ТIекхочийла долу линкаш

Депардьё: Мерза бу нохчийн кхача


Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан волчохь хьошалгIахь ву францойн киноактер Депардьё Жерар, 25Чил2013

Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан волчохь хьошалгIахь ву францойн киноактер Депардьё Жерар, 25Чил2013

Соьлжа-гIалахь ша йоккхучу кинон презентаци еш, зорбан-конференци дIаяьхьира Депардьё Жерара. Гулбеллачу журналистийн хеттаршна жоьпаш лууш хиллехь а, францойн актера шен кхоллараллах лаьцна бен а ца дийцира. Политикаца дозу къамел, хеттарш тергал а ца дира цо. Амма политикан бух болуш ду цо даймохк дIатасар, аьлла хета цуьнан цIахь - Францехь.



Зорбан-конференци йолаялале Депардьё Жераран гIоьнча волчо хаам бира, политикан хеттаршна актера жоьпаш лур дац, аьлла. "Кхоллараллах доьзна хеттарш де, вай хазаниг а, диканиг а дуьйцур ма ду", - аьлла, дехар дира цо.

«Independent» газетано делла хаттар а лерира политикан. Иза дара, Нохчийчохь йоккхучу фильман сценари Кадыров Рамзана къобал йина юй, аьлла. Кхечу пачхьалкхерчу журналисташа «хала» хеттарш луш хуьлундела, Депардьёс хаьттира, мичахь ю НТВ а, Хьалхара Канал а - цаьргарчу «аттачу» хеттаршна жоьпаш дала атта дара актерна.

Нохчийчуьрчу журналистех дерг аьлча, царна уггаре а чIогIа хаа луург нисделира Францерчу актеран юучу хIуманца долу гергарло. Ткъа Депардьёс лаккхара мах хадийна нохчийн кхачан.

Депардьё: «Шу кхача мерза бу. Ас дикачу сурсатех бина кхъача бен ца буу. Со текхан а, сурсатийн а ламастийн фанат ву. Суна гира шун кхузахь францойн бепиг ден у туька. Со юучу хIуманна фанат ву».

Кхоллараллехь доцу хаттар дара, Нохчийчохь ресторан елла дагахь-м вац теша Депардьё, аьлла. Цунна жоп ца хилира.

Зорбан-конференци чекхйолуш, актерана гергагIоьртира Франс-Пресс агенталлин корерспондент. Ша Францерчу хаамийн гIирсашца къамел ца до, цара шен вон мел дерг яздина, аьлла, цуьнца къамел ца дира Оьрсийчохь бен биллинчу актеро.

Беккъа Францерчу журналисташа емал дина Iаш дац Депардьё Жерара динарг. Шен махкана букъ муха берзор бу, бохуш, ца кхеташ бу цигахь дукха нах. Маршо Радион оьрсийн сервисан корреспондента Кириленко Анастастияс, ша а Францехь Iийна хиларе терра, теллина цо динчун хIун мах хадийна цигахь. Цо ишшта дийцу.

Кириленко: «Депардьёс динчо Iадийнера, оьгIазло а кхоьллинера Францин хаамийн гIирсашкахь. Журналисташ луьйш бара цунна. Иза бехкевора, Кадыровца уьйраш а тесна, иза шен бахам гулбан гIерташ ву, аьлла. Цо лелориг шалхенаш йолуш ю. Цо цIенош эцна Бельгехь. Тамаша бу иза я Соьлжа-гIалахь а, я Саранскехь а ваха сацахь. Беламе хIуманаш а ду цунах лаьцна дуьйцуш. Денев Катринас а дIахьедар дина, цо Оьрсийчоь хестор саца ца дахь, ша цуьнца къамел а дийр дац, аьлла».

Депардьё Жерара, шен даймахкана букъ а тоьхна, Оьрсийчу вахар - иза цхьаболчу эксперташа ша тайпа туьду, бохуш, дуьйцу журналиста Кириленко Анастасияс.

Кириленко: «Ас талламаш бина айса. Уьш Францин хаамийн гIирсашка а кхаьчна. Бастонера Жунуэль бохуш волу музыкан критик ву цигахь вевзаш. Цо яздина, Депардьён, гарехь, оьрсийн амал ю, аьлла. Малхбузехь догIуш дац шен бахам гайтар а, сонта лелар а, некъан хьовзам иккхича кхеле ца вахар а. Оьрсийчохь Депардьён хазахетарг ду, кхузахь ахча долчу стеган дерриг а дойла хилар, даккхий тойнаш хIиттадар, чагIаран хIордаш латтар».

Мухха а делахь а, Депардье Нохчийчу вар доккха совгIат лору францойн кино езачара. Ткъа кхечарна актер, политикан бухе а ца кхийдаш Iийча дика хир дара аьлла хета.
XS
SM
MD
LG