ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муртазалиева Зараъ: Нохчо хилар бара сан бехк


Нохчийчоь -- Бехк а боцуш набахтехь 8,5 шо текхна нохчийн йоI Муртазалиева Зараъ, 17Деч2005
Нохчийчоь -- Бехк а боцуш набахтехь 8,5 шо текхна нохчийн йоI Муртазалиева Зараъ, 17Деч2005

Оьрсийчохь бехказа чубоьхкинчу нахах лаьцна евзаш йолчу журналиста Светова Зояс яздина тептар довзаре даьккхина Соьлж-ГΙалахь. Доккхачу декъанна цу тΙехь дуьйцу, бехк-гуьнахь а доцуш, набахтехь 8 шо ах шо такхийтинчу нохчийн йоIах Муртазалиева Зараах лаьцна. Цуьнца доьзна Маршо Радионо массех хаттар дира шега Муртазалиевага.


Оьрсийчоьнан таханлерчу бехктакхаман системан мах а хадош, ша цигахь лайначу балех лаьцна дийцира Муртазалиева Зараа. Шен коьрта бехк ша нохчо хилар дара, аьлла, дIадолийра цо тхан къамел.

Муртазалиева: «Уггаре а халаниг дара нохчо хилар. Массо а хенахь, нохчий ду, олий, дIакхаьчнначохь хьийзадора тхо. Кхечарна мегаш дерг тхуна ца магадора. Тхо нохчий долун дела мегаш дацара иза а. Чохь бохкучу нохчийн я хеназа набахти чуьра араволийла а дац я чохь йоккху хан аттачу йоккхийла а дац. Цхьа а бакъо а яцара сан. Суна массо а маьIIехь дуьхьалтухура, со террорхо ю, олий. Уггаре а халадерг дара иза.

Маршо Радио: Чохь бохкучу нахаца юккъметтигаш муха яра хьан?

Муртазалиева: "Чубоьхкинчу нахаца цхьа а хало яцара. Шайолу проблемаш а, хало а набахтийн администрацешца яра-кх.

Маршо Радио: Оьрсийчоьнан бехктакхаман система хийца еза, бохуш, дуьйцу наха. Хан а яькхкина, набахтера араволу стаг хийцалой араволий? Я оьгIазло хуьлу цуьнгахь?

Муртазалиева: "Цигахь олуш ду цхьа хIума: Хьан боху, зоно (набахтино - ред.) адам хуьйцу? Цо адам талхадо. Цу чуьра аравериг, оьгIазвахана араволу. Цигахь хан йоккхуш, дагчохь оьгIазло йоккха хуьлу. Дукха нах хуьлу цигахь, шаьш-шайна хорам а бой, леш, куьйган пхенаш хедош а.

Светова Зояс яздинчу тептар тIехь, дика гуш ю Нохчийчуьрчу тIеман къиза а, маьттаза а тIаьхьалонаш, уьш маьршачу нахана тIехь хаалуш хилар, аьлла, цунна мах хадийра «Дош» журналан редакторан гIовс волчу Дудуев Iабдуллас.

Дудуев: "Тептаран башхалла ю тIеман тIаьхьалонаш цо ма-ярра гойтуш хилар. Цхьана йоьIан кхолламна тIехь ма-дарра гойтуш ду иза. Цхьа а бехк боцуш, харцо латтийна цунна тIехь. ХIума ца хуучунна дуккха а хIума хоуьйтур долуш ду-кх и тептар".
XS
SM
MD
LG