ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чернобылехь хилла нах юхаларар долийна Нохчийчохь


Украина -- Чернобыль, ГIезалойчура студенташ, 1986 шо.
Украина -- Чернобыль, ГIезалойчура студенташ, 1986 шо.

Украина Чернобылехь ток йоккху атоман станци иккхина баьлла бохам дIаберзийна декъашхой, юха багар а беш, зе болийна Нохчийчохь. Къинхьегаман а, социалан хьелаш кхиоран а министаралло хааме даккхарца чернобыльхой юхабагарбар дIадерза дезаш ду кху карахьболчу гIуран баттахь.Уьш юха зе болабар доьзна ду боху маьхькIамхоша церан хьокъехь статистика ширьелла,ши-кхо шо хьалхалера хилар.

Къинхьегаман министараллин хьостано кхеторца Украинехь 1986-чу шарахь иккхина бохам дIаберзийнарш мел ву хаа талламаш бар доьзна ду царна Iедало гIоленаш еш хиларца: ахчанца а, хIусамашца а, молханашца а.Цу гIуллакхна жоьпалле болчу хьаькамаша бахарехь чернобыльхойх цхьаберш махках бевлла дIабахна, кхиберш белла, цундела церан хьокъехь статистика карла ца яьккхича ца йолу.

Шайн аьтто беш хиларна къера бу дуккха а чернобыльхой. Амма шаьш маса ву хаа къасто болийна талламаш беккъа цуьнца боьзна ца Iа уьш. Царна хетарехь и зераш доладаран коьрта бахьана ду махкахь виснарг масса ву хаа а, Черонобылехь хилла нах ду шаьш бохуш харц кехаташ кечдинарш билгалбаха а. Цу хьокъехь дуьйцуш ву Украинехь цу кхерамечу хьелашкахь болх беш чекхваьлла Соьлжа-гIалара Iийса.

«Со 1987-чу шарахь 4 баттахь итт дийнахь хилла Чернобылехь. Со Южатомэнергосройхь вара.Со эскаре вуьгуш санна кхайкхина вигна вара.»

-Шу Нохчийчохь чернобыльхой шуна гIодархьама багарбан болийна боху. Хьуна и бакъ хетий?

«Ишта хила а там бу билггал алалур дац. Харц кехаташ а кечдина,пенсеш а оьцуш,Украинехь хилла шаьш бохуш лелаш берш болуш бу тхуна юкъахь.И зераш уьш гучубаха долийна а боху цхьаболчара.

Тхан ченобалцийн комитетан коьртехь волу хьаькам масала, билггал цигахь хилла ву аьлла чIагIо йийр яра ас . Иза тIехьаьжча а ву цомгуш. Ткъа цуьнан берстана батIа бохку гIоьнчанаш хилла аьлла-м ца хета суна цу бохамна аьттехьа а.Мел бу алалур дац соьга и саннарш а бан ма бу.»

Цхьаболчу чернобыльхойн пенсеш иттех эзар бен цахилар ткъа кхечеран 50-60 эзарнаш а,кхин лакхара хилар ахь муха туьду аьлчи цо элира.

«Ростов гIалахь ю лоьрийн коьрта комисси.Цара сацам бичий бен лакхар пенсии хIотта а ца до. Со шозза хиллехь цигахь, амма суна и кехат делла дац. Ахча дала деза. И дIадала ца хуьлуш со масийтта шаре а ваьлла.Цхьана хена 200 эзар бара церан барам. Банкера ссуда а оьцуш со сетташ леллашехь хан елира,ахча суна ца тоьира.

ХIинца 500 эзар деза лаххаре а. ЛартIахь пенси доладалийта дIадала и ахча доцуш, бакълена Чернобылехь хилла пекъарш буй хьаьвддий, бевддий лелаш бу-кх. Церан бала кхочуш Iедал а дац. Оццу ХIирийн мехкан Мазалк гIалахь масех стаг ву Украинехь хилла.массеран а лаккхара пенсеш ду.

Пенсеш ду вонкоматан бала а кхаьчча,иза хьалханча а хилла уьш лоьрех чекх а баьхна,шен хенна кехаташ кечдина дела. Кху Нохчийчохь кегаре бу. Хьан бала болуш стагга а вац».

Соьца Чернобыльх лаьцна къамел динчу Iийсас чIагIдарехь, уггаре а халаниг и ду лортIахь пенси даккхар. Ма-дарра аьлчи бохура цо Ростов-гIалахь лоьрех кхиамца чекхвала а, алсам пенси догIур долуш дика кехаташ а кечдайта а хаза нехан санна токхамаш бан беза. аьлчи кхаъ- ахча хьалха ца даьккхича хьан гIуллакхе ца хьовсуш долу сурт деккъа Нохчийчохь хилла ца Iа цара дийцарехь. Иза Оьрсийчоьнан шатайпа мугIар-кхаж хуьлчух тер а ду, схьахетарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG