ТIекхочийла долу линкаш

Соьлж-ГIалара, нохчийн къам дIадохорна леррина болу хIоллам дIабаккха болийна меттигерачу Iедалша. И хIума цара цхьанна а тайпа гIара а ца доккхуш деш ду. Чарташ, кхечу меттехь дIадоьхна, беллачу милцойн хIолламан хьалхахь. Ткъа, цхьаболчу наха аьттехь а тIе ца дуьту хуьлуш дерг.

Цхьа ши кIира хан ю, Iедалша, массийта шарахь гонахь йоккха керта а йина дIакъоьвлина латтийна хилла йолу и мемориал дIаяьккха йолийна. И белхаш беш бу ларамаз бен ца хиъна нахана, Кадырован цIарахчу проспектехь, беллачу милцойн хIолламан хьалхахь чарташ гIишлошъярхоша вахьдехка долийчий. ДIадохоран хIолламан, гонахь 3-4 метар лекха керта ю йина, цундела, нехан тергонера дIадаьллера цуьнана дехьа агIора хуьлуш дерг.

Маца ца хаа, оцу хIолламан юккъахь долу, лаьттара шаьлт буйнахь а долуш, хьалдолуш долу эчках куьг а мича дахна. Иза, массийта тонн хира дара, цундела, иза, я цу меттехь хада а дина дIадаьхьна, я буьйсана нахана ца гучу хенахь, дIа къайладаьккхина кхеташ дац.

Мухха а далахь а, дукхачу нахана халонга даьлла и хIоллам дIабаьккхина аьлла. Ведан кIоштера Хаджимурадов Сулейман, чIогIа цецваьлла Iедалан оцу сацамах.

Хаджимурадов Сулейман: «И хIоллам дIабохочу нахана таIзар дан деза. Уьш сий доцуш нах бу. ГIуллакх дац иза дIабаккха. Иза деш хичла, ойла а йина, баккхийчу нахах дага а доьвла дан дезара. Цкъа йина ю иза, делахъь а, кхиерг йийра яра оха, я кхин гIишло йийра яра, аьлла нахана дагдовла дезара. Юккъаралла гул а йина, дан деза и хIума. ХIара хIума доьрзура долуш дац, хIара Iовдал нах мел бу. Суна-м кIордийна хIара. Кхелехула таIзар дан хIума ма ду иза».

2008 шо тIекхаччалца, и мемориал йиллина лаьтташ яра, чиллан бета 23 дийнахь, цигахь бIеннашкахь нах а гуллора. ДIадохийначу хенахь, шай белларш дагалоцуш а, церан синошна паргIато йоьхуш а, адамаллийн барам харцош и кIоршме зулам динчаьрна Iазап доьхуш а, доIанаш дора цара цигахь. Цхьанна а тайпа Iедална луьйш а, я политикан кхайкхамаш беш а бацара.

Амма, оццу шарахь и хIоллам дIабаккха гIоьртира Соьлжа-гIалийн мэри, ткъа, юккъараллехь гIовгIа яьлча, цунна гонахь лекха керта а хIоттина йитира иза. И мемориал санна, нохчийн къомо лайначу баланна богIуш хIоллам шена ца гина цхьаннахь а боху бакъонашларъярхочо Байсаев Iусама.

Байсаев Iусам: « Суна дукха пачхаьлкхашкахь дукха мемориалаш гина, амма, цулл чIогIа ойла а еш, йогIуш йина, цхьа а юй теша аьлла хетара суна. Шен чулацам а болуш йина а яра иза. Кхин хIума дацахь а, вай дIадохийначу хенахь, цигахь даьхна ца хаийта чуьрташ схьа а даьхна, цхьацца меттигашка, тIайшна буха а, некъаша буха а дIалечкъина долу, доьIанаш а деш дIадоьхна дара цигахь.

Цуьнан чулацам бара: тхо хIаллак дан гIерташ бара, тхо денделла, тхан дайн чуьрташ оха дIадоьхна», боху маIан дара цуьнан. Дукахчу меттехь хилла со, амма, иштта дагах кхеташ ца гина».

70 шо даьллехь а, хIинца а, оцу хиллачу бохаман йисарехь бехачу нохчашна и мемориал дIайоккхуш ю аьлла хезча, царах дукхачаьрна халонга даьлла хиларна шеко яц Байсаев Iусаман. ХIокху шарахь а, хIокху деношкахь а иза дар, ша тайпа туьду цуо.

Байсаев Iусам: «2000 шарахь дуьйна, массо а шарахь аьлча санна, цигахь гуллуш нах хуьлура. ЦкъаццIа-дукха хуьлура, цкъаццIа-кIезга хуьлура. Амма, массо а хенахь хуьлура. Цундела нахана халахетарг ду, уьш вахьтаIора хьам иза деш хилар: хьовсал, шуна хIара хIума лерина хеташ ду, чIогIа дезаш а ду, амма, оха хIара хьошура ду», аьлча санна дина хIума ду иза.

Цхьана хенахь, Нохчийчохь ца везий хуушехь, цкъа а дийцдийра доцийла хуушехь, цуьнан цIе а йоккхуш, бераш кхерош, хууш болчара, Ермолован бюст хIоттийра цара. Кхин тIаьхье йолуш а, я иза турпал хеташ а, Совета Iедал а дацара, паччахьана инарла вара иза, амма, вай нохчашна Iоттар яра иза.

Цу тайпа ду аьлла хета суна, йоха а йина, иза дIаяьккха нахах дIаяьккха ца баьхьана, хIинца къайлахь 70 шо кхоччучу хенахь, хIокху деношкахь цара цигахь деш дерг».

И мемориал дIаяьккхича, Нохчийчохь, кхин цхьанна а тайпа хIоллам бац, нохчий дIабохийна аьлла гойтуш болу. Иза ца хилча, тIаккха, луучеран аьтто бера бу, и бохам ца хилла бохуш дийца, аьлла хета «Казахстанан бераш» аьлла цIе йолчу юккъараллийн цхьанатохараллан куьйгалхочуьнна Айсханов Асланан.

Айсханов Аслан: «Суна цхьа хIума хаа, вай республикехь, вай дохийна аьлла, дуьйцуш кхини цхьа а мемориал яц. Цул дикъерг ян а йина, иза дIайоккхуш хилча, иза-м кхеташ дара. ХIунда аьлча, цигахь долу чуьрташ, вай цIахь беллачу нехан дерш ду. Мухха а далахь, иза йоцург вай яц, ткъа еза-м езара».
Соьлжа-гIалахь и хIоллам дIахIоттийнера 1992 шарахь.

ХIета Дудаев Джохар коьртехь хилчу Iедало, иттанашна юккъера, шаьлт буйнахь а долуш, чарташна юккъера ирах доьду куьг а долуш, и кеп хаьржинера. Йоза а дара цу тIехь гайтаме: «Доьлхура дац! Духура дац! Дицлура дац!». Хьалхара тIом дIабаьлча, тIаххьара дешнаш хийцира: «Дицлура дац» бохучуьнна меттана «Дуьтура дац!» яздира.

ХIинца, оцу мемориалах лаьцна, иза дIахьош ю кхечу метте, я иза дIайоккхуш ю аьлла, Iедалан агIор цхьанна даржхочо хIума аьлла дац. Цхьаболчу наха, нохчийн дIабуохош дIаяхьана йолу «Чечевица» операци хIицна а ерзаза ю боху махкахь.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG