ТIекхочийла долу линкаш

ГКЧП - нохчийн дахар къахьдина путч


Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан Федерацин президент Ельцин Борис къамел деш ву КIайн ЦIийнан хьалха, 19Марс1991

Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан Федерацин президент Ельцин Борис къамел деш ву КIайн ЦIийнан хьалха, 19Марс1991

22 шо кхачна Советан пачхьалкхехь ГКЧП олу путч хилла. Iедалан лаккхарчу даржахоша махкахь чолхе хьал кхайкхийра цу дийнахь, ГIирмерчу Форос олучу меттехь садоIуш волу президент Горбачев Михаилан зIенах дIа а хадийна.

Кхаа дийнахь хиллачу путчо йохийра Советан пачхьалкх, цу махкахь дехачу къаьмнийн дахар а хуьйцуш. Къаьсттина вочу агIор кхоллам нисбелира тIаьхьо шина тIамах чекхбовла дезначу нохчийн.

1991-чу шарахь Марсхьокху-беттан 19-чу дийнахь Iуьйранна телевизир латийначу нахана гуш яра саццаза гойтуш йолу «ГIургIезийн Iам» цIе йолу Рахманиновн мукъам тIехь хIоттийна йолу балет. Иза билгало яра махкахь цхьаъ хилла хиларан. И мукъам хIоттабора Советан пачхьалкхехь эфирехь я Коммунистийн партин Инарлан секретар, я цуьнга гIоьртташ волу политбюрон декъашхо кхелхича.

Амма ма доллу дерг хIора стагах хьакхалуш а, церан дахарна вуно онда Iаткъам бийра болуш а хиллера. Iуьйранна 6 сахьт даьлча массо а телевизионан каналашкахула а, радиочухула а сингаттамечу озаца махкахь Iедал хийцадалар дIакхайкхийра леррина дикторо.

Диктор: «СССР-ан вице-президентан указ. Горбачев Михаиле, цуьнан могашалла во хилар бахьана долуш шен СССР президентан декахрш кхочуш ца далон дела, СССР-н Конституцин 127 - 7 статьяна тIе а тувжаш, 1991-чу шеран 19-чу Августехь дуьйна, СССР-а президентан декхарш кхочаш дан волавелла со. СССР-ан вице президент Янаев. 18-гIа Август 1991 шо".


СССР -- КIайн ЦIийнан хьалха гуллуш бу бахархой, Москох 21Марс1991

СССР -- КIайн ЦIийнан хьалха гуллуш бу бахархой, Москох 21Марс1991

​Марсхьокху-беттан 19-чу дийнахь ГIирмехь садоIуш волу Горбачев Михаилах тутмакх вира ГЧПН декъашхоша. ДIайолайелира кхаа дийнахь яхйелла йолу ГКЧП олуш путч.

ГКЧП-н декъашхой Советан пачхьалкхан чоьхьарчу министр Пуго Борис а (аьр-аьттоагIорхьа), вице-президент Янаев Геннадий а, пачхьалкх ларйон кхеташонан гIаьнтден хьалхара когаметта Бакланов Олег а зорбан конференци луш бу Москох, 19Марс1991

ГКЧП-н декъашхой Советан пачхьалкхан чоьхьарчу министр Пуго Борис а (аьр-аьттоагIорхьа), вице-президент Янаев Геннадий а, пачхьалкх ларйон кхеташонан гIаьнтден хьалхара когаметта Бакланов Олег а зорбан конференци луш бу Москох, 19Марс1991

​Цуьнан куьйгаллехь вара 8 стаг. Вай хьалхо хьахийна волу Советан пачхьалкхан вице-президент Янаев Геннадий а, тIеман министр Язов Дмитрий а, КГБ-н гIантда Крючков Владимир а, премьер-министр Павлов Валентин а, Чоьхьарчу гIуллакхийн министр Пуго Борис а, Юртабахаман белхахойн кхеташонан куьйгалхо Стародубцев Василий а, Пачхьалкхан индустрин объектийн а, Iедалан заводийн а ассоциацин куьйгалхо Тизяков Александар а, пачхьалкх ларйон кхеташонан гIаьнтден хьалхара когаметта Бакланов Олег а.

