ТIекхочийла долу линкаш

Тешнабехк, стаг Iеха а вина, цуьнан чоьтах ваха хаар цхьана а кепара къобал ца дина вайнаха. Амма и тайпа кийтарлонаш гучуюьйлу цхьаццаболчу бахархошкара тахана а. Иштта нах лецар а, царна доггIу таIзар дар а бу юкъарлонан кхетамехь полицин мехала болх. РогIера бозбуанчалла лаьцна Нохчийчохь. 30 миллион соьмана ду цо нахана дина зе.



ХIинца талламан изолятор чохь валлочу жимчу стагана, цьунан бехк кхело тIечIагIбахь, маситта шо набахтехь даккха кхачон мега. Иштта цунна тIедожор ду, гарехь, нахана а, Iедална а цо дина зе меттахIоттор. Оцу стеган цIе ца йоккху талламхоша. Цуьнан 40 шо хилар а, иза Гуьмсан кIоштан вахархо хилар бен кхин информаци луш яц оцу стагах.

Маршо Радиога, нохчийн полицерчу хьостано бинчу хаамца, 100 сов зуда а Iехийна, цаьргара нанойн капиталан сертификаташ а гулдина, царех ахча а схьа а эцна, лелаш хилла иза. Зулам деш коллаелла хилла тоба толлуш бу полисхой.

И тайпа зуламаш лелораш Нохчийочохь бовлу кест-кеста. Хийла стаг чувоьллина а ву, амма атта ахча дезачеран терахь лахлуш дац.

Лайса цIе йолчу зудчуьнан йоIа а ишшта маситта шо хьалха каряхана хилла и санначу зуламхойн. Церан хазачу къамелах Iеха а елла, шегара сертификат дIаделлера цо. Тахана лелаш ю иза а, кхиберш а Iедале аьрзнаш деш, амма Iедалхоша тхов латта бо бозбуанчаллашна, боху Лайсас.

Лайса: «Уьш шаьш лелаш ма бац. Iедалан белхахой бу уьш, банкашца зIе йолуш ду церан мел долу хIума. Полисхой а бу цаьрца. Уьш массо а цхьана бу.

Ханкальски урамехь йолчу цхьана туькан чохь яра и зуда. Кхара, ала а аьлла, дIайигнера и зуда. Сан йоIана гина-кх. Октябрь-кIоштерчу милице, лаьцна болу и зударий чохь а болуш, машен чуйоьдуш. Сахьт хан яьлча, и зуда, охьа а таIийна, шайна а гуш, шайх лачкъийина оцу милицин кертара араяьккхина. Шаьш тIаьхьахаьхкира боху шайн машен. Новкъахь хIорш совца а бина, кхерийна Iедалан белхахоша, машен кхин тIьахьа хехкахь, шаьш къаьхьа де дийр ду аьлла. Уьш цхьаьна ма бу».

Бозбунчалле зуламаш даима а хилла лелаш боху Оьрсийчохь дукха ахча лелачу меттигашкахь. Дохийначу цIеношна луш хиллачу компенсацийн ахчанаш тIехь а, дикка шайна са йоккхура дукхачу наха. Царах цхьаберш-м хIинца лаккхарчу даржашка а бахана. Вукху агIор, юккъараллийн шен бехк а бу и тайпа зуламаш даьржина лелаш хилар. Ахча хилчхьана, Iехийначу оццу юккъаралло лоруш а бу и нах, царех оза а ло.
XS
SM
MD
LG