ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалина - цирк


КараIамийна пийлаш циркехь
КараIамийна пийлаш циркехь

Соьлж-ГIалахь кестта цирк ян тарло, Iедалша хаам барехь. Иза дΙахΙоттолц йолчу юкъанна, четара кΙел еха шапито-цирк схьаелла Iалашо ю мехкан куьйгалхойн.




ТIедогIучу шарахь Соьлжа-гIалана юккъахь, гарехь, коьрта базар хиллачу меттехь, ян йоло мега циркан гIишло. Оцу хьокъехь дийцарш дIахьош ду республикан культуран министралло Росгосциркца. Маситта шарахь дахделла долу уьш, хIинца гарехь шай цхьана чакхене кхаьчна. Йоккха хир ю боху цирк. Амма иза йина яьллалц, ханна, гIалахь дIахIоттор ю шапито-цирк.

Цхьана хенахь Соьлж-ГIалара цирк Къилбаседа Кавказехь цхьаъ бен яцара. Цигахь болх бина артисташ а бара вуно говза лоруш. Масала, оцу циркера говраш хахкархой бара Советийн заманахь, пачхьалкхехь йолчу ткъе ялх тобанал тоьлла а лоруш, Монте-Карло дуьненаюкъарчу циркахойн къийсадаларшкахь дакъалаца къастийна.

Хьалхалерчу циркехь къахьегначу Джабраилов Iабдулле дийхира Маршо Радионо Соьлж-ГIалахь хиллачу цирках а, хIинца ян тарлучух а лаьцна хетарг алар.

Джабраилов: « Ма доккха хIума дара иза хилча. ТIом дIабаьлча вайна массарна а оьшу иза. Берашна къаьсттина чIогIа еза. Советан Iедал долчу хенахь даима а юьззина хуьлура и цирк. ХIирийн махкара а, Дагестанера а, кхечу республикашкара а бераш а, баккхийнаш а балабора, автобусаш а йохуьйтий. Москохара циркаш а йогIура кхузахь болх бан. Кхуза, масала шапито еъча, меттигаш ца тоьаш, соьга хийла дехна наха шайна билеташ нисдар».

Джабраилов Iабдул хIIинца ша хьаъ висина махкахь мацахь дуьненна а евзаш хиллачу тобанах. Шен белхан накъостий а дукха дика дагабогIу цунна. Царна юккъахь клоунаш а, пелхьош а бара, бохуш кхин дIа а дуьйцу цо.

Джабраилов: «Вайн республикехь и говзанчаш шорта бара. ХIинца царах висина со цхьаъ бен вац. Цхьаъ - Тимаев Руслан, Москох Iаш ву. Арчаков Берснакъ вара, Батыров Мохьмад вара. Иштта 5-6 вара тхо. Клоунада лелош а вара нохчийн ши жима стаг. Цхьаннан цIе Руслан яра. Вукхуьнаниг дага ца йогIу суна. Хаза неха санна дика клоунаш а бара уьш. Пелхьо а ву вай уггаре а дикачарах - Виситаев Адам. Иза а ву Москох крла чкъор Iамош».

Джабраилов Iабдула, шегахь могашалла йоллучуьра, шегара говзалла тIекхуьучу чкъорана дIаяла кийча ву. Шен дахар эрна дIадахана лара ца оьшу боху цо, кегийчарна цхьа трюк мукъане а Iамайойла хилахь.

Джабраилов: «Вайн кегий нах чIогIа тIах-аьлла а, доьналла долуш а, майра а бу. Со жима волчу хенахь ишшта бацара. Дзюдон турнире ваханера со. Цигахь дара 8 а, 9 а шераш долу бераш. Мел чIогIа летара уьш! Цаьрга хаьжча, хуур
ду уьш мел доьналла долуш а, яхь йолуш а бу».
XS
SM
MD
LG