Хууш ма хиллара, цу деношкахь коьрта турпалхо а хилла дIахIоьттира вайн махкахо цу хенахь Оьсрийчоьнан Федерацин (РСФСР) Лаккхарчу Кхеташонан гIантден декхарш кхочуш деш волу Хасбулатов Руслан.


Оьрсийчоь -- Хасбулатов Руслан Маршо Радион Москох студехь, 2008

Оьрсийчоь -- Хасбулатов Руслан Маршо Радион Москох студехь, 2008

Цо меттах ваьккхина ГКЧП-н декъашхошна дуьхьал велира Ельцин Борис. Хасбулутов Русланна хетарехь, истори кхечу агIор гIура йолу хIуманаш дуккха а дара цу деношкахь. Дукха хан ялале путчхой эшна хилар шена гуш дара бохуш дуьйцу Хасбудатов Руслана.

Хасабулатов Руслан: «30 шо ду со Москох вехаш волу. Суна дуккха а нах бевзаш бара цигахь. Цундела дерриг а къайлах дерг хаара суна. Соьца юристийн факультетехь деш болу сан накъостий тIеман контрталламан сервисехь а, КГБ-хь а балхахь бара. Уьш сан накъостий бара.

Цара хаийтара суна шайн хьакамаш дийр дерг. Цундела уьш боьхна буй хууш вара со. Тхуна тIаьхьахIоьттина дуккха адамаш, халкъ дара. ТIаккха кхийтира со. Кхера гIуллакх дIадели, хIара де дIадаьлчхьна шолгIачу дийнахь чекхдер ду аьлла кхийтира со. Чекх а делира иза».


Форосера Москох кхачийна Горбачев Михаил, 22Марс1991

Форосера Москох кхачийна Горбачев Михаил, 22Марс1991

Ткъа муха тIеийцира Москох Iедал карчо гIортар Къилбаседа Кавказерчу республикийн куьйгалхоша. Масала, Завгаев Докку цу дийнахь Москох вара. Амма цIа веача а билггал цхьа агоI ца лоцуш висира иза. Даголоьцу Хасбулатов Руслана.

Хасабулатов Руслан: «Оьрсийчоьнан Федерацин 4 куьйгалхо ГКЧП-на тIаьхьахIоьттинера. Завагаеввий, Къилбаседа ХIирийчура Галазоввий, ГIезалойчура Шаймиеввий, Якутера Николаеввий. Царна чIогIа оьгIаз вахана вара Ельцин.

Аса элира цхьа чIогIа таIзар дича дика хир дац, вай юкъараллехь цхьа маслаIат деш хIума дан деза. Цундела цаьрга ла а доьгIна, цхьа къеда таIзар де вай аьлла. Ахьа аьлларг дийр ду ша аьлла, реза хилира иза.

Вуьйсуг хIилла долуш ма бара. Галазов а схьавеара, велха а воьлхуш. Шаймиев а схьавеа, велха а воьлхуш. ДIо Николаев а веара, шегара гIалат даьллера, ша нийса ца леллийра аьлла. ТIаккха оха битира уьш.



Нохчийчоь -- Оьрсийчоьнан эскарш Соьлж-ГIаларчу Ханкала кеманпортехь, 15Лахь1991

Нохчийчоь -- Оьрсийчоьнан эскарш Соьлж-ГIаларчу Ханкала кеманпортехь, 15Лахь1991

Ткъа Завгаев мичахь ву?! Ельцина а телефонна етта, шен гIоьнчашка схьакараве иза бохуш. Аса а телефон етта. Соьлж-ГIала телефон етта... Цу тIе, ала а аьллера аса хIумма а дийр дац, жимма дов а дина, вуьтур ву, дIавоккхур вац аьлла. ТIе ца веа-кх хIуъа а дича а».

