ТIекхочийла долу линкаш

Вежарий ШапиевгIар: суфи Абубакар, салафийа Мохьмад


Дагестан -- Ацаев СаIид-Апандин муридаш 28Марс2012

Дагестан -- Ацаев СаIид-Апандин муридаш 28Марс2012

Кавказерчу политикан хьелаша эгΙийна вовшашца, хийра нах хьовха, цхьана дех-ненах схьабевлла вежарий а тΙехь. Шатайпа масал карийра Маршо Радиона Дагестанерчу Комсомольское-юьртахь. Шина вешех цхьаъ, вирд а лелош, суфи ву, важа - салафийан гаранах . Амма бусулба динан и ши гара вовшашца гома делахь а, шина вешин барт бу вовшашца. И муха карабойла ду?



Дуьне гара а долуш, цхьа пачхьалкхаш кхечу пачхьалкхех шозза летта вошах кху тΙаьххьарчу бΙешера чохь. Амма дуьненан оцу шина тΙамехьчул дукха делла адам шен исторехь динан бакъонаш къовсуш.

1572 шо. Карл 9-чун зама. Ιедал къовсуш, динан дакъошка бевлла францхой. Хьал долчу доьзалера Бернар де Мержи воьду Париже цигарчу цхьана инарлан гоне хΙотта. Шен да а санна, керста динан хьалхалерчу ламасташна дуьхьал лаьтта гугенот ву Бернар. Ткъа Парижехь веха цуьнан ваша Жорж. Иза католик ву.

Дино декъна адамийн ши дакъа вовшахлетачохь дакъалоцуш ву Бернар а, Жорж а. Шаьшшиъ ши ваша хиларе терра, дино векънехь а, вовшашца уьйрехь ваха гΙерта и шиъ. Амма цхьана дийнахь вежарийн тобанаш вовшахлеташ, духь-дуьхьал латар тΙедужу кху шинна а. Иштта гугенота Бернара ле чов йо католикна Жоржна. Чуьра садолуш нанас винчо боху шена тΙхьийзачу нахе: «Со дуьххьара француз вац вашас вийна. Ца хила тарло тΙаьххьарниг а».

Дуьненна а вевзачу яздархочун Мериме Просперан «Карл УьссалгΙачун паччхьаллин хроника» тептаран цхьана декъан чулацам бу иштта.

Французашлахь цхьана заманахь лаьттина вашас дин бахьанехь ваша воь тΙемаш.

Ткъа Кавказехь иштта тΙом боьдуш а бу, маца кхачалур бу а ца хаьа.

Нохчийчохь кху тΙаьххьарчу 20 шера чохь вуно дукха доьзалш боьхна, гарабевлла динехь иккхина дотΙана бахьанехь. Ιедало а лоьхкуш, шех цΙера гергарнаш а ца кхеташ, хийла къонаха хервелла дех-ненах, йиша-вешех. Доьзалан цхьа дакъа, цхьана эвлаяана вирд а доккхуш, терикъатан некъахь делахь, бисинарш бац вирд доккхуш, я эвлаяаш къобалбеш а.

Ницкъ шайгахьа болчу Къилбаседа Кавказан мехкийн Ιедалан дайша нийса а, лело хьакъдолуш а лору исламан цхьа кеп, ткъа вукхунна дуьхьал кхайкхийна дΙахьош бу тΙом.

Хийла нисделла а, нислучех а ду хΙара сурт. Нохчийн администрацин Кадыров Рамзанан бΙоно, вахΙабхо ву аьлла, вен а вийна, охьакхоьссина ден когашка цуьнан воΙ. Делларг адам а дац, шайтΙа ду, бохуш, къамелаш а дой, дегара дешнаш доху, шен воΙ цуьнга емал войтуш, цуьнан цΙе а, сий а эрчадоккхуьйтуш. ТΙаккха и хьал тΙеяздина видео тосу интернетерчу Ю-Тюб чу.

МогΙара бу и хиламаш.

Тахана къаьсттина ира лаьтта терикъатан некъ лелочуй, оцу некъах бевллачу, шайх салафийа олучуй нахана юкъахь Дагестанехь. Цигахь Кремло, берриг а мохк а Ιадош, эзарнашкахь нах а бойъуш, дΙа ца кхехьна, Нохчийчохь санна, ша «контртеррорран операци» цΙе тоьхна халкъ хΙаллакден тΙом. Цундела дагестанхошларчу салафийан охIланийн мелла а аьтто баьлла, Ιедало шайна мел боккха тΙеΙаткъам бахь а, цхьаццайолчу меттигашкахь дийна биса а, цул совнаха шайн маьждигаш Ιалашдан а.


Кизил-Юьртан кIоштарчу Комсомольское-юьртахь беха ШапиевгΙеран доьзал. Иза а бу вовшашца мостагΙаллехь лаьттачу шина гарано бекъна. Шина вашас, Русланий, Рустамий, бусулбаллехь чΙагΙлуш, хийцина шаьшшиннан цΙерш. Руслан - Мохьмад ву. Рустам - Абубакар. ШолгΙаниг, жимахверг, суфийн некъахь висина, вирд а лелош ву. Ткъа воккхахверг, Руслан-Мохьмад – салафийан гаранах дΙакхетта.

Жимачунна, Абубакарна, аттаха ду ваха а, динан хьашташ кхочуш дан а. Ткъа шолгΙачунна ца битина я Ιедало а, я мехкан муфтиято а оцу тΙехь маьрша некъ. 1999-чу шарахь дуьйна лелаш долчу «ВахΙабизмах а, кхечу динан экстремизмах а долчу низамо» екъна шина вешин ШапиевгΙеранбакъонаш а. Воккхахверг вехка полицин УАЗ муьлххачу сохьтехь а кхача тарло.

Муха нисделла шаьш, вежарий, динехь гарадовлар иштта довзуьйту жимчу вашас.


Абубакар: «Сан ваша цхьана хенахь тхуна юьстах Оьрсийчохь вехаш вара. Гарехь, оцу муьрехь салафийан идеологи буханисвелла-кх иза. Цо ша бахарехь, ерриг а иформаци интернетерчу зуламе сайташ тΙера гулйина цо. Стагна, ша виллина цхьана кхетамехь лелча, хала ду кхечу кхетамах теша. Мухха а, хаийтира-кх цо тхуна, ша динан бух хийцина хилар».

Вежарша чΙагΙдарехь, церан нана суфи ю, вирд лелош а ю иза. Цо даима а кхойкху шен ши воΙ бертахь вахаре вовшашца, марзо юкъара ца яккхаре. Маршо Радиоца къамел динчу Абубакара дуьйцу, ша молланашка а хаьттина, хΙун дан деза ша шен ваша суфи, я халкъалахь ма-аллара, вахΙабхо хилча, аьлла. Цара а хьехна Абубакарна вешех ца къастар, барт цуьнца латтор.

Шайн-шайн доьзалш бу суьйлех волчу шина вешин Мохьмадан а, Абубакаран а. Юкъ-кара вовшахкхетий, вовшех марзо а оьцу вежарша. Амма ши маьждиг ду Комсомольское-юьртахь. Мохьмад – салафийан маьждиге лела. Ткъа Абубакар – суфийн маьждиге.
XS
SM
MD
LG