькъуш, дIадирзина керла тIай схьаделлар. Бакъду, цигахь хиллачу цхьаболчара даре а деш, кIезиг ца хилла цу хиламах даллане а самукъа ца долурш а. Масала, дешархой а, хьехархой а, кхиболу бертахь а, бертаза цига дIаоьзна бахархой а.

Керла тIай схьадоьллучохь мехкан а, махкара боцу а куьйгалхой хир бу аьлла, Шелковский кIоштана бIе чакхарма генара а тIехь нах дIаоьзна цига Iедалхоша. Уггаре генарчех цхьаъ ю Теркйист. Цигара ву соьца къамел деш волу хьехархо.

Цо дийцарехь, Iуьйранна ворхI сахьт даьлча, лартIахь са а тасале, шеца итт дешархо а волуш, автобус тIехь ву иза. Итт сахьт долуш дIакхевчча уьш йиллинчу метте. ТIаккха, делкъал тIаьхьа кхо сахьт даллалц, цигахь кхаьбна, хьаькамаш схьа а баьхкина, тIай схьаделларе хьоьжуш. Миллий, мацаллий даладохку бераш а далош, хьехархо цIа веъна маьркIажа хан хиллачул тIаьхьа.

«Иза-м новкъа а дацара, - боху сан цIе йоккхийла доцчу хьехархочо, - суна а, берашна а халонга даьлларг дара, тIай тIе дIакхача 12 чакхарма генахь, автобусаш тIера охьа а диссийна, догIмашца оьккхург а, герз а ду-дац хьовсуш, зераш а дина, гIаш дIадигар».

Ишта къамел дира цигахь дешархошца 6-7 сахьт хан текхначу хьехархочо. Цо дийцарехь, тIай тIе дIакхачале кхин а кхузза догIмех хьаьвсина нахана. "Къаьсттина ницкъ бийриг дара, герзах боттабеллачу, Iаьржа духар дуьйхинчу гIаролхоша, юьхь а, хам-пусар а доцуш, ден эвхьаза къамелаш, "гезарий", "бараны" бохуш, хьоькху маьхьарий… Берех а, со-сайх а эхь хеташ Iий-кх со. НеIалт цу базарна. ХIинцачул тIехь со цига водахь, сан ворхIе дена а хуьлда изза..» Ша лан дезначух иштта дийцира цу хьехархочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG