ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIун хуьлуш ду «вайн» мехкдаьттах?


Нохчийчоьнна тIемаша йохийначуьра меттахIотта деза, шен маьIданийн мехах цуьнга иза атта далур ду, схьало тхоьга тхан мехкдаьтта, баха долийна дукха хан ялале кхелхира мехкан администратор Кадыров Ахьмад.

Цуьнан воIа, таханлерчу куьйгалхочо Кадыров Рамзана а долийра мехкдаьтта «Чеченнефтехимпроман» кара юхадеха иза доладерзийначу Оьрсийчоьнан «Роснефтера». Лурчах, шо доьрзуш, президенто Путина багахь дош а делира Кадыровга ша цуьнан лаам кхочушбо, аьлла.

Амма лаьтташ ду хьал хьалха а санна – нохчийн мехкдаьттах саоьцург арахьара, цхьа жимма ял Нохчийчоьнна ялар доцург, и маьIда долахь кхобу Москохара компани ю.

Стохка Къилбаседа федералан министро Кузнецов Лева хаийтира журналисташна Соьлж-ГIаланий, «Роснефтний» юкъара дийцарш дерзаза дисинийла. Цул совнаха, хаийтира Кузнецовс, 2010-чу шарахь оцу компанино ша Нохчийчохь юьллур ю баьхна, 1 миллион тонн маьIда шарахь чекхдоккхур ду аьлла ян къастийна индустри хIоттор а тIехьатеттинийла.

Мехкдаьттан жима дакъа шайн долахь хиларх а тоамбан безаш буьсу нохчий. Амма иза а ю блеф. Ма-дарра теллича, Нохчийчуьра «Чеченнефтехимпром» а ю Оьрсийчоьнан Iедалан бахаман «Росгосимущество» агенталлан долахь. Цуьнан мах лурчаха бу бохура 2 миллиард сом. Ткъа урхалла до цунах оццу «Роснефто». Мехкдаьтта даккха бакъо ю махкахь лаьттачу 1100 орчуьра еккъа «Грознефтегаз» компанин, амма ша иза а ю «Роснефтан» долахь.

Официалехь Кадыровс «Чеченнефтехимпром» мехкан маьIданца цхьаьна нохчийн дола йоьхуш, дIахьедо, «Роснефто» хайра доцуш доладо, олий. Шайна шайн махкара латта мукъа оьшу, шаьш Къилба Корейрчу Kokam компаница 2014-чу шарахь бартбина, махкахь литий-ионан батарейш ен индустри хIотто, аьлла а дара «Роснефтера» латта юхадезар хьахош, цхьана юкъанна Кадыровс айдина бахьана.

Муха го мехкдаьттан дай шаьш ларалучу нохчашна шайгара де, мел кхочу царна цунах пайда, дийцира Теркйистерчу вахархочо Сапаев Ризвана, Маршо Радионо хетарг дийцар дехча.

Сапаев: «Роснефтан» карара мехкдаьтта даккхалур доций суна а хаьа, махканна а хаьа. Баланаш вайна даима а бу оцу мехкдаьттано бохьуш. Сан алапа 7 эзарне а ца кхочу, болхбеш со велахь а, ткъа цхьа мехкдаьтта а доцчу Москох сайнчул дуккхаза а лакхара ду ас санна болхбечун алапа. Вайн къийсарх хир дац вайгахь вайн мехкдаьтта».

Путина делла дош дисина далларх, деллачохь. «Чеченнефтехимпром» яцара дахна шо дерзале Медведев Димтрийн министрийн кабинето Оьрсийчуьрчу регионашкахь меттигерчу долахошка дIаяла кечйинчу компанийн могIарахь.

Доцца аьлча, ца хилла барт я Путинца а, я Медведевца а, я «Роснефтца» а. Мелхо а, «Грознефтегазера» хьал ша доладерзо лууш ю аьлла дIахьедина дукха хан йоццуш Iедалан бахам шегахь кхобучу «Росгосимущество» агенталло.

Делахь а, Кадыровн гонехь дог ца диллина. Стохка Нохчийчу инвестицеш кхачаре сатуьйсучу цо лаам кхайкхийна Канадерчу «Genoil» компаница цхьана, шаьш махкахь мехкдаьтта а, газ а цхьана яккха дохку, аьлла.

Нохчийчохь даккха торуш Iуьлла лаьттах 10 миллион тонна тIера 70 миллионе кхаччалц мехкдаьтта. Таханлерчу мехашца аьлча, 300 миллион доллар гергга. Цунах пайда нохчашна хир бу ала а дац. Нохчаша шаьш ма-аллара, и мехкдаьтта къомана пайде дац, иза цунна бале а даьлла. Дукха аналитикаш бара, бан а бу кху тIкъе иттех шарахь къомо ловш болчу тIемашна бухахь и мехкдаьтта ду аьлла хетарш.

Делахь а, ала деза, кхушара Нохчийчоьнна лур дац Кремло хьалха шерашкахь деллачул ахча. 8,5 миллард соьманна дефицит ю кхушаренна бюджетехь. И хаам бина, «вай долчу ревизор вогIу» боху Гоголан персонаж дага а тосуьйтуш, Нохчийчоьнан финансийн министро Расуханов Iусмана.

Хьал ахча хадочу кхочуш дуйла хиинчу Кадыров Рамзана ши бутт хьалха долийра резавоцуш дIахьедаршдан, амма Кремлерчу наха тейора юкъаралла, данне а дац Нохчийчоьнан бюджет лахйо бохург бакъ, олий.

Ткъа кханалера хьал тахана билгалдаьлла. Я бюджет а ца тоьаш, я мехкдаьттан да а йоцуш йиса кхаьчна Кремлан куьйгакъел еъначу Нохчийчоьнна. Ткъа махкахь, хууш ду, ахча долу хьаькам вуьззина хьакам ву. Ткъа доцург? ... Цуьнан мел мах-ларам хуьлу а гина…

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG