ТIекхочийла долу линкаш

Доьзалан сий лардеш рогIера зуда йийна Нохчийчохь


Нохчийчоь -- Соьлж-ГIалан урам, 01Лахь2011

Нохчийчоь -- Соьлж-ГIалан урам, 01Лахь2011

Кху деношкахь республикан прокуратуро теллина даьлла ТIехьа-Мартан кIоштарчу Закан-юртан вахархочубнан гIуллакх. Иза бехке веш ву стохка аьхка шен йиша йерна. Бинчу къастамашца гучудаьлла цо иза еран бахьана цунна хетарехь иза оьзда лелаш яц аьлла хеташ хилар. Прокуратуро,цу хьокъехь баржийначу хаамехь къаьстина цо, шен йиша дагахь урс а тоьхна йийна хилар. Оцу жимчу стагана тIехь кестолгIа дIайолор йолчу кхелехь прокуратура цунна деха дагахь ю набахтехь даккха 15 шо тохар.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG