ТIекхочийла долу линкаш

Лаьмнашкахь - тIемаш


Нохчийчоь -- Шуьйтан лаьмнашка йоьду тIеман техника, 2013

Нохчийчоь -- Шуьйтан лаьмнашка йоьду тIеман техника, 2013

Нохчийчохь массех тIематасадалар хилла к[у кΙиранах, официалера болчу хаамашца. Шотойн лаьмнашкахь, Хьорсана гергарчу хьаннашца массех кадыровхо а вуьйш, гонера бевлла гΙаттамхой. Таршхойн лаьмнашкахь а бина агΙонаша тΙом, цхьа эскархо верца а, 3-4 полисхо лазорца а боьрзуш.




Iедал шайн карахь долучара Нохчийчохь чIугьетташ, кхехкаш, кхуьуш ирсе, токхе кхоллараллин дахар гайта гIерташ, харж ца кхоош, каде гIулчаш яхар къайле яц. И тайпа гIулчаш йоьзна ю махкахь сакъерарний, самукъадаккхарний тIера дуьйна дIа Iилманан гулам-конференцеш, тайп-тайпа фестивалаш дIаяхьар биста кхаччалц цхьаьнакхетарш вовшах а тухуш, бIеннашкахь, дуьненан массо маьIIера беза, лераме хьеший листарца.

Iедална муьтIахь болчу хаамийн гIирсаша (ткъа кхиберш, шайггара ала баьхарш кхузахь банне а баац) - телерадионо а, газеташа а - хан, меттиг ца кхоош, дIуьненна а дIаухьу Нохчийчохь заздоккхуш, толуш, чIагIлуш, нийсонан бух тIехь кхоьллина бакъдахар хилар.

Цуьнца цхьаьна, бакъоларъярхоша а, тергамхоша а даре а деш, байлуш бац бахархошна тIебазбеллий лаьтта кхерам, дIаболуш бац "хIинца хIун хуьлу те, тIаккха хIун хуьлу те" бохуш, кIелонна хиича санна лаьтта Iаткъаме ладегIам а.

Кадыровн хьаькамаша дIагойтуш лаьттачу "исбаьхьчу" дахарца бIоста а нислуш, кест-кеста тергалло Нохчийчохь тIематасадаларш а. Ткъа лецарш-м кхузахь могIарера гIуллакх а, дахаран цхьа билгало а хилла лаьтта дуккха а шераш ду.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министараллина къаро яр тIе а дужуш, рогIера тIеман тасадалар нисделла Хьалха-Мартанан кIоштан лаьмнашкахь,Таьнги-Чоьнна юххехь. Дуьххьара гIарабаьккхинчу хаамца, цхьа эскархо вийна, кхаанна чевнаш йина.

ТIемалойн лорах боьлхуш, кIелонна йоьллинчу мини тIе а нисвелла, гаьргаш еттаелла, лазийна кхоъ лазарне кхачийна боху официалан хьостано. Дархой а, вийнарг а Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министараллин куьйга кIел йолчу «Юг» олучу тIеман декъера, нохчийн къомах эскархой бу. Герзаца тохар а дина, хьаннашкахь хьулбелларш муьлш хилла а, царалахь дараш мел хилла а, церан баьчча мила ву а цкъачунна хIуучух тера дац.

Цу кеппара жоьпаш доцу хеттарш а кхуллуш, дIадирзира
Мангал-бутт бовш ШуьйтIан кIоштарчу Хьорсана гергахь ши низамхо вен а вуьйш, 15-16 лаза а веш нисделла тIеман тасадалар а.

Iедалан герзахойн буьйранчаша цхьа хетарехь дина шеконан хьу алсам йолу къамелаш доцурш, хаанза дисира хIетахь а цигахь сел эвхьаза тохар динарш муьлха гIаттамхой хилла а, царалахь вер-ваккхар ду я дац а.

Бакъду цу юкъа дуьззина ши де-буьйса а долале, веллий, висиний бохуш вийцаре вечу Умаров Доккас интернетехула дIакхайкхийна, Сочехь хила дезаш долу олимпан къийсадаларш юкъахдита ницкъ кхочург дерриг а дан деза аьлла. Цо кхеторехь, маьршачу нахана зе-зуламаш деш тIелетарш ма де аьлла, цо 2012 –чу шеран юьххьехь тIемалошка дина буьйр цхьа гIорасизалла санна тидина Оьрсийчоьнан куьйгалхоша.

ЦхьамогIа хаамийн гIирсаша чIагIдарца, Умаровн и дIахьедар бахьанехь ницкъаллин структураша кхин а лакхарчу самонца кхочушдеш ду шайн декхарш. Цу дIахьедарца доьзна цхьаболчу тергамхоша а, оццу интернетех пайдаоьцуш болчара а билгалдоккху, Умаровс шен дIахьедарца Къилбаседа Кавказехь беха кегийчу къаьмнийн векалш хьийзабайта ницкъаллин структурашна совнаха а бахьана даьккхина бохуш.
XS
SM
MD
LG