Нохчийчохь а, кхечу республикашкахь санна адам араделира ГКЧП оьшаш хилар гинчул тIаьхьа. И нах кхин чу ца бирзира меттигера Iедал хийццалц

Хасбулатов Русланна хетарехь, нагахь путчан декъашхой жимма тIах аьллча хиллехь, уьш тола а мегар. Амма тIаьхьарчу хенахь Оьрсийчоьнан куьйгалхоша гайтина йолу кIизалла гайта цу хенахь Iедалехь хилла нах кийча бацара. Уьш кхеча заманан нах бара бохаш дуьйца цо.

Хасабулатов Руслан: «Цара тIом бинехьара тхо хIаллак дан хала дацара царна. Амма цIий Iано ца лиира царна. Нахана хууш дац иза. Мангал бут чекх бала гергабахча (1993-чу шарахь) Дудаев а дог даьлла вара. Суна а, депутаташна а иза дуьхьал валаран бахьана дара цунна Полторанина а, Бурбулиса а, Шахрайс а кхечара а къайлах гIортор еш хилар.



Нохчийчоь-- Нохчийчоьнан президент Дудаев ЖовхIар къамел деш ву нохчийн парламентан декъашхошна хьалха, Соьлж-ГIала, 13Лахь1991

Нохчийчоь-- Нохчийчоьнан президент Дудаев ЖовхIар къамел деш ву нохчийн парламентан декъашхошна хьалха, Соьлж-ГIала, 13Лахь1991

Мангал-беттан 20-чу дийнахь доккха кехат даийтинера соьга цо, Дудаевс. Шега оцу Кремлера наха бохург дош доций хии шена, ахьа делегаци яийтахьара, оха аша аьлларг а дийр дара, федерацин барт беш дакъа а лоцур дара аьлла. Кхин цхьа а дов ша оьшуш а вацара аьлла, кехат даийтинера цо.

Со чIогIа хазахетта вара. Барт хили тхан аьлла. Сан когаметта вара Яров Юрий. Аса цуьнга элира Дудаевга телефон тохий барт бе, Гезгмашин-баттахь Сочехь кхетта а цхьаьнакхетар ду вай, и хаттар луьсур ду вай аьлла.

Суна хетарехь и конфликт йицелла а хира-кх вайна, дерриг а нийсачу агIор дIагIур дара. Нагахь санна цо (Ельцина) герзаш ца диттинерахьара КIайн ЦIанна цхьа а тIом хир бацара. Республика кхуьуш а хир яра. Дала геч дойла царна массерна а (чIогIа дукха вай хIаллак хили) и нах бехаш а хир бара-кх».

Оьрсийчоь -- ГКЧП-н декъашхой латтийна набахта.

Оьрсийчоь -- ГКЧП-н декъашхой латтийна набахта.

Марсхьокху-беттан 21-чу дийнахь ГКЧП-н декъашхой дIалецира, ша шена тоьхна велла волу чохьарчу гIуллакхийн минситар Пуго Борис воцург. Кхин а жимма хан яьлча Iедалша амнисти йира царна. Амма ГКЧП-но йохийра Советан пачхьалкх.





ХIинца болчу Къилбаседа Кавказерчу республикийн куьйгалхойх аьлча, Москох путч иккхича царах вевзаш волу политик цхьа Абдулатипов Рамазан бен цхьа а вацара. Ткъа иза тIе ца тайра путч айинчу нахана.

Кхин цхьа хIума а ду. Левада-центро тIаьххьара бинчу талламашца, ГКЧП хиллачул тIаьхьа пачхьалкх нийсачу агIор яхана аьлла хеташ бу 26 процент Оьрсийчура бахархой. 46 процент бахархошна Оьрсийчоьно харц некъ юьхьарлаьцна аьлла хета.

ХIара программа кечйеш пайда эцна Маршо Радион эфирехь хиллачу материалех.

XS
SM
MD
LG