ТIекхочийла долу линкаш

«Грозный» телеканало сюжет гайтина кхаарийдийнахь мехкан паpламентан спикеро Даудов Мохьмада шен белхан меттиге а ялаяйтина, Давыденко юьртарчу Занзулаева Марете бехкбоккхуш.

Даудовс хоьтту зудчуьнга, хIун бахьана ду юьртахой гулбеллачохь цо полицин белхахошна резайоцуш, уьш емалбеш, къамелдар. Вукхо ша шега ца догIург дийцина олий, къинтIера боху полисхой.

КхидIа Даудовс хаамбо зудчуьнга, цо товш доцу къамел дина, иза Iадатехь а, низамехь а бехказа дуьтуш дац, олий.

Занзулаева Марет жоьпе кхайкхар дозу цо дахначу кIирандийнахь дина къамел видеоца даржарца а, иза Кадыров Рамзанна дIагарца а.

Шоьтан сарахь Давыденко юьрта, Мира урамехь низамза цIенош хIиттийна, дайша 75 эзар соьмашна Iедална ял дIа ца елла и цIенош низаме дохург аьлла, полици еъча, цуьнца къийсабелира цIенош дохадайта ца лууш бахархой. Даьллачу девнехь нахана йиттира, ирх герзаш кхийсира, кхо стаг полице а вигира низамхоша.

Резабоцчу бахархоша шолгIачу дийнахь хIоттийначу гуламехь Занзулаевас дийцира хилларг, полисхошкара яьлла шогалла хьахош, цара 100 шо кхаьчна зуда дIататтар а далхош.

Оршоьтадийнахь Даудов Мохьмад ша а вахара Давыденко юьрта. Шайца цигарчу школехь цо тIех шогга къамелдира, видео яьккхинарг схьавийца бехира, аьлла, хаамбира меттигерчу бахархоша прессехула.

Занзулаева Маретца хилла шолгIа вовшахкхетар ду «Грозный» телеканало кхаарийдийнахь гайтинарг.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG