ТIекхочийла долу линкаш

Кунгаева Элзин дахар юхадендан еъна дуьнентIе Жаннати Элза


Полковника Буданов Юрийс юйна йолу Таьнгичуьра нохчийн йоI Кунгаева Элза.

Полковника Буданов Юрийс юйна йолу Таьнгичуьра нохчийн йоI Кунгаева Элза.

Адамийн ламасташка диллича, йоьлха де а дац кху йоьΙан (эфирехь доьлхуш хеза бер) – шо кхаьчна ерриг Европана а нийсо хьоьхучу адамийн бакъонаш Ιалашъечу Францерчу Страсбург-шахьарахь дуьнентΙе яьллачу Эльзин. Шашаха тиллина цΙе а яц Элзина тиллинарг, Жаннатин Элза ю иза, Ялсаманера Эльза – 13 шо хьалха оьрсийн полковника, танканийн декъан хьаькама Буданов Юрийс Таьнгичохь къиза йийначу Кунгаева Элзин хьомара дуьнентΙехь яха еъна Ахьядова Элза.



Норвегехь тховкΙело карийна бехачу Кунгаева Висига а, цуьнан цΙийннене Розига а дΙахаийта лаьа Маршо Радиона сийллаллехь юйла, юьззина оьзда нохчо а йисина, мостагΙчунна къар цалуш, эхарта церан йоΙ ерзар къомо деза лоруш турпалалла дуйла.

Шайна иштта Кунгаева Эльза дагчу йоьжна хилар хоуьйтуш тиллина шаьш шайн берана Жаннати Элза цΙе элира тхоьга йоьΙан дас, Страсбургерчу нохчийн бакъоларъярхочо Ахьъядов Ιисас.



ТΙемаша, кхечу баланаша алссам нохчийн дΙахьочу кху заманахь доккха хΙума ду къоман керла чкъор дузуш хилар. Кхин а деза, хаза ду нохчаша шайлара сийдолу мехкарий а, кΙонахий а дагахь кхобуш. Декъала хуьлда жима Элза, дукха ехийла!

Кхунах тера

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG