ТIекхочийла долу линкаш

Дудаев Муса: Сайн ненан бIаьргаш дагабогIу суна даиман а


Дудаев Мусас шен дахарх лаьцна язйинчу книгин мужалт.

Дудаев Мусас шен дахарх лаьцна язйинчу книгин мужалт.

Нохчий къам дохийна цIера доккхуш ша жима хиллехь а, и ирча хан дагайогIуш ву нохчийн вевзаш волу актер Дудаев Муса. Жималлехь шена гинарг а, ша лайнарг а тахана бIаьргашна хьалха лаьтта шена бохуш дийцира цо Маршо радионна ша еллачу интервьюхь.

Оьрсийчохь воьвзучу актеран, нохчийн юккъаралхочуьнна Дудаев Мусаан, дахаран, къаьстина жималлан тIехь, Iамо мегар ду Совета заманарчу нохчийн истори. Буьззина шен бохамца, ерзаза, хIинца а, цIий Iийдалучу, йоманаш летийначу чоьвнех хилла оцу доьвзткъа шаре ваьллачу къаночуьнна жималла. Ненан кийрахь волчу дуьйна болабелла цунна и баланаш.

1937 шарахь, цуьнан да-нохчийн литературийн бухбиллархойх цхьаъ волу Дудаев Iабди дIалаьцна Iедалша. Ткъа, ша Муса, ялх шо кхачанза а волуш, теш хилла къизалца къам цIерадаккхарна. Цуьнан дагалцемашкахь, коьрта меттиг, дIалоцу, ненан бIаьргаш.

Дудаев Муса: «Тхан чолакх яра. Тхан да дIалоцучу хенахь, 1937 шарахь, йиттинера цунна. Со кийрахь а волуш чолакх йинера иза. Чолакх нах а , баккхий нах а, цомгуш нах а, дIа ца бига бойура. Иштта ен хьийзош иза а яра. Салаз тIе ца хоуьйтуш, цIерпоштан тIе тхо далийча, куза хьарча а бина, цуьнах барма а бина, цу тIе хаийнера иза.

Цуьнан кортали тIе тосуш а, дIаяха сихъелла цIерпошт а, дIачIогIуш неIарш а, тхан доьзал араххьий. Тхан нана а йитина тхо тIеховшуш дацара. Тхан воккхох волу ваша ведда вахана, хьакамашкара кехаташ деара. Иштта бакъо а елла чу дитира тхо. И хан дIага йогIу суна. Сайн ненан бIаьргаш а дагабогIу суна даиманна. Со гIаш схьавогIуш, соьга хьоьжуш ненан бIаьргаш дагабогIу суна».

Дудаев Мусаан берийн дуьне цу меттехь дIахаьдда. Новкъахь, баккхий а, кегий а ца хоржаш, хеназа хьалха Iожалла тIееъна гина цунна.
Дудаев Муса: «ЦIерпошти чохь, тхан вашас, буй а тоьхна, цхьа дечиг а кагйина, кор даьккхира тхуна, ара хьажа.

ЦIерпошт станцехь ца саца йора. ГIуллакхан, зударий цхьана агIора, божарий-вукху агIора. Луо дукха дара. Зударша, 3 шо а, 4 шо а долу бераш вагонан кIела хьора. ТIаккха цIерпошт дIайолалора, цу кIелахь мел верг хIаллак хуьлура. «Ва, нана орцах яла, ва Дада орцах вала», бохуш, куьг а, ког а даьккхина маьхьарий хьоькхуш нах дагбогIу суна.

ЦIерпошта дIайоьдура. ТIаккха, кхин хIун хало хила еза? Уьш бисна-кх эрна арахь. Салтийша, тоьпан цхьамзана тIе а дугIий бераш дехьа дIакхуьссура. ТIаьхьа уьдуш, ког а , куьг а даьккхинарш, оцу корехула гина ву-кх со».

Тахана боккха бала бу аьлла хета Дудаев Мусаан, 70 шо хьалха къоманна тIехь хилларг дагалацарехь. ТIекхуьучу чкъурана а, Iедалхошна а, дагахь латта дезара и Iаьржа денош, кхана и бохам хилла аьлла, кегирхошна дицдалийта ца лаьа шена, элира цуо.

Дудаев Муса: «Тахана, телехьожийлехь, кино яьккхина, и сурт гайтича, кегий нах боьлхура бацара теша? Царна дагах кхетара дацара теша? И кийрахь Iеткъаш ма ву со а. Шай дайша ца лайнехь, дендайша, ненадайша иза лайнийла хаа ма деза таханлерачу куьйгалхошна а, даржехь волчу муьлхачу стагана а. Шай чуьра дуккха нах хIаллак хиллийла хаа ма деза царна.

ТIаккха, вай махкахь, цхьанна а агIора и баланаш лайначарна, тхо дукха а ма дац дисина, шу ду-кх, бала алйна-кх аш аьлла, тхо хьостуш цхьа а вац. Тхан кийрахь дегнаш ма ду. Тхайца цхьа жимма ларам хуьлийла лаьара-кх, тхан дог оьцийла лаьара-кх».

Карарчу заманахь, Нохчийчохь, къам цIера дахарх лаьцна дуьйцуш а дац, и хаттар стигалкъекъа беттан 10 де тIекхаччалца айдар а дихкина ду.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG