ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчура бIаьрзе суьдхой


Нохчийчоь -- Невр-кIоштахь лаьтташ ду нохчийн ярташна а, гIаланашна а яккхийн тоьпаш етташ долу Оьрсийчоьнан эскарш, ГIад 8, 1999

Нохчийчоь -- Невр-кIоштахь лаьтташ ду нохчийн ярташна а, гIаланашна а яккхийн тоьпаш етташ долу Оьрсийчоьнан эскарш, ГIад 8, 1999

1999-чу шарахь танкано йоккха топ тоьхна юьхьтIе еза чевнаш йинера ГIойтара Сатуева Лизина. Цул тIаьхьа дуккха а дарбанан хIусамашкахула чекхъялла и зуда. Амма тахана кхел реза ца хилла цунна зе динарш Оьрсийчоьнан эскархой хилар даре дан. Тоьшаллаш тоьаш ца карийна Нохчийчурча суьдхошна.


14 шо ду, ГIойтIера яхархо Сатуева Лиза, ишттачу хьелашкахь лазийна. ХIета дуьйна, шена хилла йолу чов, оьрсийн эскархойн бехкенна аьлча а, церан танкан тIера тоьхна, хилла ю аьлла, бехк Iедалшка тIелацийта гIерташ ю иза. Амма, цуьнан аьтто ца болу.

Масех де хьалха, меттигерачу кхело, сацам бина, оцу къоначу зудчуьнна бIаьрг а боккхуш, хилла йолу чов, оьрсийн эскархойн бехкенна хилар тоьшалш кIезигаду аьлла. Ша оцу зудчо, Маршо Радиога дийцира, ша муьлхачу хьелашкахь лазийна.

Сатуева Лиза: «1999 шарахь, гIура беттан делкъахенахь ГIойтIахь эскархоша чуетташ хилира иза. Танкан тIера исс хIоъ тхан керта кхийтира. Иштта лазийна йохь а ятIош, бIарг а боккхуш хIума хиллера суна. Оцу хенахь дарбан хIусамаш а яцара, ишколе а ядийна, цигахь дIатоьгуш хIума дира суна.

Цул тIаьхьа. Несар-гIала дарбан хIусаме йигира со. Чов дукха кIорга йолун дела, цхьа шо даьлча, Москоха а йигира со. Таханналца схьакхоьхьуш ду хIара. ЦIийца шекар а гучдаьлла суна. Тхан кертара бежанаш а дайира, лулара зуда а йийра, цхьа стаг а, кхин цхьа зуда а йийра».

ШозлогIа тIом болабелчу хенахь, ГIойтIа, машаран асанна юккъе йоьдуш яра. Соьлжа-гIалара дукха мухIажараш бара цигахь гулбелла. Оцу оьвлахь, иштта герз тухура ду аьлла, моьттуш дацара, амма, хиллачуьнна, хIинца тоьшалша гулдеш лелаш ю и зуда.

Сатуева Лиза: «Кхин тIом боьдуш а бацара. Кхерамазаллийн зона аьлла кхайкхиниа яра ГIойтIа. Тхан кертахь а бара мухIажарш. ПаргIата дара тхо. Баккхийберш тIе а ихира царна. Суьйлий контрактникаш олуш берш а, салтиша а, вовшах тоьхнера и герзаш, цхьана хIуманна тIехь дов а даьлла».
Ша лазийначу хенахь, дарбан хIусамашкахь бух айбича а гуш ду, шена и чов эскархоша герз тоьхна хилла юьйла.

Иштта, меттигерачу бахархоша а даре до иза, цул совнах, цу тайпа хилла йолу инцидент, меттигерачу низамхоша а, я прокуратуро а билгаляьккхина хила езаш ю. Амма, талламо а, кхело а, и болх а ца беш, дIахадийна тоьшалша дац аьлла.

Сатуева Лиза: «Кхела а делла лелаш яра со. Кхузарчара, «тоьшалш кIезга ду» боху. Ца хаа, кхин хIун тоьшалш хила деза, йохь тIехь гуш хилча. Кехаташ а , ша дерг ас лелош дерг долуш ду. ХIета дуьйна 1999 шарахь лелош ю со. 1999 шарахь, танкаш тIера царий бен кхин йиттина цхьа а вацара оцу хенахь. Кхел ю аьлла цига тхо дахча, оцу бахьанца сацийна ду сан гIуллакх».

Сатуева Лиза санна, харцоно Iоьвшина кIезга бац Нохчийчохь. Оцу нахана хилла йолу чоьвнаш тIеман бахьнехь хилла аьлла, тIе ца оьцу кхелаша а, Iедалша а. Амма, и зуда, саца дагахь яц, вахь а таьIана. Кху дуьненахь бакъо ялахь, ша иза лохура ю аьлла шеко яц цуьнан.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG