ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьорсанахь - тIом, нахалахь - эладитанаш


Нохчийчоь --Лаьмнашка тIемаш бан доьлху эскарш, 20Чил2000
Нохчийчоь --Лаьмнашка тIемаш бан доьлху эскарш, 20Чил2000

Юха а тΙеман кеманаш хьийза, деза герзаш дуьйлу нохчийн лаьмнашкахь. Журналистех, тергамхойх хьулдинчу хьелашкахь хьаннашка теттина Ιедалан бΙонаш. Шиъ полисхо вийна, 15 лазийна алар доцург, кхин хΙумма а хоуьйтуш дац Ιедало Хьорсана гонаха иккхинчу тΙематасадалар лаьцна.




Iедалан ницкъаш лаьмнашкарчу тIамна кийча цахилар гойтуш хIума ду, тIемалой цхьа боккха бIо шайна тIелетча санна, цара тIеман кеманашка а, беркеманаш а орца а аьлла, ракеташ а, бомбанаш а чуеттийтар. Iедалан герзахой боьхна, кхерабелла хилла схьагучу суьртехь.

ХIинцца ладоьгIча,гучудала там бу и лазийна а, байина а боху низамхой кеманаша тIедиттинчу герзаша охьабехкина хилар. Цу кепара хьажам Маршо Радиона бовзийтинарг ву дуккха а хенахь ницкъаллин дак4ъошкахь белхаш бина, тахана пенсехь волу соьлжагIалахо Гилани.

Полицин урхаллин хьостано даре а деш, дараш кIезиг ца хилла –15 стаг ву чевнаш йина, шиъ вийна. Низамхойн буьйранчаш кеманашка гIо деххал холчахIиттина хиллехь а, царна хууш дац герггарчу барамехь ала а, тIемалой мел хилла, царна юкъахь дараш ду я дац а.

ТIемалойн хьокъехь официало гIарайохурш еккъа цхьа шеконаш ю "элира- бахара" кепара. Масала, цхьаболчу Iедалан векалшна хетарехь, Умаров Доккин бистакхаччалц гIаттамхойн баьччанаш шайца а болуш, Бумматан агIор дIа а яхана, гIалгIайн махкахь къайлаяьлла хила тарло.

Официалан хьостано билгалдоккху Умаров Докка Хьоарсанара хилар а, и меттигаш цунна а, цуьнан накъосташна а пхи пIелг санна дика евзаш хилар а. Доцца аьлча, муьлш бу ца хуучу тIемалойн тоба, шаьш дийриг дан а дина, лаьтта буха бахча санна, цхьанхьа хьулбелла.

Шуьйра дийцаре ден и тIематасадалар доцуш, кху деношкахь хьуьнхахь герзан къайле а карийна ТIехьа-Мартанан кIоштахь, Бумматна юххехь. Цу чуьра схьаэцна маса топ а, масех хIоъ а, граната а, патармаш а.

Оццу хенахь гIаттамхойн аьтто бина аьлла шеко йолуш, Эластанжара 38 шо долу вахархо сацийна низамхоша. Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло Iорадаккхарца, ши шо хьалха цо цхьа мур бахьана гIаттамхошна даа а, мала а латтош.

Кхузахь дийцаре до бахархоша и тайпа нах лецарш а, герзан къайленаш карор а, шаьш тIематасадаларш а. Царна махкахь ирделла лаьтта хьал малдала а, аттачу дала а гена ду аьлла хета.ТIеман буьйранчашна а, Iедалехь болучарна а лиича, боху цхьаболучара, махкара ладегIаме хьал сихонца толур дара.

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG